bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 4
Job 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 5 →
1
Теманхо волчу Элипаза иштта жоп делира:
2
«Хьоьга хӀума алахь, хьуна вас хир ю те? Делахь а, вист ца хуьлуш мила Ӏалур ву?
3
Дукхахболчарна ахьа хьехамаш бора, гӀелделлачу куьйгашна юха а ницкъ лора,
4
гӀийланиг хьан дешнаша чӀагӀвора, ког тасабелларг охьа ца вужуьйтура.
5
Амма хӀинца хьуна тӀе вон деъна, ткъа хьо гӀайгӀанехь ву, хьох хьакхаделлачу зуламо хьо вохийна.
6
Деле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо тешна ца хуьлу те? Хьан некъаш кхоччуш цӀена хиларх хьо сатуьйсуш ца хуьлу те?
7
Дагадаийтахьа хьайна, бехк боцург хӀаллакьхилла гиний хьуна, я бакъахьа леларг таӀзар дина гиний?
8
Зулам охучара а, вониг тосучара а бохамийн ялта схьаэцар гина суна.
9
Делан садеӀаро уьш хӀаллакбо, Цуьнан оьгӀазлоно уьш боха а бо.
10
Лоьмаша деш долу гӀигӀ Дала дӀасоцуьйту, къоначу лоьмийн цергаш Цо схьайоху.
11
Нуьцкъала лом шена ижу ца хилча ле, ткъа лоьмийн кӀорнеш дӀасаяьржа.
12
Цхьана дийнахь къайлаха хаам беара соьга, сан лергашна цунах лаьцна цхьа шабар-шибар деш хезира,
13
сингаттамечу буса гуш долу гӀенаш санна, чӀогӀа наб а кхетта, адам дӀадижначу хенахь.
14
Суна чӀогӀа кхерам тесна дела, сан массо а даьӀахк егош яра.
15
Суна тӀехула цхьа са дӀадахара, ткъа сан коьртара месаш ирахӀиттира.
16
Иза сецира, амма суна цуьнан сибат ца гора, сан бӀаьргашна хьалха цуьнан амат бен дацара. Лохха мох хьокхуш санна хеттачу суна цуьнан аз хезира:
17
„Адаман йиш юй Далла хьалха бакъахьара хила? Цуьнан йиш юй ша Кхоьллинчунна хьалха цӀена хила? “
18
Иза ур-атталла стигаларчу Шен ялхойх а тешна Ӏаш вац, ур-атталла Шен маликашна тӀехь а Цунна кхачамбацарш го.
19
Кхин а кӀезиг тешна Ӏаш хир ву Иза адамех, церан догӀмаш поппарх дича санна долчу, церан дахар гӀамар тӀехь лаьтташ санна долчу. Уьш-м нецал а атта тӀетоьхна дайалур ма ду.
20
Ӏуьйранна сарралц уьш хьоьшуш ду, цхьанна а гур а доцуш, гуттаренна а хӀаллакьхуьлу.
21
Машшаш а хедийна, церан четар дакъазадоху. Уьш ле, хьекъалалле кхин ца кхочуш».
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42