bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 41
Job 41
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 40
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 42 →
1
Везачу Эло кхидӀа а элира: [1] «Левиятан караӀамо хьан сатийсам харц хир бу! Иза цкъа схьахьаьжча а, хьо охьавужур ву.
2
Иза меттахъхьабан ваьхьар волуш цхьа а вац. ТӀаккха Сан юьхь-дуьхьал хӀотта мила ву?
3
Соьга декхар такхийта Суна хьалха мила хӀуттур вара? Массо а стигална бухахь мел дерг Сан ду.
4
Цуьнан меженех лаьцна ца олуш Ӏийр вац Со, иштта цо динчу сийлахь гӀуллакхех а, схьахьаьжча, цуьнан кеп товш хиларх а.
5
Цунна тӀера бедар хьаьнга схьаяккхалур ю? Цуьнан шалхачу гӀаьгӀна хьаьнга хӀума Ӏотталур ю?
6
Хьан хьалагӀаттор ю цуьнан бага? Гонах йолчу цуьнан цергаша Ӏадаво.
7
Цуьнан букъ тӀехь турсийн могӀарш ду, готтачу мухӀаро вовшахтоьхна долу.
8
Уьш юх-юххехь духкуш ду, царна юккъехула хӀаваъ а чекхдер дац.
9
Цхьаъ вукхунна улло таьӀна ду, дӀаса ца деккъал вовшахтоьхна.
10
Цо хьоршам тоьхча, ткъес тоьхча санна хета, цуьнан бӀаьргаш сатасаран зӀаьнарш санна лепа.
11
Цуьнан багара араюьйлуш цӀе ю, суйнаш дӀаса а детташ.
12
Цуьнан мерӀуьргашкахула кӀур арабуьйлу, кхехкаш болчу яй чуьра Ӏаь ма-яллара.
13
Цуьнан садеӀаро кӀоранах а цӀе тосу, ткъа багара аракхуьйсуш цӀеран алунаш ю.
14
Цуьнан вортанехь боккха ницкъ бу, и къемате хиларо стаг Ӏадаво.
15
Цуьнан дилханан хершнаш готта дӀатоьхна ду. Уьш меттах ца долу лалийна эчиг санна ду.
16
ТӀулг санна долу цуьнан дог кхерамбоцуш ду, иза, хьеран бухалара кохьар санна, чӀогӀа ду.
17
Иза хьалагӀоттучу хенахь турпалхой а Ӏадабо, дог доьхна а болуш, уьш цунах юхабоьрзу.
18
Цунна тӀе тоьхна долу тур латталур дац, гоьмукъо я цамзано, я пхаро цунна зен дийр дац.
19
Эчиг цунна ча санна кӀеда ду моьтту, цӀаста цунна мурйоьлла дечиг санна хета.
20
Иза секхаӀодан пхерчех дӀа ца боду, ткъа ширдолаган тӀулгаш цунна кегаш санна ду.
21
Шена чхьонкар кхетча, чамхалг Ӏоттаелча санна хета цунна, ткъа гоьмукъ кхетча иза боьлу.
22
Цуьнан гай кхийрачу пхьегӀийн ира геригаш йолуш санна ду, сазз тӀехула иза лелча, цуьнан лар, мекха такхийча санна, хуьлу.
23
Хин кӀорге цо, яй санна, кхоьхкуьйту, хӀорд, молханийн чорпа санна, дӀахӀоттабо.
24
Цо шена тӀаьхьа къегаш йолу лараш юьту, хин кӀоргенна тӀехь къежбелла корта санна хилар хоьтуьйтуш.
25
Оцу экхане нислуш кхин цхьа а экха дац, цунна кхерам бохург хӀун ду а ца хаьа.
26
Иза майрра хьоьжу массо а дегалчу экханашка, массо а курачу акхарошна тӀехь иза паччахь ду».
← Chapter 40
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 42 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42