bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 13
Job 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 14 →
1
Аюба элира: «И дерриг а сан бӀаьргашна гина ду, суна иза хезна ду, со цу хӀуманах кхета.
2
Шуна хууш дерг суна а хаьа. Со а ма вац шул оьшуш.
3
Амма Нуьцкъалчуьнга вистхила лаьа суна, Далла хьалха сайн гӀуллакх лардан лаьа!
4
Ткъа аша сан чевнашна харцонца лоьралла до, шу дерриш а — пайда боцу лоьраш ду.
5
ЭхӀ, кхин дист а ца хуьлуш, шу дӀасевцича, иза, шун хьекъалалла ду аьлла, туьдур дара.
6
ЛадогӀийша гӀуллакх лардан ас бохучуьнга, сайн багахула ас туьдучун тидам бейша.
7
Делан дуьхьа зуламе дерг бохур ду те аша? Цунна гӀоьнна мекарниг дуьйцур ду те аша?
8
Цуьнга озабезам бан лаьий шуна? Делан гӀуллакх лардан гӀерта шу?
9
Нагахь Цо шу зийча, дика хир дуй? Я Иза, адам санна, левийр ву аша?
10
Цо луьра таӀзар дийр ду шуна, аша къайлаха озабезам лелабахь.
11
Цуьнан возалло шу кхера ца до те? Цунна хьалха шуна тӀе кхерам ца буссу те?
12
Аш далийна кицанаш, овкъарш санна, эрна ду. Шаьш лардан боху дешнаш поппаран турсаш санна ду.
13
ДӀа а совций, со вистхилийта, тӀаккха кхунах луъург хилахьара.
14
Сайн дахар кхерамечу хьоле ас хӀунда хӀоттор дара? Сайн са ас куьйга тӀе хӀунда дуьллур дара?
15
Цо со билггал вийна дӀавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву. Сайн лелар Цунна хьалха билггал лардийр ду аса.
16
Цу тӀехь хир ду сан кӀелхьарвалар, хӀунда аьлча Делах тешаш воцург Цунна хьалхахӀотта ваьхьар вац.
17
Дикка ладогӀийша аса бохучуьнга, сан кхеторан дешнийн тидам бейша.
18
Аса сайн гӀуллакх кхетачу къепехь кечдина. Суна хаьа, со бакъвина хир вуйла.
19
Мила ву соьца къовса йиш йолуш верг? Со дӀатуьйр а вара, вала реза а вара.
20
Ши хӀума ма дахьара Ахьа суна тӀехь, тӀаккха со лелар вацара Хьох къайлавуьйлуш:
21
суна тӀера Хьайн куьг а дӀадаккхахьара Ахьа, Хьайн къематаца со кхера а ма вахьара Ахьа.
22
ТӀаккха дӀакхайкха соьга, ас жоп лур ду Хьуна, я ас къамел дийр ду, ткъа Хьо суна жоп луш хир ву.
23
Мел ду сан къа а, сан зулам а? Сан аьрхалла а, зулам а гайтахьа суна!
24
ХӀунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь, хӀунда лору Ахь со Хьайн мостагӀа?
25
ДӀасалела гӀа санна волу со кхераво те Ахь? Декъа ча санна волчу суна тӀаьхьалела те Хьо?
26
Къаьхьа кхел ю Ахьа суна йинарг, жималлехь соьгара даьллачунна суна доькхуш.
27
Ахьа сан когашна буржалш тоьхна, ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу, ас юьту лараш тергалйо Ахьа.
28
Иштта со, мурйоьлла дечиг санна а, нецаша йоу бедар санна а, телхаш ву».
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42