bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 13
1 Samuel 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 14 →
1
Цхьана шарахь паччахьалла дӀакхехьна Шаула. Исраилан паччахь ша волу шолгӀа шо дузучу хенахь,
2
цо кхо эзар исраилхо шена дӀахаьржина. Ши эзар стаг Шаулаца Бетал-ломана уллорачу Михмасехь вара, цхьа эзар стаг ЯхӀунатица Бен-Яманарчу ГибаӀ-гӀалахь вара, ткъа кхин болу нах Шаула шайн-шайн цӀа бахийтинера.
3
ЯхӀунатас ГибаӀ-гӀалахь гӀаролехь лаьтташ хилла йолу пӀелаштамхойн эскархойн тоба эшийна хилла. И хӀума пӀелаштамхошна дӀахиъна. Ткъа Шаула, уьстагӀан маӀа а локхуьйтуш, дӀакхайкхадайтина: «Ӏебархошна хезийла!» — аьлла.
4
Исраилан халкъана Шаула пӀелаштамхойн эскаран тоба эшийнийла а, Исраилан мохк церан луьра мостагӀа хилла дӀахӀоьттинийла а хиъча, халкъ Шаул волчу Галгал-гӀала схьагулделира.
5
Ткъа пӀелаштамхой исраилхошна дуьхьал тӀом бан кечбелира. Ткъе итт эзар гӀудалкх, ялх эзар говрахь волу тӀемало, кхин а дуккха а адам кечдира цара. ХӀордан йистера гӀум санна, дукха бара уьш. Схьа а баьхкина, Байт-Аванна малхбалехьа лаьтташ йолчу Михмасехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
6
Исраилхой кхийтира шайн гӀуллакх чӀогӀа кхераме дуйла. Уьш, гуро лаьцча санна, Ӏаш бара. Цундела уьш хьехашна, чӀажашна, саьнгаршна чохь а, лаьмнашкарчу терхашна юккъехь а, гӀунаш чохь а дӀалечкъира.
7
Цхьаболу Ӏебархой, Йордан-хил дехьа а бевлла, ГалӀадан а, Гадин а долахь хиллачу мехкашка дӀабахара. Шаул цу хенахь а Галгалахь вара. Цуьнца цхьаьна долу адам, чӀогӀа кхераделла, доьхна дара.
8
Шамъала шега ма-аллара, ворхӀ дийнахь Галгалахь цуьнга хьоьжуш Ӏийра иза. Амма Шамъал, схьа ца вогӀуш, хьевеллера. Цундела адамаш дӀасаэха дуьйладелира.
9
Шаула элира: «Схьадаладе суна дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀина леринарг». Цо цигахь Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагӀа даьккхира.
10
Амма иза и гӀуллакх дина ваьлла жимма хан ялале, Шамъал схьакхечира. Маршалла хатта цунна дуьхьалвахара Шаул.
11
Шамъала цуьнга хаьттира: «И хӀун ду ахьа динарг?» Шаула жоп делира: «Суна гира со волчуьра нах дӀауьдуш. Ткъа хьо, айхьа йиллинчу хенахь схьа ца вогӀуш, хьевеллера. ПӀелаштамхой Михмасехь, схьакхаьчна, лаьтташ бу.
12
ТӀаккха аса ойла йира: „ПӀелаштамхой Галгала тӀамца чубогӀур бу, ткъа со хӀинца а Деле орца даккхаза ву“. Цундела аса дийнаташ дагоран сагӀа даьккхира».
13
ТӀаккха Шамъала Шауле элира: «Ахьа иза чӀогӀа вон дина. Ахьа хьайн Везачу Дала хьайна тӀедиллинарг кхочуш ца дина. Иза хьоьгара ца даьллехь, Исраилан махкахь хьан паччахьалла Дала массо а ханна чӀагӀдийр дара,
14
амма хӀинца хьан паччахьалла лаьттар дац. Везачу Элана хьан метта Шен даго къобалвеш волу стаг карор ву, иза Цо Шен халкъана тӀехь баьчча вина дӀа а хӀоттор ву, хӀунда аьлча ахьа Везачу Эло хьайна тӀедиллинарг кхочуш ца дина».
15
Шамъал, хьала а гӀаьттина, шен новкъахула дӀавахара. ТӀаьхьабисинарш Шаул шен эскар долчу дӀавоьдучу хенахь цуьнца Галгалара Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала дӀабахара, ткъа Шаула шеца бисина болу нах багарбира. Уьш ялх бӀе стаг ца кхоччуш вара.
16
Шаул шен кӀантаца ЯхӀунатица а, шаьшшинца бисина болчу нахаца а Бен-Яманан ГебаӀ-гӀалахь сецира, ткъа пӀелаштамхой шайн меттамотт лаьттачу Михмасехь бара.
17
Цигара пӀелаштамхойн эскаран кхо тоба араелира Исраилан мохк, басса а бина, хӀаллакбан. Царах цхьа тоба ШуӀал-аренна уллохь йолчу Ӏапру боьдучу новкъахула дӀаяхара,
18
ткъа важа тоба Байт-Хьороне боьдучу новкъа елира, ткъа кхоалгӀаниг яьссачу арехьа йолчу ЦебаӀим-аренан дозане боьдучу новкъахула дӀаяхара.
19
Берриге а Исраилан махкахь цхьа а аьчк-пхьар вацара, хӀунда аьлча пӀелаштамхой кхоьрура цара, и говзалла кара а ерзийна шайна тарраш а, гоьмукъаш а кечдарна.
20
Цундела массо а исраилхо пӀелаштамхой болчу эха дезаш хуьлура шайн хьонхалш а, белаш а, дагарш а, маьрсаш а ирдан.
21
ПӀелаштамхойн аьчк-пхьераша цхьа жима дато ахча доккхура хьонхалш а, белаш а ирйийриг. Цул жимма сов дато ахча доккхура дагаран иралла артъелча, я вед тоян езча.
22
Цундела Шаулаций, ЯхӀунатиций долчу халкъехь я тарраш а, я гоьмукъаш а дацара. Уьш Шаулехь шегахь а, цуьнан кӀантехь ЯхӀунатехь бен дацара.
23
ПӀелаштамхойн хьалхара тоба Михмасерачу лаьмнел дехьадовларе дӀаяхара.
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31