bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 3
Job 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 4 →
1
Цул тӀаьхьа Аюб ша винчу денна неӀалт кхайкхо волавелира.
2
Цо бохура:
3
«ХӀаллакьхилла дӀадолийла со вина долу де а, сан ненах лаьцна: „Иза доьзалхочух хилла!“ аьлла йолу буьйса а.
4
Ӏаьржа бода хилла дӀахӀуттийла и де, стигалахь волчу Далла иза дага а ма догӀийла, Цо оцу денна тӀе серло а ма лойла!
5
Бодано а, Ӏожаллин ӀиндагӀо а юхадохийла иза. Марха со винчу денна тӀе хӀуттийла. Ӏаьржалло оцу дийнан серло кхерайойла.
6
Бодано и буьйса чӀогӀа схьалоцийла! Шеран деношна юккъе ма йогӀийла иза, беттийн деношна юккъе а ма йогӀийла!
7
Цу буса цхьа а бер дуьнен чу ма долийла! Ма хезийла цу буса синкъераме аз!
8
Левиятан цӀе йолу хӀордан саьрмик лело хууш болчу бозбунчаша неӀалт кхайкхадойла цу денна!
9
Цуьнан Ӏуьйренан седарчий Ӏаржделла хуьлийла! Ӏуьйренан серло ма гойла цу буьйсанна, маьлхан зӀаьнарш а ма гойла цунна!
10
Цу буьйсано со дуьнен чу вала новкъарло ца ярна а, цо хӀара бала сох къайла ца баккхарна а, хуьлийла иза!
11
ХӀунда ца велла те со сайн ненан кийрахь волуш, хӀунда ца велла дуьнен чу воллушехь?
12
ХӀунда эцна со шайн кара, хӀунда белла суна накха?
13
ХӀинца паргӀат Ӏуьллуш хир ма вара со, синтемехь а хир ма вара со,
14
паччахьашца а, хьехамчашца а, дассийна цӀенош шайна юхаметтахӀиттийна болчу.
15
Я элашца Ӏуьллуш хир вара, деши а гулдеш, шайн цӀенош детих хьаладузуш болчу.
16
Хеназа бер санна со къайла хӀунда ца ваьккхина? Дуьненан серло ца гина аганара бер санна со дӀа хӀунда ца воьллина?
17
Белла Ӏесанаш вонаш дечуьра ма совцу, шаьш кешнашка ма-кхеччи, дахаро гӀелбинарш цигахь садоӀуш ма хуьлу.
18
Цигахь лаьцна болу нах а паргӀат ма бовлу, шайн тӀехьожуш болчеран аз а ца хезаш.
19
Лараме боцурш а, цӀеяханарш а цигахь цхьатерра хуьлу, ткъа лай шен олахочунна хьалха паргӀат хуьлу.
20
ХӀунда ло бала хьоьгучунна дуьненан серло, синан гӀайгӀанехь волчунна дахар а хӀунда ло?
21
Цара Ӏожалле сатуьйсу, ткъа иза ца хуьлу, мел еза йолчу хазнел сов иза лоху цара.
22
И санна болу нах, шайна каш карийча, баккхийбеш хир бара, чӀогӀа цунах сакъераделла.
23
ХӀунда луш ю адамна серло, цуьнан дахаран некъ къайлаха хилча, массо а агӀор Дала цунна го бина хилча?
24
Сан кхачанан метта аса дохуш долу даккхий синош ду, хи санна, охьаоьхуш сан бӀаьрхиш ду.
25
Со къаьхкаш хилларг суна тӀекхечи, со кхоьруш хилларг суна хили.
26
Со волчохь я машар а бац, я синтем а бац, я садаӀар а дац: сан са карзахдаьлла».
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42