bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 4
1 Samuel 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 5 →
1
ТӀаккха Шамъал массо а исраилхошка наггахь вистхуьлура. Цу заманчохь исраилхой пӀелаштамхошна дуьхьал тӀом бан арабевлла хилла. Исраилхойн меттамотт Абани-Ӏазарна генахь боццуш лаьтташ хилла, ткъа пӀелаштамхой Апакх олучу гӀалина уллохь севцина.
2
Исраилхошна дуьхьал лата дӀахӀиттинера пӀелаштамхой. Уьш вовшахлетира. ПӀелаштамхоша исраилхой эшийра. Цигахь виъ эзар стаг вуьйжира исраилхошна юкъара.
3
Адам шайн меттаматте юхадеара. Исраилхойн къаноша элира: «Везачу Эло хӀунда белла техьа пӀелаштамхошка вай эшадан ницкъ? Вай Шилунера Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ схьаэца деза. Иза вайца хир ду, цо вай мостагӀийн куьйгех кӀелхьара а дохур ду».
4
Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тӀехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тӀорказ схьадаийтира. ТӀорказан негӀар тӀехь Ӏаш дашо деза ши малик дара. Царна тӀехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тӀорказна уллохь Ӏелин ши кӀант вара, Хьапний, Пайнехьассий.
5
Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ шаьш долчу схьакхаьчча, исраилхоша йоккха гӀовгӀа яьккхира, дерриг латта а дегош.
6
И баккхийберан мохь шайна хезча, пӀелаштамхоша элира: «Ӏебархойн агӀонехь ма чӀогӀа маьхьарий хьоькху. И хӀун ду техьа?» Царна хиира Везачу Элан тӀорказ исраилхойн меттаматте схьакхаьчнийла.
7
ПӀелаштамхой кхерабелира. Цара элира: «Церан Дела веана уьш болчу. Вайгахь боккха бала бу! Иштта долу хӀума хьалха цкъа а ца хилла!
8
Бала бу вайгахь! Хьан дохур ду вай цу ницкъ болчу деланийн карара? Цу деланаша, таӀзарш деш, мисархой хӀаллакбина яьссачу аренгахь.
9
ЧӀагӀ а лой, майра хила, пӀелаштамхой! Вайна карабаьхкина болу Ӏебархой санна, церан кара а дахана, церан леш хилла ца латтархьама. Доьналла долуш хила, цаьрца лата кийча хила!»
10
Уьш чӀогӀа летира, исраилхой эша а беш. ХӀора дийна висина волу исраилхо, ведда, шен цӀа вахара. Исраилхой чӀогӀа эшийра цу тӀамехь, ткъе итт эзар гӀашло вен а вуьш.
11
Делан тӀорказ пӀелаштамхойн карадахара, ткъа Ӏелин ши кӀант, Хьапний, Пайнехьассий, велира.
12
Оццу дийнахь цхьа бен-яманхо, тӀом болчуьра ведда, Шилуне кхечира. Цунна тӀера бедарш этӀийна яра, коьрта тӀехь чан яра.
13
Ӏела гӀали чу воьдучохь лаьтташ долчу кевнан неӀарехь хиъна Ӏаш вара, хьоьжуш. Цуьнан дог, Делан тӀорказах хӀун хилла ца хууш, лозуш дара. Веанчу цу стага тӀамехь долу хьал дийцича, массо а стаг велха дӀахӀоьттира.
14
Шена и белхар хезча, Ӏелас хаьттира: «И хӀун гӀовгӀа ю?» Цу стага, тӀе а веана, шадерг а дӀадийцира.
15
Цу хенахь Ӏелин дезткъе берхӀитта шо дара. Цуьнан бӀаьргаш, са ца гуш, кхоьлина дара.
16
Цу стага цуьнга элира: «Со меттаматтера схьавеана. Тахана тӀом болчуьра ведда со». Ӏелас цуьнга хаьттира: «ХӀун хилла цигахь, жима къонах?»
17
Хаамчас жоп делира: «Исраилхой пӀелаштамхойх бевдда. Вай цара эшийна. Хьан ший а кӀант велла. Делан тӀорказ мостагӀийн карахь ду».
18
Цо Делан тӀорказ хьахошшехь, Ӏела ша Ӏаш волчу гӀанта тӀера аркъал охьавуьйжира. Вортанан даьӀахк каг а елла, иза велира. Цуьнан кхалхар иштта сиха хилира, иза чӀогӀа къена а, дегӀана веза а волу дела. Иза шовзткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла Ӏийна ву.
19
Ӏелин нус, Пайнехьасан зуда, кестта бер дан дезаш яра. Делан тӀорказ пӀелаштамхойн карадахнийла а, шен мардай, майрий веллийла а хиъча, иза ца лайна, зуда берах хьовзийра. Дукха хан ялале, цо бер дира.
20
Иза лечу хенахь, цунна тӀехь лаьтташ болчу зударша элира: «Ма кхера. Ахьа кӀант вина». Амма иза схьахьожуш а, йистхуьлуш а яцара.
21
«Везачу Элан сий Исраил-махкара дӀадаьлла», — аьлла, цо шен кӀентан цӀе Ихвади тиллира (иза «сий доцург» бохург ду). Делан тӀорказ мостагӀийн карадахана дела, шен мардай, майрий велла дела, тиллина цо и цӀе кӀантана.
22
Цо элира: «Исраилан махко Везачу Элан сий дайина, Делан тӀорказ мостагӀийн карадахана дела».
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31