bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 27
1 Samuel 27
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 28 →
1
Дауда, ойла а йина, шен дагахь элира: «Мацца а со Шаулан каравахале, суна уггар а тоьлушха дерг пӀелаштамхойн лаьтта тӀе ведда дӀавахар ду. ТӀаккха Шаул со лоьхуш Исраилан махкахула суна тӀаьхьаваьлла лелачуьра соцур ву, ткъа со цуьнан куьйга кӀелхьара дӀавер ву».
2
Хьала а гӀаьттина, Дауд, шеца волу ялх бӀе стаг а эцна, Гати-гӀалахь паччахь волу МаӀухин кӀант Ахаш волчу вахара.
3
Иза шеца болчаьрца Ахаш волчу Гати-гӀалахь ваха хиира, хӀора стаг а шен-шен доьзалца. Даудаца цхьаьна цуьнан ши зуда а яра — израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, хьалха Набалехь хилла йолу кармалхо АбигӀал а.
4
Шауле, Дауд Гати-гӀала ведда дӀавахана аьлла, хабар дӀакхечира, тӀаккха иза Дауд лоьхучуьра сецира.
5
Дауда Ахаше элира: «Хьо суна реза велахь, суна ахьа цхьана жимачу гӀалахь меттиг билгалъяьккхича, со цигахь Ӏийр вара. Хьан лай хӀунда Ӏан веза хьоьца нийсса паччахь Ӏачу гӀалахь?»
6
Ахаша цунна ЦакхелагӀ олуш йолу гӀала елира. Цундела ЦакхелагӀ таханлера де тӀекхаччалц а яхӀудхойн паччахьийн карахь йисина.
7
Цхьа шой, биъ буттий баьккхира Дауда пӀелаштамхойн махкахь.
8
Дауд, шеца болчаьрца ара а волий, гешурхошний, гирзахошний, Ӏамалекхахошний тӀелеташ хилла. (И халкъаш дукха заманара дуьйна Шур-гӀалина а, ур-атталла Мисар-махкана а тӀекхаччалц дехаш хилла.)
9
Церан бахам (уьстагӀий а, стерчий а, варраш а, эмкалш а, тӀеюху бедарш а) схьа а боккхий, Дауда я стаг а, я зуда а дийна дуьтуш ца хилла. ТӀаккха иза Ахаш волчу схьавогӀуш хилла.
10
Ахаша хоттура Дауде: «ХӀинца хьанна тӀелеттера шу?» Дауда жоп лора: «НегӀаб арахь болчу ЯхӀуд-махкана», я цо жоп лора: «Яьссачу арахь болчу ярахьмиалхошна», я: «Яьссачу арахь Ӏаш болчу кхенахошна».
11
Дауда я стаг а, я зуда а дийна ца дуьтура. Цо уьш Гати-гӀала схьа а ца балабора. Дауда ойла йора: «Цара, вайна мотт тухуш, ала мега: „ХӀара зулам Дауда дира“, — аьлла. Дауда ша пӀелаштамхойн лаьттахь мел яьккхина йолу хан иштта лелаш яьккхира».
12
ТӀаккха Ахаш Даудах тийшира. Шен дагахь цо бохура: «Иза шен Исраилан халкъана бӀаьрга ван ца веза. И бахьана долуш иза, схьахетарехь, гуттаренна а сан ялхо хир ву».
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 28 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31