bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 6
1 Samuel 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 7 →
1
ВорхӀ баттахь латтийна пӀелаштамхоша Везачу Элан тӀорказ шаьш долчохь.
2
Динан дай а, эвлаяаш а схьа а гулбина, цара элира: «ХӀун до вай Везачу Элан дезачу тӀорказна? ХӀара шен махка дӀа муха дахьийта деза дийцийша тхуна!»
3
Вукхара элира: «Шаьш Исраилан халкъан Делан тӀорказ дӀадахьийта гӀерташ делахь, иза ша ма-дарра дӀа ма дахьийта: аша сагӀа даккха деза шайн бехк такхархьама. ТӀаккха хуур ду шуна, Цо шайна таӀзар хӀунда дина».
4
Цара хаьттира: «Оха тхайн бехк токхуш сагӀа даккхар муха хила деза?» Вукхара жоп делира: «Кхузахь волчу пхеа пӀелаштамхойн пхеа куьйгалхочун цӀарах пхиъ, дегӀа тӀехь яьлларг санна, дашо хӀума а, пхи дашо дахка а бан беза, хӀунда аьлча шуна дина долу таӀзар шуна а, шун куьйгалхошна а кхочу.
5
ДегӀана тӀе яьлла йолу пхи дашо хӀумий, шайн латта дассош болу пхи дашо дахкий шаьш бина девлча, Исраилан Далла хастам бе. Цо Шен деза куьг шуна тӀера а, шун делашна тӀера а, шун лаьтта тӀера а дӀадаккха мега шуна.
6
Шайн дог хӀунда чӀагӀдо аша, мисархоший, пирӀуной санна. Дала шайна таӀзар диначул тӀаьхьа бен ца делла цара исраилхошна Мисар-махкара дӀадаха пурба.
7
Керла ворда а яй, хӀинцца бехкина болу, цкъа а дӀабоьжна боцу ши етт цу ворданах дӀабожа, ткъа церан эсий цӀа дига.
8
Везачу Элан тӀорказ цу ворданна тӀе хӀоттаде, ткъа Далла хьалха шайн бехк такхархьама сагӀина кечйина йолу дашо хӀуманаш цхьана гӀутакх чу агӀонгахь охьа а яхкий, ворда дӀа а хеций, дӀаяхийта.
9
Хьожуш хилалаш, нагахь санна и ворда, кхин цхьанхьа дӀа-схьа ца хьаьвзаш, Исраил-махкахь йолчу Байт-Шамаше дӀайодахь, и боккха бохам вайна Везачу Эло хилийтина бу. Амма и ши етт цига ца бодахь, вайна хуур ду, Цуьнан куьйгахула вайна и таӀзар ца хиллийла а, иза ларамаза хилла хилар а».
10
Цара иштта дира: хӀинцца бехкина болу ши етт ворданах дӀа а боьжна, церан эсий цӀахь дитира.
11
Цу ворданна тӀе Везачу Элан тӀорказ а хӀоттийна, дашо хӀуманаш а, дашо дехкий а чохь долу гӀутакх цу тӀе хӀоттийра.
12
Ши етт нийсса Байт-Шамаше боьдучу новкъа дӀабахара. Ӏеха а Ӏоьхуш, цхьанхьа дӀа-схьа а ца хьаьвзаш, дӀабоьдуш хилла ши етт. Ткъа пӀелаштамхойн куьйгалхой, цу ворданна тӀаьхьа а хӀиттина, Байт-Шамаше кхаччалц дӀабахара.
13
Цу хенахь Байт-Шамашера бахархой тогӀи чохь Ӏуьллучу аренгахь кӀа хьокхуш бара. ДӀахьаьжча, царна гира Везачу Элан деза тӀорказ. Шайна и гича, чӀогӀа хазахийтира царна.
14
И ворда байт-шамашхо волчу ЮшаӀан аренгахь боккхачу тӀулгана уллохь сецира. Байт-Шамашерачу бахархоша, и ворда йоха а йина, цунах дечиг даьккхира. ТӀаккха, и ши етт цӀарца бага а беш, Везачу Элана лерина долу сагӀа даьккхира.
15
Иза шаьш дале хьалха Леви цӀе йолчу тайпанан наха Везачу Элан тӀорказ а, дашо суьрташ чохь долу гӀутакх а вордана тӀера охьа а даьккхина, боккхачу тӀулга тӀе охьахӀоттийнера. Байт-Шамашерачу бахархоша цу дийнахь Везачу Элана лерина долу дагоран а, кхидолу а сагӀанаш дехира.
16
ПӀелаштамхойн пхеа куьйгалхочунна и мел дерг а гира. Оццу дийнахь Ӏекхран-гӀала юхабирзира уьш.
17
ПӀелаштамхоша шайн Далла хьалха болу бехк токхуьйтуш сагӀина даийтина долу суьрташ дара: цхьаъ — Ашдод-гӀалин цӀарах, важа — Ӏази-гӀалин цӀарах, важа цхьаъ — Ашкхилун-гӀалин цӀарах, кхин цхьаъ — Гати-гӀалин цӀарах, ткъа кхин цхьаъ — Ӏекхран-гӀалин цӀарах.
18
Ткъа дашо дехкий хӀора пӀелаштамхойн гӀалин куьйгалхочун цӀарах хилла ца Ӏаш, хӀора чӀагӀйинчу гӀалин цӀарах а, дӀайиллина лаьттачу яртийн а цӀарах дара. Везачу Элан деза тӀорказ тӀехӀоттийна хилла болу тӀулг хӀинца а байт-шамашхо волчу ЮшаӀан аренгахь Ӏуьллуш бу, цигахь хиллачунна тоьшалла а деш.
19
Байт-Шамашерачу бахархошна Дала чӀогӀа таӀзар дира, уьш Везачу Элан дезачу тӀорказ чу хьаьжна аьлла. Цо кхузткъе итт стаг вийна хилла и бахьана долуш. Цу тайпана чӀогӀа таӀзар Везачу Эло шайна дича, адам дилхира.
20
Байт-Шамашерачу бахархоша элира: «Везачу Элана хьалха латта мила хьакъ ву? Иза Сийлахь Дела ма ву! Вай долчуьра хьанна тӀе хьур ду Везачу Элан деза тӀорказ?»
21
Кхиръят-ЯӀарим цӀе йолчу гӀала бахийтина цара шайн геланчаш хабар эцна: «ПӀелаштамхоша Везачу Элан тӀорказ юхадаийтина. Схьа а дуьйлий, иза шайга дӀахьо», — аьлла.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31