bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 12
Job 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 13 →
1
ТӀаккха Аюба, жоп а луш, элира:
2
«Ма бакъ ду иза! Шу нехан бага ю теша? Шуьца цхьаьна хьекъалалла лийр ма ду!
3
Ткъа сан а ма ду хьекъал, шун санна. Ткъа со а ма вац шул оьшуш — иза хьанна ца хаьа?
4
Деле кхойкхуш, Цо жоп луш хилла волчу, сох белам хилла сан доттагӀашна. Нийса а, кхачаме а волчу сох кхардам хилла.
5
Синтем болчунна моьтту бохамах кхарда веза. Ког тасабелларг чутоттуш ву.
6
ПаргӀат ду талорхойн хӀусамашкахь, Дела оьгӀазвохуьйтурш а синтеме Ӏаш бу, цара Дела шайн карахь лелош волуш санна.
7
ТӀаккха хатта акхарошка — цара хьоьхур ду хьуна, стигаларчу олхазарша дуьйцур ду хьуна.
8
Лаьттаца къамел де — цо хьоьхур ду хьуна, хӀорда чуьрачу чӀерашка а дийцийта хьайга.
9
Царах массарах а хьанна ца хаьа, Везачу Элан куьйго и дерриг а дина дуйла?
10
Цуьнан карахь ду хьуна массо а дийначу хӀуманийн синош а, иштта массо а адамийн синош а.
11
Маттана юучун чам хааре терра, лергана а ца девза ткъа дешнаш
12
Къеначаьргахь хьекъалалла карор ду хьуна, дукха ваьхнарг кхетам болуш ма хуьлу.
13
Делехь ду хьекъалалла а, ницкъ а, иштта Цуьнгахь бу хьехам а, кхетам а.
14
Цо дохийнарг юхаметтахӀотталур дац, Цо чувоьллинарг паргӀатвер вац.
15
Цо догӀа сацадахь, массо а хӀума якъалур ю, Цо хиш схьахецахь, цара дерриг а латта хӀаллакдо.
16
Цуьнгахь ницкъ а бу, говзалла а ю, Цуьнан карахь ву Ӏехориг а, Ӏехийнарг а.
17
Хьехамчаш Цо хьекъалх эшабо, кхелахойх Цо сонтанаш а хуьлуьйту.
18
Паччахьашна тӀера хаза духарш дӀа а дохий, лейн бедарш царна тӀеюхуьйту Цо.
19
Динан дай Цо даржах эшабо, чӀагӀбина куьйгалхой херцабо, уьш тоххара дуьйна белахь а.
20
Тешамечу хьехамчийн къамелаш а сацадо, къеначеран къасторан хьуьнар а эшадо.
21
Сийлаллехь болчеран сий а дойу Цо, ницкъ болчаьргара ницкъ а дӀабоккху.
22
Боданехь хьулдинарг а Цо гучудоккху, Цо Ӏожаллин бода а серлонга боккху.
23
Цо халкъаш доьбуьйту, уьш хӀаллак а до. Къаьмнаш нуьцкъала а до, юха уьш дӀа а дуьгу.
24
Дуьненан мехкийн куьйгалхошкара хьекъал дӀа а оьций, уьш некъаш доцучу аренгахула буьйлабелла лоьлуьйту Цо.
25
Куьйган уьшаршца боданехь лела уьш, бехна нах санна, уьш тоьхкуьйту Цо».
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42