bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 37
Job 37
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 36
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 38 →
1
ЭлихӀус кхидӀа а элира: [1] «Цу бахьанина сан дог дегош ду, меттах а даьлла, сан дог деттало.
2
ЛадогӀа стигал къекъарх тера долчу Делан озе, ладогӀа Цуьнан багара схьадолуш долчу оцу озе.
3
Ерриг а стигал кӀелахь Цо къоьгуьйту Шен серло лаьттан йистошка кхаччалц.
4
ТӀаккха Делан озо гӀовгӀа йо. Шен возаллин озаца Цо гӀовгӀа йо. Шен аз хезаш долчу хенахь стелахаьштигаш а ца сецадо Цо.
5
Тамашийна схьахезаш ду Делан аз, вайн кхета ницкъ ца кхочу даккхий хӀуманаш до Цо.
6
Лоне Цо олу: „Лаьтта тӀе охьагӀо“, догӀанан йочане: „Сихха охьаэга!“
7
ХӀорра а болх бечуьра дӀасацаво Цо, массарна а Ша дийриг дӀахаийтархьама.
8
Акхарой дӀалечкъийлашна чу а йоьлхий, шайн баннаш чохь совцу.
9
Къилбехьара йилбазмох хьоькху, къилбаседехьара шело кхочу.
10
Шен садеӀарца Дала ша бойту, тӀаккха хийн шералла чӀагӀйина дӀахӀутту.
11
ДогӀанан мархаш Цо тӀуналлех юзу, цаьргахула Цо стелахаьштиг даржадо.
12
Цуьнан лаамца массанхьа а мархаш хьийзаш ю, дерриг а дуьнен тӀехь Цо аьлларг кхочуш а деш.
13
Цуьнан лаамца иза массо а кхочушдеш ду, я лаьттана таӀзар дархьама, я нахана Шен безам гайтархьама.
14
Оцу хӀуманийн тидам бехьа, Аюб. ДӀасацахьа, Делан исбаьхьачу гӀуллакхашка хьажахьа.
15
Хьуна хаьий, Аюб, Дала мархашна куьйгалла муха до, Цо ткъес муха къогуьйту?
16
Хаьий хьуна, стигалахь мархаш муха латтало? Кхетам кхоччуш Болчун тамашийна гӀуллакхаш ду уьш.
17
Хьуна тӀера бедарш йохлой дӀахӀуьтту, къилбехьара бовхачу мохо латта дӀатедича.
18
Хьуна хуур дарий, Цунна санна, стигал дӀасаяржо, заьнгалчу цӀастанах дина куьзга санна, иза чӀагӀдина дӀа а хӀуттуьйтуш?
19
Дийцахьа тхуна Цуьнга ала дезарг. Цуьнца дуьйцучу хенахь хӀун ала деза, тхо боданехь дехаш Ӏаш ма ду.
20
Суна вистхила лаар Цуьнга ала дезий те? Ша дӀакхаьллина хилар стага доьхий те?
21
Леррина малхе хьажа йиш яц, стигал, мох хьаькхча, дӀа а цӀанйина, иза стигалахь сов къегаш хилча.
22
Къилбаседехьара дашо серло схьакхочу, Далла гонах олаллин нур ду лаьтташ.
23
Ницкъболчух кхета аьтту бац тхан. Шен ницкъе а, бакъйолу кхел яре а хьаьжжина, Иза мел воккха ву. Цуьнан нийсо шортта ю. Цо цхьана а стагана гӀело а ца йо.
24
Цундела адамаш Деле болчу ларамах дуьзна хуьлу, амма шаьш хьекъале лоручийн Цо тидам ца бо».
← Chapter 36
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 38 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42