bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 2
Job 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 3 →
1
Юха а Стигаларчу гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дӀахӀиттира. Царна юкъахь шайтӀа а дара.
2
Везачу Эло хаттар дира цуьнга: «Хьо стенгара схьадеана?» — аьлла. Везачу Элана жоп луш, шайтӀано элира: «Со лаьтта тӀехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дӀаса а лелла, юхадеана со».
3
Везачу Эло шайтӀане элира: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хӀокху дуьнен тӀехь кхин цхьа а вац: иза хӀуманна а бехке воцуш а, догцӀена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, иза массо а вочу хӀуманах ларлуш ву. Иза хӀинца а чӀогӀа шен кхачамалла ларъеш ву, цуьнан бехк боццушехь, иза дакъазаваккхийта ахьа Со иракарахӀоттийнехь а».
4
Иблисо жоп делира Везачу Элана: «ЦӀокана дуьхьал цӀока ло. Шен дахарна дуьхьал стага массо а хӀума дӀало.
5
Хьайн куьг дӀа а кховдадай, цуьнан даьӀахках а, дилханах а кхетахьа. Аса жоп ло-кх, иза Хьан бӀаьргашна хьалххахь Хьуна лен ца волалахь!»
6
Везачу Эло шайтӀане элира: «Дика ду, иза хьан карахь ву, амма цуьнан дахар ахьа кхоо деза».
7
ШайтӀа Везачу Элана уллора дӀадахара. Цо Аюбан дегӀа тӀе когаш тӀера дуьйна коьрта тӀе кхаччалц ноткъа оьхуш долу даӀ туьйхира.
8
Цу даӀ тӀе хьакха кхийрачу пхьегӀех йолу гериг схьа а эцна, овкъарш тӀе охьахиира Аюб.
9
Цуьнан хӀусамнанас цуьнга элира: «Хьо хӀинца а чӀогӀа хьайн кхачамалла ларъеш ву? Далла ле, тӀаккха хьо лийр ву!»
10
Амма Аюба цунна жоп делира: «Ахьа дуьйцург хьераяьллачо дуьйцур дара. Делера диканиг схьа а оьцуш, вониг дӀататта деза те вай?» И дерриг а ша деш, шен дешнашца Аюба къа ца латийна.
11
Аюбана хиллачу бохамах лаьцна цуьнан кхаа доттагӀчунна хезира. Уьш шайн-шайн меттигашкара арабевлира: теманхо волу Элипаз а, шуахьахо волу Билдад а, иштта наӀматхо волу Цупар а. Уьш вовшахкхийтира, Аюб волчу кадам бан а, цуьнан догъэца а бахархьама.
12
Геннара Аюб гина болчу царна иза ца вевзира. ЧӀогӀа мохь а бетташ, билхира уьш. Шайна тӀера бедарш а этӀош, коьрта тӀехула ченаш стигала хьалакхуьссура цара.
13
ВорхӀ дийнахь а, ворхӀ буса а Ӏийра уьш, лаьтта охьа а хевшина, цунна уллохь. Цара вовшашка цхьа а дош ца олура, хӀунда аьлча царна гора Аюбехь болу бала боккха хилар.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42