bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 27
Job 27
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 28 →
1
Шен къамел кхидӀа а дира Аюба. Цо элира:
2
«Аса чӀагӀо йо суна нийса кхел ца йойтуш дийна волчу Делах а, сан дагна сингаттам баьккхина волчу Нуьцкъалчух а,
3
суна чохь садеӀар дӀадаллалц, сан мерӀуьргашкахь Делан са мел ду,
4
сан багара харцдерг арадер ма дац, сан матто бакъ доцург а дуьйцур ма дац!
5
ХӀуъа хилахь а, со аша бохучунна тӀетовр вац, со дийна мел ву, сайн цӀена хилар дойур дац ас.
6
Сайн бакъхилар чӀоггӀа латтадо аса, иза ас дӀа а лур дац — цу тӀехь сан даго, со мел веха, бехк а боккхур бац сох.
7
Сан мостагӀа харцонча санна лорийла, суна дуьхьал ваьлларг зуламхо санна хуьлийла.
8
Стенах сатийса деза Ӏесачо, Дала ша дӀатеттича, Цо шен са дӀаэцча?
9
Далла хезар дуй те цуьнан тийжар, цунна бохам тӀебеача?
10
Воккхавеш хир вуй те иза Нуьцкъалчух, кхойкхур вуй те иза Цуьнга массо а хенахь?
11
Ас дуьйцур ду шуна Делан куьйгах лаьцна, Нуьцкъалчун некъаш а шух къайладохур дац ас.
12
Шуна шайна а ма гина дерриг а. Стенна дуьйцу и даьсса хабарш?
13
ХӀара ду шуна харцо лелочунна Делера хиндерг, хӀара ду Нуьцкъалчуьнгара къизачунна кхочун дерг.
14
Цуьнан кӀентий мел дебарх, уьш туьро хӀаллакбийр бу, цуьнан тӀаьхьено дуззалц бепиг дуур дац.
15
Цунах тӀаьхьабиснарш Ӏожаллин уьно коше кхачор бу, царах бисинчу зударша царна тӀаьхьа тийжарш а дийр дац.
16
Ченал дукха дети шена гулдахь а, поппарал дукха бедарш цо гулъяхь а,
17
уьш Делан лаамехь болчара тӀедухур ду, цуьнан дети цӀена лелачара доькъур ду.
18
Цо шена деш долу цӀа нецан бен санна я хехочун бун санна, до.
19
ДӀавуьжуш, хьолада санна дӀавуьжу иза, амма самаваьлча, цуьнан бахам ца хуьлу. Цо бӀаьргаш схьабиллича, цуьнан хӀумма а дисина ца хуьлу.
20
Хи тӀедалар санна, тӀекхочур ду цунна Ӏадор. Буьйсанна шайтӀанан мохо иза дӀа а хьо.
21
Малхбалехьарчу мохо иза дӀаваьхьча, иза кхин хир вац. Шен метта тӀера оцу мохо дӀахьокхур ву иза.
22
Къинхетам боцучу мохо иза дӀахьоькху, цуьнан караравала гӀертачу хенахь.
23
Самукъадаьллачу мохо, цунах кхаьрдаш, тӀараш вовшахдетта, иза мел кхочучу меттехь цунна шок а етташ».
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 28 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42