bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 5
Job 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 6 →
1
Элипаза кхидӀа а элира [1] «Ахьа кхайкхахь, хьуна дуьхьал жоп хьан лур ду? Дезачу маликех ахь муьлхачуьнга гӀо доьхур ду?
2
Карзахвийларо сонтаниг войур ву, хьегаро хьекъал доцург хӀаллаквийр ву.
3
Ӏовдал стаг дика ваха охьахиъна гина суна, амма сихха цуьнан цӀенна неӀалт кхайкхийна ас.
4
Цуьнан бераш маршонехь хиларна генахь ду. Нагахь гӀалин кевнна уллохь цаьрца стаг кхеле валахь, царна гӀо дан цхьа а вац.
5
Цуьнан ялта мецачо дӀакхоллур ду, цо иза ур-атталла коканех а цӀандийр ду, ткъа хьогах берш цуьнан бахамах хьоьгур бу.
6
Зулам лаьтта бухара арадолуш ма дац, ткъа бохам кха тӀехь хьалаболуш а бац.
7
ЦӀеран суйнаш ирх ма лелххара, адам бала хьега кхоьллина ду.
8
Хьан метта со хилча, Аюб, со Далла тӀе воьрзур вара, сайн гӀуллакх аса Цунна хьалха дӀахӀоттор дара.
9
Даккхий ду Цуьнан гӀуллакхаш, царах вай кхетар доцуш, Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дагардина а вер вац.
10
Цо лаьтта тӀе догӀа а доуьйту, кхаш тӀе хи а дуьллу.
11
Шаьш кӀезиг хеташ берш Цо лакхабоху, тийжаш берш Цо кхоччуш маьршабоху.
12
Цо хӀилланчийн дагалацамаш бохабо, уьш кхочуш ца хилийтархьама.
13
Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хӀилланца схьалоцу, мекарчара дан леринарг Цо кхочуш ца хуьлуьйту.
14
Дийнахь уьш боданехь хуьлу, ткъа де делкъе даьлча, буьйсанна санна, куьйган уьшаршца лела.
15
Пекъар нуьцкъалчеран куьйгах Цо кӀелхьарвоккху, мисканиг церан бетера догӀучу туьрах Цо ларво.
16
Иштта, къечу стеган сатуьйсийла ю, ткъа харцоно шен бага дӀачӀагӀйо.
17
Декъала ву Дала нисво стаг. Нуьцкъалчун таӀзар дегаза ма хета,
18
хӀунда аьлча Цо чов а йо, амма Цо дӀа а йоьхку. Цо лаза а во, амма Цуьнан куьйгаша дарба а до.
19
Юх-юха а Дала баланех воккхур ву хьо, уьш хьох хьакха а лур бац.
20
Дала мацаллех хьо кӀелхьарвоккхур ву, тӀам тӀехь туьрах а ларвийр ву.
21
Мотт беттарх Цо хьо ларвийр ву, бохам хьайна тӀебеача, цунах хьо кхера ца веза.
22
ХӀаллакьхиларх а, мацаллех а хьо воьлур ву, акхаройх а хьо кхоьрур вац.
23
Аренгахь долчу тӀулгашца а хьан барт хир бу, акхарой а хир ю хьоьца машарехь.
24
Хьуна хуур ду, хьайн четарна кхерам боцийла, ткъа хьайн бахаме хьоьжуш хилча, дайна хӀума хир доцийла.
25
Хьуна хуур ду, хьан бераш дуккха а хилар, хьайн тӀаьхьенах берш аренгара буц санна хилар.
26
Къанвелча бен хьуна Ӏожалла гур яц, ялтин цӀевнаш шен хеннахь дӀа-ма-хӀиттора.
27
И хӀума тхуна иштта хир дуйла хиъна, цундела, тхоьга ла а догӀий, хӀара хьехар дӀаэца».
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42