bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 2
1 Samuel 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 3 →
1
Ша доӀа деш Хьаната элира: «Сан дог Везачу Элах доккхаде! Везачу Эло Шен ницкъаца соьца болу ларам лакхабаьккхина! Ахьа со кӀелхьаръяккхарх йоккхаеш, со сайн мостагӀех йоьлу.
2
Везачу Элал веза цхьа а вац, Хьох тераниг дуьнен чохь а вац! Чхаро санна, адам Ӏалашдеш тхан Дела воцург цхьа а вац.
3
Деза детташ, къамелаш ма де, ма ала кӀоршаме дешнаш! Веза Эла массо а хӀума гуш ву. Нехан массо а гӀуллакхашна нийсонца тӀе а хьожу.
4
Ницкъболчеран секхаӀад кагло! ЭгӀаза верг ницкъ болуш хуьлу.
5
Буьзна хилларш, леш санна, къахьоьгуш бу, меца лелларш, буьзна, садоӀуш бу. Бер ца хуьлуш йолчо ворхӀазза бер до, ткъа дукха кӀентий болуш хилларг синца эшна ю.
6
Везачу Эло вен а воь, чу са а кхуллу, стаг Ӏожалле дӀа а хьажаво, веллачуьра ден а во.
7
Везачу Эло цхьаьнга къелла кховдайо, вукхуьнга хьал ло, цхьаннан цӀе йожайо, вукхуьнан хьала а йоккху.
8
Везачу Эло къен верг чена юккъера хьалаайаво, овкъарш юккъера мисканиг схьавоккху. Иза хьалдолчаьрца нийсса дӀахӀоттаво, цаьрга паччахьаллин сийнна шерет дойту. Дуьненан бух Везачу Элан ма бу, цу тӀехь Латта ДӀахӀоттийнарг а Иза ву.
9
Везачу Эло шен нехан лар Ӏалашйо, хьарамалла лелорш хӀаллакбо, уьш боданехь къайла а бохуш. Церан ницкъ хиларх пайда бац, и ницкъ цаьргара шайгара бен бацахь.
10
Шена дуьхьалваьлларг Везачу Эло дуьнен чуьра войу, стигалара схьа царна оьгӀазло а еш. Делан кхел дуьненан массо а маьӀӀе кхочур ю. Ша хаьржинчу паччахье Цо олалла а лур ду, Ша къобалвинчуьнца болу ларам лакха а боккхур бу».
11
Элкхан доьзалца Раме юхавирзира, ткъа Шамъал динан да волчу Ӏелина уллохь Везачу Элана гӀуллакх деш Ӏийра.
12
Ӏелин кӀентий чӀогӀа вон нах хилла. Цара Веза Эла къобал а ца вора,
13
я динан дайша нахаца лелон езаш йолу юкъаметтиг а ца хаьара царна. Цхьаммо, сагӀа а даьккхина, жижиг кхехкочу хенахь, динан ден жима гӀоьнча, шен кхо маӀа йолу мӀара а бахьаш схьа а вогӀий,
14
яй чу, я ялгӀу чу, я кеда чу иза а Ӏуттий, цу чуьра тӀейогӀаелларг схьа а оьций, дӀавоьдура. Иштта «гӀиллакх» хӀоттадора цара массо а Шилуне вогӀуш волчу исраилхочуьнца.
15
Везачу Элана лерина долу махьаран даьтта дагадале, динан ден жимачу гӀоьнчас, схьа а вогӀий, цӀий доккхуш волчуьнга олура: «Динан дена кхарза жижиг ло. Цо хьоьгара кхехкийна жижиг схьаоьцур дац, соьга буьйданиг ло».
16
Нагахь санна цхьаммо шега: «Цкъа собар де махьаран даьтта дагийна даллалц, цул тӀаьхьа хьур ду ахьа хьайн даго ма-бохху жижиг» — аьлча, цо олура: «ХӀинца схьало. Ахьа ца лахь, аса нуьцкъала схьадоккхур ду хьоьгара иза».
17
Цу кегийчу наха Везачу Элана хьалха чӀогӀа доккха къа латийнера, хӀунда аьлча цара шаьшшиъ Везачу Элана сагӀа даккхарх ца вешийла гойтура.
18
Шамъала Шилунехь ша Везачу Элана гӀуллакх деш волчу хенахь, динан дайша лелон езаш йолу ийпад цӀе йолу бедарш тӀеюхура.
19
Леррина тӀехула йоьхна лелош йолу бедарш цунна шен нанас, тега а тоьгий, хӀора шарахь яхьаш хилла, иза шен майрачуьнца сагӀа даккха йогӀуш.
20
Ӏелас, Элкханний, цуьнан зудий декъал а деш, олура: «Везачу Эло кхин а бераш лойла шуьшинна хӀокху аша Везачу Элана дӀавеллачу кӀантана дуьхьал». И шиъ шайн цӀа доьдура.
21
Веза Эла Хьанатана тӀехьаьжна хилла: цо кхин а кхо кӀант а, ши йоӀ а йина. Ткъа церан кӀант Шамъал Везачу Элана уллохь воккха хуьлуш хилла.
22
Ӏела чӀогӀа къена вара. Цунна хезаш дара шен кӀенташа массо а исраилхошка хӀоттош дерг а, уьш Везачу Элан деза четар лаьттачу кертахь гӀуллакх деш болчу зударшца лела бохуш дерг а.
23
Цо цаьрга элира: «ХӀунда лелабо аша и болх? Массо а нахера суна шух лаьцна вониг хеза.
24
Сан бераш, суна шух лаьцна хезаш дерг вон хабар ду. Везачу Элан лаамехь долчу халкъо шух лаьцна вониг дуьйцу.
25
Стага вукху стагана дуьхьал ша вониг дича, Дела царна юккъе хӀотта мега. Ткъа аша Везачу Элана дуьхьал вониг лелош хилча, шуна тӀе мила хӀуттур ву?» Амма цара шайн дас бохучуьнга ла ца дугӀура, Везачу Эло цу хенахь уьш байа сацам бина хилла дела.
26
Ткъа Шамъал воккха хуьлуш вара, шех Везачу Элан а, нехан а бӀаьрг бузуьйтуш.
27
Ӏела волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Везачу Эло хьоьга иштта боху: „Хьан ден цӀенна Со ца вовзийтира Ас, уьш Мисар-махкахь пирӀунан цӀа чохь леш болчу хенахь?
28
Массо а исраилхойн тайпанашна юккъера хаьржина вацара Аса хьан дай шех схьабевлла волу АхӀарон Сайн динан да хилийта а, сагӀа доккхучу кхерче ваийта а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягаяйта а, Суна хьалха динан дас лелош йолу ийпад лелаяйта а? Массо а Исраилан кӀенташа Сан дуьхьа доккхуш долчу сагӀанийн дакъа ца кхочуьйтура Аса хьан цӀенна?
29
ХӀунда бетта аша Сан дуьхьа доккхуш долчу жижиган а, баьпкан а сагӀанийн дакъошна тӀе когаш, Аса Сайн цӀенна лерина долчу? Сан Исраилан халкъо Суна даьхначу сагӀанийн уггар тоьллачу дакъойх хьан кӀентий буза а беш, ахьа Со дӀатеттина“».
30
Цул тӀаьхьа цу стага элира: «Исраилан халкъан Дала аьлла дара: „Хьан цӀа а, хьан ден цӀа а массо а хенахь Сан бӀаьргашна хьалха гӀуллакх деш хир ду“. Амма хӀинца Везачу Эло боху: „Иза иштта хир дац! Сан сий деш волчун Аса а дийр ду сий, амма Сан цӀе сийсаза йоккхуш верг юьхьӀаьржачу а хӀуттур ву.
31
ТӀейогӀур ю Аса хьан массо а тӀаьхье хӀаллакьеш йолу зама. Хьан доьзалера цхьа а стаг къанло хан тӀекхаччалц вехар вац.
32
Исраилан мохк толуш дӀагӀур бу, амма хьуна гун дерш хьан доьзале кхочун долу вонаш ду. Хьан доьзалхойх цхьа а къанвелла лийр вац.
33
Сайн кхерчан уллора массо а дӀавоккхур вац Аса. Цхьаъ вуьтур ву Аса цуьнан бӀаьргаш бӀарздаллалц, цуьнан гӀора дӀадаллалц. Хьан мел йолу тӀаьхье гӀеметтахӀоьттинчу хенахь лийр ю.
34
Аса билгало йоуьйтур ю хьуна и зама тӀекхаьчнийла хоуьйтуш: хьан ший а кӀант, Хьапни а, Пайнехьас а, цхьана дийнахь лийр ву.
35
Аса Сайна тешаме динан да дӀахӀоттор ву: цо, Сан даге хьаьжжина, Аса ма-бохху гӀуллакх дийр ду. Аса цуьнан тайпа ницкъ болуш хуьлуьйтур ду. Цо, ша мел веха, Аса хаьржинчу паччахьан гӀуллакх а дийр ду.
36
Хьан цӀийнах мел виснарг цунна корта тоха вогӀур ву, жимма ахча я баьпкан дакъа ло бохуш. Цара цуьнга дехар дийр ду: ‘Динан дас беш болу муьлхха а болх лохьа суна, сайна сискал яккха’, — бохуш“».
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31