bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 36
Job 36
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 35
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 37 →
1
ЭлихӀус, кхин а шен къамел дӀа а деш, элира:
2
«Жимма собар де, ас гойтур ду хьуна, Делан цӀарах кхин а хӀума ала дезаш хилар.
3
Ас сайн ойла тайп-тайпанарчу меттигашкара схьаялор ю, со Кхоьллинарг нийса хилар ас билггала гойтур ду.
4
Бакъду, сан дешнаш харц ца хуьлу. Кхетам кхоччуш болу со хьоьгахьа ву.
5
Дела сийлахь ву, ткъа цхьа а дӀа ца тотту Цо. Иза сийлахь ву, Цуьнан кхетам кӀорга бу.
6
Ӏесаниг Цо дийна ца вуьту, гӀело хьоьгучунна нийса кхел йойту.
7
Шен лаамехь волчунах бӀаьрг ца бадабо Цо, ткъа паччахьашка санна цуьнга олалла дойту, лекхачу даржехь иза хилийтархьама.
8
Нагахь уьш, буржалш а тоьхна, Ӏазапехь латтош белахь,
9
Цо дӀагойту цара мел лелийнарг а, дозаллех буьзна уьш хиларна, церан аьрхалла а.
10
ТӀехдеттаре ладогӀийта церан лергаш дӀадоьллу Дала, иштта шаьш лелочу зуламех дӀаберзар царна тӀедуьллу Цо.
11
Цуьнга ла а дугӀуш, Цунна гӀуллакх а деш уьш лелахь, цара шайн дахаран денош беркатехь дохур ду, шайн дахаран шераш самукъане дохур ду.
12
Нагахь Цуьнга цара ла ца догӀахь, уьш Ӏожаллин хих чекхбевр а бу, кхетам боцурш санна лийр а бу.
13
Даггара дин ца лелочара шайн дегнаш чохь оьгӀазалла латтайо, цара Цуьнга ца кхойкху, Цо шайна буржалш тоьхча а.
14
Уьш къона болчу хенахь церан синош леш ду, цӀуйн дуьхьа вовшашца лелачу божаршна юкъахь.
15
Цуьнан бала хьегарехула пекъар паргӀатвоккху Цо, цуьнан гӀело хьегарехула лергаш дӀадоьллу Цо.
16
Хьо а ваьккхинера Цо готтачу меттера цхьа а дуьхьало йоцучу шуьйрачу аренга, хьуна хьалха токхе шун а хӀоттийнера Цо.
17
Амма хӀинца Ӏесачунна догӀу таӀзарх вуьзна ву хьо, цунна леринчу кхело а, таӀзаро а схьалаьцна хьо.
18
Варелахь, хьоле хьо Ӏеха ма вайталахь! Боккхачу кхоэ хьо тила ма вайталахь!
19
Хьайн хьал доккха хиларна я хьо чӀогӀа гӀерташ хиларна, баланех кӀелхьарвер ву те хьо?
20
Халкъаш цӀеххьана меттахдохуш йолчу буьйсане са ма тийса.
21
Варелахь, вочуьнгахьа ма верзалахь, хӀунда аьлча цунах дӀаверзарна гӀело хьоьгуш ма ву хьо.
22
Хьажал, мел боккха бу Делан ницкъ! Кхин вуй ткъа Цул воккха хьехамча?
23
Цунна хьан гойтур ду Цо дан дезарг? Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа дийриг зуламе ду“?
24
Иллешкахь наха дуьйцуш долчу Цуьнан гӀуллакхашна хастамаш бан виц ма ло.
25
Уьш массо а адамашна гина ду, амма стагана геннара бен уьш гина дац.
26
Ма сийлахь ву Дела — Цунах вай кхетар дац. Цуьнан шерийн терахь вайга таллалур дац.
27
Цо хин тӀадамаш Шена схьагулдо, ткъа, догӀа а литтина, царах дохк до.
28
Мархаша шайн тӀуналла охьаӀанайо, шортта догӀа охьадогӀу адамашна тӀе.
29
Цхьа а ца кхета, мархаш муха дӀасаяржайо Дала, иштта Шен хӀусамна тӀера стигал муха къекъайо Цо.
30
Хьажал, Шена гонах Дала стелахаьштиг туху, ткъа хӀордан бух, дӀахьулбина, къайлабоккху.
31
Оццу тайпана адамашна кхел йо Цо, царна шортта кхача а ло Цо.
32
Цо куьйгаца схьаоьцу стелахаьштиг, цунна мича кхета деза а дуьйцу Цо.
33
Ткъесан гӀовгӀано хаам бо дарц хьакхарх, ткъа бежанашна иза тӀедар хууш ду».
← Chapter 35
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 37 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42