bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 33
Job 33
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 34 →
1
ЭлихӀус кхидӀа а элира: [1] «Ткъа хӀинца, Аюб, ас бохучуьнга ла а догӀа, массо а ас олучу дешан тидам а бе.
2
ХӀинца ас сайн бага дӀайоьллу, сан дешнаш меттан юьххьехь ду.
3
ЦӀеначу даг чуьра сан дешнаш схьадовлу, суна хууш дерг сан матто цӀена схьабоху.
4
Со Делан Сино кхоьллина, Нуьцкъалчун Ӏаьнаро суна дахар ло.
5
Хьайн аьтто белахь, жоп ло суна, соьца къовса кеч а ло, дӀа а хӀоттий.
6
Далла хьалха со а хьо верриг ву, со-со а ву поппарх вина.
7
Цундела сох болчу кхерамо хьо Ӏада ма во, хьуна тӀехь болу сан Ӏаткъам беза хир бац.
8
Суна сайна хезира ахьа мел аьлларг, хьан аз хӀинца а сан лерехь ду:
9
„Со цӀена ву, зуламаш лелийна а воцуш, со бехказа ву, къинош летийна а воцуш.
10
Ткъа Далла суна таӀзар дан бахьанаш карадо, со Шен мостагӀа а лору Цо.
11
Цо сан когашна буржалш тоьхна, ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу“.
12
Цу тӀехь хьо бакъ вац, Аюб, хӀунда аьлча Дела адамал лекха ву.
13
ХӀунда къийсало хьо Цуьнца, адамо олучу дешнашна Цо жоп ма ца ло?
14
Дела адаме юх-юха а вистхуьлуш велахь а, Цо бохург ца тусало стагана.
15
Цо гӀенах олу стаге я буьйсанан суьртехь, кӀорга наб адамна кхеттачу хенахь я шен меттахь стаг Ӏуьллучу хенахь.
16
ТӀаккха церан лерг сама а доккхий, дикка гучу тайпана царна лерина долу Шен дӀахьедар до Цо,
17
стага дан леринарг цуьнга ца дайта а, цуьнан куралла дӀаяккха а,
18
иштта иза эхартана гена ваккхархьама а, цуьнан дахар Ӏожаллин хих чекх ца далийтархьама а.
19
Шен меттахь лазарца кхетаво Цо иза, цуьнан даьӀахкашкахь гуттар а тӀом а латтош.
20
ТӀаккха цуьнан кийрано яа хӀума тӀе ца оьцу, уггар токхе йолу хӀума а цуьнга ца яало.
21
Цуьнан дегӀ гӀелло, цунах хӀумма а ца дуьсу, хьалха гуш йоцу цуьнан даьӀахкаш гучуйоху.
22
Цуьнан са эхарте кхочуш ду, ткъа цуьнан дахар — Ӏожалла тӀеяхьаш болчу геланчашка.
23
Амма нийса муха лела деза гайтархьама, адамна юкъалелаш долу малик делахь, вуно дуккха а долчу маликех цхьаъ,
24
оцу стагах къинхетам а бина, цо эр ду Деле: „Эхарте кхачарх паргӀатваккхахьа иза, цунах такха дезарг суна карийна“.
25
ТӀаккха цуьнан дегӀ къона волуш хилларг санна, дӀахӀуттур ду, иза юхавоьрзур ву шен жималлин деношка.
26
Цо Деле доӀа дийр ду, ткъа Дела цунна тамехь хир ву. Деле Ӏибадат а деш, цо воккхаверца мохь хьокхур бу. Дала цуьнан нийса хьал юхаметтахӀоттор ду.
27
Нахе дӀадуьйцур ду цо шена хилларг: „Ас къинош летийна сайх, харцдолчух бакъдерг а деш, амма суна догӀу таӀзар Цо суна ца дина.
28
Эхарте кхачарх со паргӀатваьккхира Цо, хӀинца сан дахар серлонах дуьзна ду“.
29
И дерриг а Дала адаман дуьхьа деш ду, кхин шозза, кхузза дукхах а деш,
30
цуьнан са эхарте кхачарх даккхархьама а, цунна дахаран серло лепийтархьама а.
31
Тидам бе, Аюб, ладогӀа ас бохучуьнга. ХӀумма а ма ала, ткъа аса дуьйцур ду.
32
Амма хьайн ала хӀума делахь, суна дуьхьал ала. Вист а хила, хӀунда аьлча суна лаьа хьо бехказавоккхийла.
33
Нагахь хьайн ала хӀума дацахь, вист а ца хуьлуш Ӏе, ас Ӏамор ду хьуна хьекъале дерг».
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 34 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42