bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 23
1 Samuel 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 24 →
1
Дауде хаам бира: «ПӀелаштамхой, КъаӀила-гӀалина тӀе а летта, хьаьттаршкара ялта лечкъош бу», — аьлла.
2
Дауда Везачу Эле хаттар дира: «Со цига ваха везий те? Эшалур буй те соьга и пӀелаштамхой?» — аьлла. Везачу Эло цуьнга жоп делира: «ГӀо, пӀелаштамхой хьоьга эшалур бу, КъаӀила-гӀала ахьа кӀелхьар а йоккхур ю».
3
Амма Даудаца болчара элира: «Кхузахь, ЯхӀуд-махкахь а, кхоьруш ду вай. КъаӀила-гӀала а дахана, вай пӀелаштамхойн эскарна дуьхьалхӀиттича, кхин а кхераме хир ма ду!»
4
ТӀаккха Дауд юха а Везачу Элах дагавелира. Цо Дауде элира: «Хьала а гӀаттий, КъаӀила-гӀала дӀагӀо. Аса пӀелаштамхой хьан кара дӀалур бу».
5
Шеца болчаьрца цхьаьна Дауд КъаӀила-гӀала вахара, цо пӀелаштамхошца тӀом а болийра, церан даьхни лаьхкина дӀа а дигира, уьш эша а бира. Иштта Дауда КъаӀила-гӀалара болу бахархой пӀелаштамхойн баланах кӀелхьарбехира.
6
Ахьи-Маликан кӀант Абу-ЯтӀари, ведда, Дауд волчу схьавогӀучу хенахь, цо шеца еза ийпад а схьаеанера.
7
Дауд КъаӀила-гӀалахь ву аьлла, Шауле хаам бича, цо элира: «Дала сан кара схьавелла иза. Цо ша-шена бохам баьккхина, гӀорашца къовлуш долчу кевнашца чӀагӀйина йолчу гӀали чу а вахана».
8
Шен берриг а эскархой тӀаме кхайкхира Шаула, КъаӀила-гӀалина го а бина, Дауд а, цуьнца берш а дӀалаца дагахь.
9
Шена дуьхьал Шаул зуламе долу хӀума лело воллий хиъча, Дауда динан да волчу Абу-ЯтӀарига элира: «Схьая и ийпад».
10
Цул тӀаьхьа Дауда элира: «Исраилан халкъан Веза Дела! Хьан лена хезна, Шаул, КъаӀила-гӀала а веана, со бахьана долуш и гӀала хӀаллакьян гӀерта аьлла.
11
КъаӀила-гӀаларчу бахархоша со Шаулан кара дӀалур вуй теша? ВогӀур вуй теша кхуза Шаул, Хьан лай волчунна ма-хаззара? Исраилан халкъан Веза Дела! Жоп лохьа Хьан лай волчунна». Везачу Эло жоп делира: «ВогӀур ву».
12
Дауда хаттар дира: «КъаӀила-гӀаларчу бахархоша со а, соьца болу нах а Шаулан кара дӀалур буй?» Везачу Эло элира: «ДӀалур бу».
13
ТӀаккха Дауд а, цуьнца хилла волу ялх бӀе стаг а, КъаӀила-гӀалара ара а ваьлла, маьӀ-маьӀӀехула лийлира. Шауле хабар кхечира, Дауд КъаӀила-гӀалара ведда дӀавахна аьлла. ТӀаккха иза, ша болийна некъ ца беш, сецира.
14
Зип цӀе йолчу яьссачу арахь йолчу чӀагӀйинчу меттигашкахула а, лаьмнашкахула а лелаш вара Дауд. Шаул иза хӀора дийнахь лохуш вара, амма Дала цуьнан кара ца вохуьйтура Дауд.
15
Даудана гуш дара, Шаул ша вен араваьлла хилар. Цу хенахь Дауд Зип олучу яьссачу арахь йолчу Хьорша цӀе йолчу меттехь вара.
16
Иза волчу веара Шаулан кӀант ЯхӀуната. Цо Дауд иракарахӀоттийра, Делах тешарца чӀагӀло аьлла.
17
Цо элира: «Ма кхера. Сан ден Шаулан куьг хьуна тӀекхочур дац. Исраилан махкахь паччахь хир ву хьо, ткъа со хьуна уллохь шолгӀа меттиг дӀалаьцна хир ву. Сан дена Шаулна иза хууш ду».
18
Цу шиммо Везачу Элана хьалха барт бира. Дауд Хьорша олучу меттехь висира, ткъа ЯхӀуната шен цӀа вахара.
19
Шаул волчу ГебаӀ-гӀала баьхкира зипахой. Цара элира: «Дауд тхо долчохь чӀагӀйинчу меттигашкахь: Хьорша олучу меттехь а, Яшимунна къилбехьа Ӏуьллуш болчу Хьахила-барза тӀехь а дӀалечкъаш лелаш ву.
20
Хьайн даго билгалъяьккхинчу хенахь дӀавола, ткъа тхуна тӀехь иза хьан кара дӀавалар ду».
21
Шаула цаьрга элира: «Декъалдина ду шу Везачу Эло, аша сох къинхетам бина дела.
22
Даха а гӀой, иза билггала мичахь ву хьовса. Цунах лаьцна мел дерг а суна схьада, иза мичахь ву а хьовса, хьанна гина а хьовса. Соьга дийцина, иза чӀогӀа хӀилла долуш ву аьлла.
23
Иза мичахь хуьлу, мичахь дӀалечкъа дикка хьовса. Цунах билггала бакъдерг дахьаш схьадуьйла. ТӀаккха со а вогӀур ву шуьца. Иза кху лаьтта тӀехь велахь, аса лохур ву, массо а ЯхӀуд-махкахь болчу доьзалшна юкъахь лаха везахь а».
24
Уьш Шаулал хьалха Зипе дӀакхечира. Ткъа Дауд шеца болчу нахаца МаӀун олучу яьссачу аренгахь вара. И аре Яшимунара дӀа къилбехьа, Ӏариба-тогӀенахь, Ӏуьллуш яра.
25
Шаул шеца болчу нахаца цхьаьна иза лаха вахара. Амма Дауде хаам бинера цунах лаьцна, цундела иза аренгахь лаьтташ йолчу тарх тӀе а вахана, МаӀун-аренгахь сецира. Иза шена хиъча, Шаул Даудана тӀаьхьа МаӀун-аренга вахара.
26
Шаул ломан цхьана агӀонгахула дӀавоьдуш вара, ткъа Дауд шен накъосташца вукху агӀор вара. Дауд сихвелла Шаулах къаьхкина воьдуш вара, ткъа Шаул шеца болчаьрца, ломана го баккхале хьалха, уьш схьалаца воьдуш вара.
27
Эццахь Шаул волчу геланча кхечира, иштта хаам бахьаш: «Сихха схьавола! ПӀелаштамхой вайн махкана тӀелетта!»
28
И хаам шега схьакхаьчначул тӀаьхьа, Шаул пӀелаштамхошна дуьхьал вахара, Даудана тӀаьхьаваьллачуьра дӀа а ваьлла. И меттиг цундела, СилаӀ-ХӀамахьлекхут аьлла, цӀе тиллина ю (иза «декъаран тарх» бохург ду).
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31