bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 8
Job 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 9 →
1
ТӀаккха шуахьахо волчу Билдада Аюбе элира:
2
«Дукха дийр дуй ахьа цу тайпана къамел? Хьан багара схьадолу дешнаш сиха мох санна ду.
3
Дала бакъдерг гамдо те? Нуьцкъалчо нийсо гамйо те?
4
Хьан бераша Цунна хьалха къа латийнехь, и къинош бахьана долуш Цо таӀзар до царна.
5
Нагахь хьо даггара Дела лоьхуш велахь, нуьцкъалчу Деле дехарш ахь дахь,
6
хьо билггал дика а, догцӀена а велахь, Иза хьуна орцах ван хьелур вац, хьуна йогӀу хӀусам Цо тойийр ю.
7
Хьан долахь хилларг кӀезиг хетар ду, хьан хинболу бахам алсам хир болу дела.
8
Хьайн дайшка хатта, царна гинчух лаьцна ойла е.
9
Селхана дуьнен чу девллачу тхуна хӀумма а ца хаьа, дуьнен тӀехь долу тхан дахар, ӀиндагӀ санна, сихло.
10
Дайша хьо Ӏамор ву, цара эр ду хьоьга, шайн дага тӀера дешнаш схьадохур ду:
11
„Уьшал йоцучохь шач тӀейолий? Хи доцучохь эрз тӀеболий?
12
Ховха а, хадоза а иза боллушехь, хи дӀалакъийча, вукху бецал а хьалха маргӀалбоьлла дӀахӀуттур бу.
13
Иштта ду массо а Дела вицвинчеран некъаш. Иштта хӀаллакьхир ю Ӏесачеран сатуьйсийла.
14
Цуьнан сатуьйсийла ледара ду, цуьнан тӀетовжийла гезгамаша бу.
15
Шен цӀенна тӀе тевжар ву иза, амма латталур вац, цо схьалоцур ду иза, амма иза хӀотталур вац“.
16
Иза дика яшийна товнехь йолу орамат санна ву, цуьнан зӀийдагаш ерриг а бешахула дӀаса а хецна.
17
Цуьнан орамаш тӀулгех дӀатийсалуш ду, жагӀанна юккъехула дӀаса а даьржаш.
18
Амма и орамат ша хьалха тӀедолуш хиллачуьра схьадаьккхича, и тӀедолуш йолчу меттигна иза дицлур ду. Цо эр ду: „Хьо кхузахь цкъа а ца гина!“
19
Эццахь кхачало цуьнан ирсе дахар, ткъа цуьнан метта лаьттара кхидерш тӀедовлу.
20
Гой хьуна, Везачу Эло бехк боцург дӀа ца тосу, вочарна Цо, куьйгаш схьа а лаьцна, гӀо а ца до.
21
Цо хьуна юхадерзор ду синкъераме велар, Цо иштта схьалур ду хьуна воккхаверан аз а.
22
Хьо ца везарш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу, иштта Ӏесачеран четарш а кхин хир дац».
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42