bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 22
1 Samuel 22
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 23 →
1
Цигара ведда, Дауд Ӏадуламарчу хьеха чу вахара. Иза шайна хезча, цуьнан вежарий а, цуьнан цӀийнан нах а хӀара волчу баьхкира.
2
Дауд волчу схьагулбелира гӀело йинарш а, декхарийла бахнарш а, дуьненах дог диллинарш а. Дауд царна тӀехь хьаькам хилла дӀахӀоьттира, хӀинца кхуьнца виъ бӀе гергга стаг вара.
3
Цигара ваьлла, Дауд Муабин МицӀпа-гӀала вахара. Цо муабахойн паччахье элира: «Сан дай-наний хьо волчохь дитахьара ахьа, Дала сайна хӀун до суна хаъалц».
4
Уьш, муабахойн паччахь волчу схьа а балийна, цигахь битира Дауда. Иза шен чӀагӀйина меттиг йолчохь мел Ӏа, цуьнан дай, наний цигахь Ӏийра.
5
Амма пайхамар волчу Гадас Дауде элира: «Хьо хӀара лочкъийла йолчохь ма Ӏе. Вало, ЯхӀудан махка дӀагӀо». Цигара дӀа а ваьлла, Дауд дӀавахара. Иза Хьарат олуш йолчу хьуьнах кхечира.
6
Шаулна хезира, Дауд а, цуьнца болу нах а гучубевлла аьлла. Иза цу хенахь ГебаӀ-гӀалахь цхьана лам тӀехь тамариск цӀе йолу дитта кӀелахь Ӏаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара, цунна гонахьа бевлла цуьнан накъостий а бара.
7
Шаула шена гонахьа болчу шен ялхошка элира: «ЛадогӀа соьга, бен-яманхой. Оцу Юшайн кӀанта шуна массарна а кемсийн а, ялтийн а аренаш лур ю моьтту шуна, я эзарнаш а, бӀенаш а карахь а болуш шу хьаькамаш бина дӀахӀиттор ду моьтту шуна?
8
Шу массо а суна дуьхьал хӀунда девлла? Шух цхьаммо а, соьга схьа хӀунда ца аьлла, сан кӀант Юшайн кӀантаца гергарло лело барт бина лелаш ву аьлла? Шух цхьаммо а сох къинхетам а бина, соьга схьа ма ца аьлла, сан лай волу Юшайн кӀант, хӀинца ма-хиллара, со вен бахьана лоьхуш вуйла а, сан кӀанта иза суна дуьхьал ваьккхина хилар а».
9
Шаулан гонах болчарна юкъахь лаьтташ волчу эдомхочо ДуагӀа элира: «Суна Нуб-гӀалахь гира Ахьтубин кӀант Ахьи-Малик волчу веана волу Юшайн кӀант.
10
Ахьи-Малика иза Везачу Эле вийхира, цунна яа хӀума а, пӀелаштамхо волчу ГӀолиатан тур а дӀаделира».
11
Паччахьо Ахьтубин кӀанте Ахьи-Малике кхайкха бахийтира, иштта Нуб-гӀалара церан цӀийнах мел волу динан да а схьакхайкхира. Уьш шаберш а паччахь волчу схьабаьхкира.
12
Шаула элира: «ЛадогӀал соьга, Ахьтубин кӀант». Вукхо жоп делира: «ЛадугӀуш ву, сан эла».
13
Шаула элира: «Хьой, Юшайн кӀанттий барт а бина, суна дуьхьал стенна ваьлла? Иза Деле веха а воьхуш, цунна бепиггий, туррий хӀунда делла ахьа? Ахьа иза суна дуьхьал хӀунда ваьккхина, тахана гуш ма-хиллара, цуьнга суна кӀело яйта?»
14
Ахьи-Малика, паччахье жоп луш, элира: «Мила ву хьан хьаькамашна юкъахь Дауд санна хьуна тешаме верг? Иза паччахьан нуц а ву, ахьа тӀедиллинарг кхочушдеш верг а ву, хьан цӀийнах болчара лоруш а ву.
15
ХӀинца бен ца волавелла со иза Деле веха? Цу тӀехь сох а, сан цӀийнах болчарах а бехк ма баккхахьара ахьа, хӀунда аьлча цу доллучу хӀуманах хьан лай волчу суна хӀумма а ца хаьа».
16
Паччахьо элира: «Ахьи-Малик, хьо вала веза. Хьо а, хьан массо а гергарнаш а!»
17
Шена уллохь лаьтташ болчу гӀаролхошка паччахьо элира: «Дуьйло, Везачу Элан динан дай байа. Уьш Даудаца бу. Иза веддийла шайна хуъушехь, цара соьга хаам ца бина». Амма паччахьан гонах болчарна ца лиира Везачу Элан динан дайшна тӀе куьг дахьа.
18
ТӀаккха паччахьо ДуагӀе элира: «Ваха а гӀой, и динан дай байа». Эдомхо волчу ДуагӀа, ваха а вахана, динан дай байира. Цу дийнахь цо везткъе пхиъ еза ийпад лелош волу стаг вийра.
19
Динан дай Ӏийна йолчу Нуб-гӀалара адам а хӀаллакдира цо шен туьраца. Царна юкъахь зударий, божарий, кӀегий нах а, бераш а дайира цо. Стерчий, варраш, уьстагӀий дайина дӀадехира, тур детташ.
20
Царна юкъара, Ахьтубин кӀентан Ахьи-Маликан кӀант волу Абу-ЯтӀари бен, цхьа а кӀелхьара ца велира. Иза, ведда, Дауд волчу дӀавахара.
21
Абу-ЯтӀарис Дауде дӀадийцира Шаула Везачу Элан динан дай байина хиларх лаьцна.
22
Дауда Абу-ЯтӀарига элира: «Цу дийнахь суна цигахь эдомхо волу ДуагӀ гира. Суна хаьара, цо Шауле мотт тухур буйла. Со ву хьан ден доьзал байина хиларна бехке.
23
Со волчохь саца, кхера а ца кхоьруш. Хьо вен гӀерташ волчунна со вен а луур ду, цундела со хьуна Ӏуналла деш хир ву».
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 23 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31