bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 30
1 Samuel 30
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 31 →
1
КхозлагӀчу дийнахь Дауд а, цуьнан накъостий а схьабаьхкира ЦакхелагӀ-гӀала. Ткъа Ӏамалекхахоша, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахь йолчу ЦакхелагӀана тӀе а летта, гӀала ягийнера.
2
Зударий а, цигахь шайна мел карийна волу жима а, воккха а стаг, вен а ца вуьйш, йийсаре дӀавигнера.
3
Дауд а, цуьнца хилларш а гӀала схьакхаьчча, царна гира цӀарца ягийна Ӏуьллуш йолу гӀала, ткъа кхеран зударий а, кӀентий а, йоӀарий а йийсаре дӀабигнера.
4
ЧӀогӀа белха буьйлабелира Дауд а, цуьнца хилларш а. Кхин белха шаьш де доцуш биссалц, билхира уьш.
5
Йийсаре дӀайигнера Даудан ший а зуда: израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, Набалехь хилла йолу кармалхо АбигӀал а.
6
Шайна тӀекхаьчна долу вон ла ца луш, шайн кӀентий а, йоӀарий а дӀабигна карийна, доьхна хьийзаш долу адам Даудана тӀе тӀулгаш детта гӀерташ дара. И хӀума бахьана долуш чӀогӀа воьхнера Дауд а, амма иза, шен Везачу Делера дегайовхо а карийна, чӀагӀвелира.
7
Цо динан да волчу Ахьи-Маликан кӀанте Абу-ЯтӀарига элира: «Схьая кхуза еза ийпад». Абу-ЯтӀарис Даудана тӀе иза схьаеара.
8
Везачу Эле Дауда хаттар дира: «ТӀаьхьаваха везий со цу мостагӀийн цӀазана? ТӀаьхьакхуьур вуй со царна?» Цуьнга жоп кхечира: «ТӀаьхьавала. ТӀекхочур ву хьо, уьш схьа а бахалур бу хьоьга».
9
Шеца ялх бӀе стаг а волуш, Дауд новкъа велира. Уьш Бачор олуш йолу хин Ӏовраш йолчу кхечира. КӀадбелларш цигахь севцира.
10
Виъ бӀе стаг цхьаьна а волуш, Дауд, цигахь ца соцуш, дӀавахара. Ткъа важа ши бӀе стаг, шаьш чӀогӀа кӀадбелла хилар бахьана долуш, Бачоран Ӏоврел дехьа а ца валавелла, цигахь сецира.
11
Царна аренгахь цхьа мисархо карийра. Иза Дауд волчу схьа а валийна, цунна яа хӀума а, хи а делира цара.
12
Цара мисархочунна Ӏаьвдина инжирийн цхьа курс а, кишмийн ши курс а елира. Уьш дӀадиъча, цуьнан ницкъ юхабирзира. Цу стага даа хӀума дааза а, хи малаза а кхо дей-буьйсий дара.
13
Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо хьенан ву, мичара вогӀуш ву?» Цо жоп делира: «Со мисархо ву, цхьана Ӏамалекхахочун лай а ву. Цо со дӀатесна, кхо де хьалха со цомгуш хилла дела.
14
Тхо кератхойн а, ЯхӀудан тайпанан а, Килабан гаранан а НегӀабахь болчу мехкашна тӀегӀоьртинера, ткъа ЦакхелагӀ оха цӀарца ягийра».
15
Дауда цуьнга элира: «ДӀавуьгур вуй ахьа со мостагӀийн цӀоз долчу?» Цо элира: «Делах дуй баа суна, ахьа со вуьйр вац аьлла а, со сан олахочун кара дӀалур вац аьлла а. ТӀаккха аса хьо мостагӀийн цӀазана тӀе вуьгур ву».
16
Цо уьш цига дӀабигира. Ӏамалекхахой цу меттигехула дӀаса а баьржина, дууш, молуш бара, пӀелаштамхойн махкара а, ЯхӀуд-махкара а шайна караеана йолчу йоккхачу хӀонсах баккхий а беш.
17
ШолгӀачу дийнахь Дауд тӀелетира царна. Ӏуьйранна дуьйна царна тӀеетта волавелла иза суьйренга велира. Цхьа а кӀелхьара ца велира, эмкалшна тӀе а хиъна, ведда дӀавахана волу виъ бӀе жима стаг воцург.
18
Цара дӀа мел даьхьна долу рицкъа а схьадаьккхира Дауда, шен ши зуда а йийсарера мукъаяьккхира цо.
19
Церан цхьа а я жиманиг а, я воккханиг а ца вайра. Массо кӀант а, йоӀ а, дуьненан рицкъа а юхадерзийра Дауда, Ӏамалекхахоша дӀадаьхьна долу.
20
Дауда массо а жима а, доккха а даьхни схьадаьккхира, ткъа цуьнан накъосташа, шайна хьалха а даьхна, дӀадигира уьш. Наха бохура: «ХӀара Даудан хӀонс ю».
21
Шаьш Бачор олуш йолу хин Ӏовраш йолчохь, гӀел а велла, витина волу ши бӀе стаг волчу схьакхечира уьш. Даудана а, цуьнца хиллачарна а дуьхьал арабевлира уьш. ТӀе а вахана, Дауда цаьрга маршалла хаьттира.
22
ТӀаккха кхуьнца хилла болчу вон дог долуш болчу наха элира: «Уьш вайца ца баьхкира. Цундела вай царна хӀумма а лур яц. ХӀора стаг, шен зуда а, бераш а дӀа а эций, дӀагӀо».
23
Амма Дауда элира: «Иза ма дахьара аша, сан вежарий. Везачу Эло вайна хӀара хӀума делла, вайна дуьхьалдаьлла долу мостагӀийн цӀоз вайн кара схьа а делла, вай кӀелхьардаьхна.
24
Цу тӀехь шуна мила тӀетовр ву? ТӀамтӀе баханчарна санна, дакъа догӀу тӀеман гӀирс ларбеш Ӏийначарна а: хӀума массарна а юкъахь декъа деза».
25
Цу хенахь дуьйна Исраилан махкахь Дауда, цу тайпана нийсо хила еза аьлла, дӀахӀоттийра. Иза хӀара де тӀекхаччалц схьадогӀуш а ду.
26
Дауд ЦакхелагӀа юхавеара. Ша тӀамехь схьадаьккхинчух дакъа дахьийтира цо ЯхӀуд-махкарчу къаной болчу доттагӀашна. Цо элира: «ХӀара ду шуна Везачу Элан мостагӀашкара схьадаьккхинчух долу совгӀат».
27
Цунах дакъа Бетал-гӀалахь болчаьрга а, НегӀабан Рамате а, Итар-гӀала а,
28
ӀаруӀера а, Чапмут-гӀала а, ЭштамуӀа а,
29
Рахал-гӀала а, ярахьмиалхойн а, кхенахойн а гӀаланашка а,
30
Хьорме а, Бор-Ӏашуна а, Ӏатах-гӀала а,
31
Хьевроне а, иштта ша а, шен накъостий а леллачу массо а меттигашка дахьийтира.
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 31 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31