bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 18
Job 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 19 →
1
Иштта жоп делира шуахьахо волчу Билдада:
2
«Маца совцур ду те шу и къамелаш дечуьра? Ойла ейша, тӀаккха дийр ду вай къамел.
3
ХӀунда лору тхо бежанаш санна? Шун бӀаьргашна хьалха тхо кхетам боцуш ду хӀунда моьтту?
4
Хьо оьгӀазвахханчохь хьайн са доу ахьа. Хьо бахьана долуш дуьне дассо деза ткъа, я тарх шен меттера дӀахилийта еза ткъа?
5
Ӏесачун серло а кхулур ю, цуьнан цӀеран алу а лепар яц.
6
Цуьнан четар чохь серлонах бода хир бу, цунна тӀехула болу къуьда дӀабовр бу.
7
Цуьнан чӀогӀа болар а лахлур ду, шен ойланаша иза вужуьйтур ву.
8
Цуьнан когаша иза бойнна тӀе вуьгуш ву, бойнан машшаш тӀехула иза воьдуш ву.
9
Цуьнан кӀажа гуро дӀалоцуш бу, кӀелоно иза схьахоьцуш а вац.
10
Къайлаха речӀанаш цунна лаьттахь йоьгӀна ю, цуьнан некъаш тӀе доьгӀна гураш а ду.
11
Массо а агӀор цунна тӀегӀерташ кхерамаш бу, иза цхьана меттера вукху метте вуьйлуьйтуш.
12
Мацалло цуьнан ницкъ дӀакхоллу. Бохам цунна уллохь кийчча лаьтта.
13
Цамгаро цуьнан чкъор дӀакхоллуш ду, къизачу Ӏожалло дегӀан меженаш юуш ю.
14
Шен хӀусаман паргӀатонера схьа а ваьккхина, къематийн паччахь волчу вуьгур ву иза.
15
Цуьнан метта четар чохь кхин стаг Ӏийр ву, цуьнан хӀусамна тӀе тесна саьмгал хир ду.
16
Лахара цуьнан орамаш а дакъалур ду, лакха тӀера цуьнан гаьннаш а маргӀалдулур ду.
17
Дуьнен чохь иза дагавойтуш мел долу хӀума йойур ю, урамашкахь цуьнан цӀе кхин яьккхина хир яц.
18
Серлонгара бодане иза дӀалоллур ву, кху дуьнен чуьра иза дӀавоккхур ву.
19
Шен халкъана юкъахь бераш я кхин йолу тӀаьхье хир яц цуьнан, иза Ӏийначу меттехь цхьа а дийна вуьсур вац.
20
Малхбузера берш цуьнан кхолламах инзарбевр бу, малхбалера берш цунна хиллачух Ӏадийна лаьттар бу.
21
Баккъалла а, иштта хир ю вочун хӀусам, Дела къобал ца винчун цӀа иштта хир ду».
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42