bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 1
Job 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 2 →
1
ӀуцӀа-махкахь вехаш вара Аюб цӀе йолу цхьа стаг. Иза ша хӀуманна а бехке воцуш а, догцӀена а стаг вара. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хӀуманах ларлуш вара иза.
2
Аюбан ворхӀ кӀант а, кхо йоӀ а дара.
3
Цуьнан ворхӀ эзар уьстагӀ а, газа а яра, кхо эзар эмкал а, пхи бӀе шуьста а, пхи бӀе виркхел а, иштта дуккха а ялхой а бара. Иза малхбалехьа бехаш болчу массо а нахана юкъахь уггар а дукха хьал долуш волу стаг вара.
4
Цуьнан кӀенташа тойнаш хӀиттадора, рогӀ-роггӀана кхиберш шайн-шайн хӀусамашка схьа а кхойкхуш. Цара шайн кхаа йише а кхайкха бохуьйтура, уьш шайца дууш-молуш Ӏайтархьама.
5
Тойнийн го дӀабирзинчул тӀаьхьа, Аюба шен бераш ша волчу схьакхойкхура, уьш Далла хьалха цӀанбайтархьама. Ӏуьйранна хьалххехь хьала а гӀоттий, цо хӀора берана тӀера дийнаташ дагоран сагӀа доккхура. Цо ойла йора: «Сан бераша къа латийна хила мега, шайн даг чохь Дела емал а вина». Аюба и хӀума массо а хенахь дора.
6
ТӀедеана стигалара гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дӀахӀутту де. Цаьрца цхьаьна шайтӀа а деъна.
7
Везачу Эло цуьнга хаьттина: «Хьо мичара схьадеана?» Везачу Элана жоп луш, шайтӀано аьлла: «Со лаьтта тӀехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дӀаса а лелла, юхадеана со».
8
ТӀаккха Везачу Эло шайтӀане аьлла: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хӀокху дуьнен тӀехь кхин цхьа а вац: иза ша хӀуманна а бехке воцуш а, догцӀена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хӀуманах ларлуш ву иза».
9
Везачу Элана жоп луш, шайтӀано аьлла: «Лаа дуй те Аюбан Далла хьалха ларамах вуьзна хилар?
10
Ахьа ларвеш ма ву иза а, цуьнан цӀа а, цуьнан мел болу бахам а. Цуьнан куьйгаша хьегна къа Ахь декъалдина, берриг а мохк цуьнан жаша а, дохно а буьзна лаьтташ бу.
11
Амма Ахьа Хьайн куьг цуьнан долахь мел йолчу хӀуманна тӀе кховдадахь, иза Хьан юьхь-дуьхьал Хьуна лен волалур ву».
12
ТӀаккха Везачу Эло шайтӀане аьлла: «Дика ду, цуьнан мел долу хӀума хьан карахь ду, амма цунах куьг ма Ӏотта». ШайтӀа Веза Эла волчуьра дӀадахара.
13
Цхьана дийнахь Аюбан кӀентий а, зудабераш а дууш-молуш Ӏаш бара шайн воккхаха волчу вешин цӀахь.
14
Аюб волчу веанчу цхьана геланчо хаам беара: «Стерчий охана тӀехь дара, царна уллохь яжош виркхелаш а яра.
15
Амма цӀеххьана тӀелеттачу шебахоша хьан даьхни лаьхкина дӀадигна, ткъа ялхой тарраш диттина байина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама».
16
Иза вистхилла валале, кхин цхьа геланча а веана, хаам бахьаш: «Стигалара Делан цӀе охьа а йоьжна, массо а хьан уьстагӀий а, ялхой а дӀакхаьллина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама».
17
И стаг вистхилла а валале, кхин цхьа стаг а веана, хаам бахьаш: «Кхаа агӀонгара хашадхой тӀе а летта, цара эмкалш лаьхкина дӀайигна, ткъа хьан ялхой таррашца хӀаллакбина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама».
18
ХӀара и къамел дина а валале, кхин цхьа стаг а веана, хабар дахьаш: «Хьан кӀентий а, зудабераш а дууш-молуш бара шайн воккхаха волу ваша волчохь.
19
ЦӀеххьана яьссачу аренгара хьаькхначу мохо цӀийнан биъ пен охьабожийра. ЦӀа охьадоьжча, хьан бераш цу буха а дахана, дайина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хӀара хаам бархьама».
20
Аюба, хьала а гӀаьттина, шена тӀера хӀуманаш этӀийра. Шен месаш дӀа а лергина, голаш тӀе а хӀоьттина, суждане вахара иза.
21
Цо иштта элира: «Ненан кийрара верзина схьаволуш ма-хиллара, лаьттан кийра верзина дӀа а гӀур ву со. Везачу Эло дала а делла суна, Цо дӀа а эцна. Декъал хуьлийла Цуьнан цӀе!»
22
И дерриг а ша деш, Аюба къа а ца латийна, Далла Ӏиттарш а ца йина.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42