bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 23
Job 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 24 →
1
Аюба, жоп а луш, элира:
2
«Тахана а къаьхьа ду сан аьрзнаш, куьйгаца сайн узарш ас Ӏаткъадахь а.
3
Суна хууш делахьара, Дела мичахь карор ву а, Цуьнан хӀусам йолчу со дӀавогӀуш велахьара а,
4
аса дӀадуьйцур дара Цуьнга сайн гӀуллакх, сайн бага со бехказадохучу дешнех а юзур яра.
5
Цо сайга хӀун олу а хуур дара суна, Цо сайга бохучух а кхетар вара со.
6
Шен болчу ницкъаца соьца къовсалур вара те Иза? Вацара! Цо Шен тидам суна тӀебохуьйтур бара.
7
ТӀаккха бакъахьа лелаш волу со Цуьнца къовсавала мегара, ткъа суна а сан Кхелахочуьнгара массо а ханна паргӀато хир яра.
8
Со малхбузехьа дӀавоьду — цигахь Иза вац, малхбалехьа — цигахь а суна Иза ца караво.
9
Иза къилбаседехь къахьоьгуш хилча а, сан Цунах бӀаьрг а ца кхета, къилбехьа Иза дӀавирзина хилча а, суна Иза гуш вац.
10
Ткъа Цунна хууш ма ду, со лела некъ муьлха бу. Цо со зийча, деши санна, цӀена хилла дӀахӀуттур ву со.
11
Цуьнан лар лохуш, леррина вогӀу со. Юьстах а ца волуш, Цуьнан некъ ас ларбо.
12
Цуьнан багара девллачу весеташ тӀера со ца ваьлла, Цуьнан багара дешнаш сайн даг чохь Аса леладо.
13
Иза хийцам боцуш ву — мила ву Иза хийцавалийта? Шена дага мел деанарг Цо кхочушдийр ма ду.
14
Суна дуьхьал Ша леринарг Цо кхочушдийр ду, ишттаниг Цуьнан дуккха а ду дӀадиллина.
15
Цундела ву со Цунна хьалха Ӏадийна, айса ойла ешшехь — Цунах кхерало со.
16
Дала кӀаддина сан дог, Нуьцкъалчо со кхерийна.
17
Со вист ца хуьлуш лаьтташ вац, бода белахь а, сан юьхь Ӏаьржачу бодано дӀахьулйинехь а».
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42