bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
1 Samuel 17
1 Samuel 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 18 →
1
ПӀелаштамхоша шайн эскар тӀамана схьагулдира. Цара, ЯхӀуд-махкарчу Соха-гӀалахь схьа а гулбелла, Соханий, Ӏазекхиний юккъехь йолчу Эпас-Дамимахь меттамотт дӀахӀоттийра.
2
Ткъа Шаул, исраилхошца цхьаьна Эла-тогӀи чохь шен меттамотт дӀа а хӀоттийна, пӀелаштамхошна дуьхьал тӀом бан кечвелира.
3
ПӀелаштамхой цхьана агӀор лаьтташ болчу лам тӀе бевлира, ткъа исраилхой цунна дуьхьал лаьттачу вукху лам тӀе бевлира. Царна юккъехь тогӀи яра.
4
Ша Гати-гӀалара а волуш, ГӀолиат цӀе йолу, бӀаьхо волу цхьа стаг пӀелаштамхошна юкъара схьавелира. Иза ялх дол а, цхьа ше а хиллал лекха вара.
5
Цуьнан коьртахь цӀестах дина долу гӀем дара, тӀедуьйхина цӀестан пелагех дина гӀагӀ дара. Цу гӀаьгӀнан деккъа дозалла пхи эзар шекхал цӀаста хиллал дара.
6
Цуьнан когаш тӀехь цӀестан гола тӀеюхкурш яра, букъ тӀехь цӀестан горга тур а дара.
7
Цуьнан гоьмукъан гӀаж, кӀадидархочун гӀирс санна, еха яра, ткъа ша гоьмукъ ялх бӀе шекхал эчиг хиллал бара. Цунна хьалха хӀоьттина вогӀуш цуьнан доккха турс лелош верг а вара.
8
ГӀолиат, исраилхойн тӀемалошна хьалха дӀа а хӀоьттина, цаьрга мохь бетта волавелира: «ТӀом бан стенна кечделла шу? Со пӀелаштамхо вац ткъа? Ткъа шу Шаулан леш ду. Шайна юкъара соьца лата стаг схьахаржа.
9
Нагахь, иза сох лата а летта, цо со вехь, пӀелаштамхой шун леш хир бу, ткъа нагахь, со цунах тола а тоьлла, аса иза вехь, шу тхан леш хир ду, тхуна хьалхара гӀуллакх а деш».
10
ПӀелаштамхочо кхин а элира: «Тахана аса исраилхойн эскаре кхайкхам бо. Схьаваийта суна тӀе иштта волу стаг, тхойшиъ вовшахлетар ву!»
11
ПӀелаштамхочо бохург шайна хезча, Шаул а, исраилхой а, кхерабелла, Ӏадийнера.
12
ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара волчу эпратхочун Юшайн кӀант вара Дауд. Юшайн бархӀ кӀант вара. Шаул паччахьан даржехь волчу заманчохь Юшай чӀогӀа хан яьлла стаг вара.
13
Юшайн воккхаха волу кхо кӀант Шаулца тӀаме вахнера. Цуьнан тӀаме ваханчу кхаа кӀентан цӀераш яра: уггаре воккхачун — Элиаб, шолгӀачун — Абинадаб, кхозлагӀчун — Шама.
14
Дауд жимаха верг вара. Воккхаха волу кхо кӀант Шаулца волчу хенахь,
15
Дауд Шаул волчу дӀа а воьдий, цигара юхавоьрзура, Байтлахам-гӀалахь волчу шен ден уьстагӀий дажо.
16
Шовзткъа дийнахь пӀелаштамхо, Ӏуьйранний, суьйранний ара а волуш, исраилхошна ша гайта дӀахӀуттура.
17
ТӀаккха Юшайс шен кӀанте Дауде элира: «Хьайн вежаршна кхо сахь кхерзина буьртигаш а, итт бепиг а эций, сихха церан меттамотт лаьттачу дӀагӀо.
18
ХӀара итт нехча тӀеман коьртачу хьаькаме дӀало, хьайн вежарийн хьал-де хаа, уьш могуш-маьрша хиларан билгало а я.
19
Шаул а, хьан вежарий а, массо а исраилхо санна, Эла-тогӀи чохь пӀелаштамхошца тӀом беш бу».
20
Дауд, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, шен уьстагӀий хехочуьнга дӀа а делла, шен мохь схьа а эцна, Юшайс шена тӀе-ма-диллара, эскар лаьтташ долчу дӀавахара. ХӀара дӀакхаьчначу хенахь эскархой тӀом бечу могӀаршкахь дӀахӀиттина лаьттара. Маьхьарий а детташ, тӀамана кечлуш бара уьш.
21
Исраилхоша а, пӀелаштамхоша а шайн тӀемалойн могӀанаш дуьхь-дуьхьал дерзийнера.
22
Дауда, шегахь болу мохь тӀеман гӀирс ларбеш волчу хехочуьнга дӀа а белла, ведда эскархойн могӀанаш долчу юкъа а вахана, шен вежаршка хӀун хьал ду хаьттира.
23
Иза шен вежаршца къамел деш волчу хенахь Гати-гӀалара ГӀолиат цӀе йолу пӀелаштамхойн вовшахлатархо, шайн могӀанашна юкъара ара а ваьлла, мохь бетта волавелира. Даудана цо бохург хезира.
24
Массо а исраилхо, и стаг шайна ма-гиннехь, кхералой, цунах водура.
25
Исраилхоша бохура: «Гой шуна и къамел деш волу стаг? Иза исраилхой емалбеш, царна луьйш ву. Иза вийначунна паччахьо боккха бахам лур бара, цуьнга шен йоӀ маре а йохуьйтур яра, цуьнан доьзал Исраилан махкахь массо а кхечу нахана тӀедиллина долчу хӀуманах мукъа а боккхур бара».
26
ТӀаккха Дауда шеца лаьтташ болчу нахе элира: «ХӀун кхаъ хир бу, и пӀелаштамхо вен а вийна, Исраилан махкана тӀера юьхьӀаьржо дӀаяьккхинчунна? Мила ву хӀара дин доцу, сунтваза волу пӀелаштамхо, дийна волчу Делан эскарна луьйш волу?»
27
Цара, шаьш аьлларг юха карла а доккхуш, и стаг вийначунна кхаъ лур бу аьлла, дӀахаийтира.
28
Даудан воккхаха волчу вешина Элиабна хезира цо нахаца деш долу къамел. Даудана чӀогӀа оьгӀаз а вахана, цо элира: «Хьо хӀунда веана кхуза? Хьанах тешна дитина ахьа вайн де а доцу уьстагӀий яьссачу арахь? Суна евзаш ю хьан сонталла а, хьан вон дог а. Хьо тӀамах бӀаьрг тоха веана кхуза?»
29
Дауда элира: «Соьгара хӀун даьлла, нахаца къамел дарал сов?»
30
Шена уллохь болчу нахе дӀа а вирзина, Дауда цаьрга хаттар дича, цара, вукхара санна, жоп делира цунна.
31
Дауда аьлла долу дешнаш Шауле дӀадийцира. Цо Дауд шена тӀекхайкхира.
32
ТӀаккха Дауда Шауле элира: «И пӀелаштамхо бахьана долуш цхьа а стаг гӀайгӀане хила оьшуш вац. Хьан лай, ваха а вахана, цуьнца летар ву».
33
Шаула Дауде элира: «Хьо ларор вац цу пӀелаштамхочуьнца, хӀунда аьлча хьо хӀинца а жима ву, ткъа иза кога ирахӀоьттинчу хенахь дуьйна тӀеман гӀуллакх девзаш хилла ву».
34
Дауда Шауле элира: «Хьан лай шен ден уьстагӀий дажош лелла ву. Нагахь санна, я лом, я ча а еана, цара жа юкъара уьстагӀ дӀабаьхьча,
35
царна тӀаьхьа а воьдий, тӀекхетий, церан багара иза схьабоккхура ас. Амма иза сайна тӀекхетча, аса цуьнан кхес схьа а лоций, охьа а тухий, йоьра.
36
Лом а, ча а йоьра хьан лай волчо. Изза хир ду оцу сунтваза волчу пӀелаштамхочунна а, дийна волчу Делан эскарна кхиссарш еш волчу».
37
Дауда кхин а элира: «Лоьмах а, ченах а со кӀелхьарваьккхина волчу Везачу Эло со оцу пӀелаштамхочун куьйга кӀелара а воккхур ву». ТӀаккха Шаула Дауде элира: «Вало, гӀо цига. Веза Эла хьоьца хуьлийла».
38
Даудана шен бедарш тӀеюьйхира Шаула, коьрта цӀестан гӀем а тиллира, цунна тӀе гӀагӀ а дуьйхира.
39
Бедарш тӀехула тур гӀода юккъе а дихкина, Дауд дӀасаволавелира, амма иза ишттачу духарца лела Ӏемина вацара. Цо Шауле элира: «Со, хӀара духар а доьхна, лела Ӏемина вац». Цо и хӀуманаш шена тӀера дӀаехира.
40
Коьжалг шен кара а лаьцна, татол чуьра пхи шера тӀулг а хаьржина, уьш шегахь болчу тӀоьрмаг чу а дехкина, и тӀоьрмаггий, ширдолаггий карахь а долуш, иза пӀелаштамхочунна дуьхьалвахара.
41
ПӀелаштамхо а вара кхунна дуьхьалвогӀуш, хьалха ваьлла доккха турс лелош верг а волуш.
42
ПӀелаштамхо Дауде цавашарца схьахьаьжира, хӀунда аьлча хӀара ханна жима а вара, хьаьрса а волуш, юьхь тӀера хаза а вара.
43
Цо Дауде элира: «Хьо суна дуьхьал гӀожаца ма ваьлла. Со жӀаьла ду-м ца моьтту хьуна?» Иза а аьлла, пӀелаштамхочо шен деланашкара неӀалт кхайкхира Даудана.
44
Цо Дауде элира: «ТӀевола суна, аса хьан дакъа стигаларчу олхазаршний, аренгахь лелаш долчу акхарошний дӀалур ду».
45
Дауда пӀелаштамхочуьнга элира: «Хьо суна дуьхьал тур а, гоьмукъ а, горга тур а карахь вогӀуш ву, ткъа со ахьа сийсаздохуш долчу Исраилан халкъан массо а эскарийн Дела волчу, массо а ницкъийн Везачу Элан цӀарах араваьлла.
46
Таххана Везачу Эло хьо сан кара схьалур ву, ткъа аса хьо вуьйр ву. Аса хьан корта схьабоккхур бу, ткъа пӀелаштамхойн эскархойн декъий стигаларчу олхазаршна а, лаьттахь лелаш долчу акхарошна а дӀалур ду. Дерриг а дуьненна дӀахуур ду Исраилан махкахь Дела вуйла.
47
Кхузахь гулделлачу дерриг а халкъана дӀахуур ду Везачу Эло туьраций, гоьмукъций ца воккхийла кӀелхьара, хӀунда аьлча тӀом Везачу Элан карахь бу. Цо шу тхан кара схьа а лур ду».
48
ПӀелаштамхо шена тӀеволавелча, Дауд сихха цунна дуьхьалведира.
49
Шен тӀоьрмаг чу куьг а дахийтина, тӀулг схьаийцира цо. Ширдолагца ластийна, цо иза пӀелаштамхочунна хьажа юккъе туьйхира. И тӀулг цунна нийсса хьажа юккъе богӀабелира, ткъа пӀелаштамхо бертал охьавуьйжира.
50
Иштта тӀулгаций, ширдолагций пӀелаштамхо эшийра Дауда. Цо иза карахь тур а доцуш вийра.
51
ТӀаккха Дауда, ведда тӀе а вахана, цунна тӀе ког а баьккхина, пӀелаштамхочун тур баттара схьа а даьккхина, цуьнан корта баьккхира. ПӀелаштамхой, шайна юкъара ницкъберг велла гича, бевдда дӀабахара.
52
Исраил-махкара а, ЯхӀуд-махкара а халкъ маьхьаршца пӀелаштамхошна тӀаьхьаделира. Цара уьш, лаьхкина, тогӀи чу вуллучу дӀабигира, цигара дӀа — Ӏекхран-гӀали чу воьду ков долчу бигира. Эшийна, лаьхкина буьгуш болу пӀелаштамхой ШаӀрайм-гӀалина тӀе боьдучу новкъа тӀе охьаоьгура Гати-гӀалина а, Ӏекхран-гӀалина а тӀекхаччалц.
53
Шаьш пӀелаштамхошна тӀаьхьабевллачуьра юхабирзича, церан бахам дӀасабоькъура исраилхоша.
54
ТӀаьхьо, пӀелаштамхочун корта схьа а эцна, Дауда иза Ярушалайме дӀабаьхьира, ткъа цуьнан тӀеман гӀирс цо шен четар чохь охьабиллира.
55
ПӀелаштамхочуьнца Дауд лата воьдуш шена гича, Шаула эскаран хьаькам волчу Абунаре элира: «Абунар, иза хьенан кӀант ву?» Абунара элира: «Дийна волчу сайх чӀагӀо йо ас, ва паччахь, суна иза билггала ца хаьа».
56
Паччахьо элира: «Хатта, хьенан кӀант ву и жима стаг».
57
Дауд, пӀелаштамхо эша а вина, юхавогӀучу хенахь, Абунара иза Шаул волчу схьавалийра. ПӀелаштамхочун корта цуьнан карахь бара.
58
Шаула цуьнга хаьттира: «Жима стаг, хьо хьенан кӀант ву?» — аьлла. Дауда жоп делира: «Со Байтлахам-гӀалара хьан лай волчу Юшайн кӀант ву».
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31