bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 38
Job 38
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 37
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 39 →
1
ЭлихӀу вистхилла ваьлча, дарца юккъера Аюбе вистхилира Веза Эла.
2
«Сан Ӏалашонаш хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг мила ву?
3
ДӀаехка хьайн гӀодаюкъ, къонахчо ма-еххкара: Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло.
4
Мичахь вара хьо, Аюб, Аса латта дӀахӀоттош? Схьаала Соьга, хьайн кхетам цу хӀуманна тӀекхиънехь.
5
Мила ву цу лаьттан барам нисбинарг? Хьуна-м хууш ма ду иза! Мила ву цунна тӀехула дустаран тӀийраг дӀасаяржийнарг?
6
Стенна тӀе хӀоттийна дуьненан бух, хьан биллина цуьнан са нисбеш буьллуш болу тӀулг,
7
дерриг а Ӏуьйренан седарчаша цхьаьна эшарш лекхначу хенахь, стигалара гуламан декъашхой сакъералуш хиллачу хенахь?
8
Лаьттан кийрара хиш аралилхинчу хенахь хӀордана хьалхара кевнаш дӀа хьан къевлина?
9
Ас, духар санна, цунна тӀе мархаш ехкира, буькъачу боданна юккъе иза дӀа а хьарчош.
10
Ас иштта хӀордана доза а къастийра, цунна хьалха догӀа тухуш йолу кевнан неӀарш а хӀиттош.
11
Ас цуьнга элира: „ХӀокху метте кхаччалц схьабогӀур бу хьо, амма кхузара сехьайовла йиш яц хьан курачу тулгӀенийн“.
12
Хьан дахарехь ахьа цкъа а Ӏуьйренна омра диний, я Ӏуьйренан цӀийяларна цуьнан меттиг дӀахӀоттийний?
13
Ахь сатасарна шен йистошца латта дӀа а лоций, цунна тӀера Ӏесанаш охьакхисса аьлла, тӀедожийний?
14
Ӏуьйренан цӀийяларехь дерриг а латта, мухӀарна бухахь поппар санна, хийцало, лаьттан лакхенаш а, кӀоргенаш а, духар санна, гучуйовлий, дӀахӀуьтту.
15
Сатасаро Ӏесачу нахана безаш болу бода дӀалоцу, иштта кхечу нахана ницкъбар цаьргара схьадоккху.
16
Хьо кхаьчний хӀорд схьаболучу меттигашка? Хьо леллий, кӀоргачу хийн къайленаш а толлуш?
17
Ӏожаллин кевнаш гайтиний хьуна? Эхартан кевнаш гиний хьуна?
18
Лаьттан барам стенга кхочу хаьий хьуна? Схьадийца, и дерриг а хьайна хаахь.
19
Серло ехачу метте муха кхочур ву, мичахь ду бода чохь Ӏаш долу цӀа?
20
Уьш хила безачу метте дӀабигалур буй хьоьга? Шайн хӀусамашка уьш юхадерзоран некъаш девзий хьуна?
21
Хьуна иза хууш хир ду-кх, хӀунда аьлча хьо и хан тӀекхачале дуьнен чу ваьлла ву ткъа? Хьан дахаран денош вуно дукха ду ткъа?
22
Лайн сов йолу хӀума дӀаюьллучу чуваьллий хьо, гиний хьуна къора чохь йолу меттиг,
23
Ас халачу заманна лерина латтош йолу, мостагӀа тӀелатар я тӀом баллалц.
24
Муха кхача веза шена тӀера стелахаьштигаш дӀасаяьржаш йолчу меттиге я малхбалехьара мох лаьтта тӀехула дӀасадаьржаш йолчу меттиге?
25
Хьан доху стигалахь догӀанна некъаш, иштта хьан дохку стигал къекъарца детташ долчу ткъесана некъаш,
26
цаьрга даьссачу лаьтта тӀе а, адам доцучу аренна тӀе а догӀа даийта,
27
эрна а, яьсса а аре хих Ӏаборхьама а, бецашка зӀийдагаш тасийтархьама а?
28
Вуй ткъа догӀанан да? Хьан деш ду тхин тӀадамаш?
29
Хьенан кийрара араболуш бу ша, ткъа стигалара йис хьан йо?
30
Хиш а, тӀулг санна, чӀагӀ а лой, дӀахӀуьтту, хӀорд а тӀехулара чӀагӀло.
31
ВорхӀ Седа цӀе йолчу седарчийн куц хьоьга цхьаьна дехкалур дуй? Орион цӀе йолчу седарчийн куьцан буржалш хьоьга малдалур дуй?
32
Хьоьга арабаккхалур буй шен-шен хеннахь седарчийн гулам, иштта Нана-ча а, Чен кӀорнеш а цӀе йолу седарчийн куьцаш лело аьтто хир буй хьан?
33
Хаьий хьуна, стигалийн бакъонаш муха ю? Цаьрга лаьттана куьйгалла дайталур дуй хьоьга?
34
Мархашка хьайн аз айалур дуй хьоьга, цигарчу хине хьо верриг а ваша а войтуш?
35
Ткъесаш ахьа аьллачу метте дӀагӀур дуй, эр дуй цара хьоьга: „Тхо кийча ду“?
36
Мархашна хьекъалалла хьан делла, дохк муха хила деза, хьан кхетам белла?
37
Мила ву стигалара мархаш ягаръяллал хьекъал долуш а, уьш агӀор а яьхна, догӀа даийттал ницкъ болуш а,
38
цул тӀаьхьа ченах хатт а хилла, цу лаьттах гӀорзанаш еш верг?
39
Хьо ижуна тӀаьхьаволу те нана-лоьман дуьхьа, мацделла лелачу цуьнан кӀорнеш юзорхьама,
40
уьш шайн бен чохь дӀатебна Ӏачу хенахь я уьш коьллаш юккъехь кӀело йина Ӏачу хенахь?
41
Хьан кечйо хьаргӀанна юург, цуьнан кӀорнеш Деле кхойкхуш, юург ца карош лелачу хенахь?»
← Chapter 37
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 39 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42