bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 14
Job 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 15 →
1
Аюба элира: [1] «Зудчо вина волчу стеган дахар доца ду, иза баланех вуьзна а ву.
2
Зезаг санна, гучу а волий, маргӀалвулу иза. ӀиндагӀ санна, водий, дӀавоьду иза, къайлаволуш.
3
Иза ву-кх Ахьа тергал веш верг! Хьайца кхеле кхойкхуш ву-кх Ахьа со?
4
Боьхачунах цӀенаниг схьавер вуй? Вер вац.
5
Адаман дахаран денош дагардина ду. Ахьа дуьстина цуьнан дахаран беттанаш, царал тӀехвала цуьнан йиш а яц.
6
Цундела ма вехьа иза тергал, витахьа иза, цуьнан денош, тӀелаьцна волчу белхалочун санна, чекхдовллалц.
7
Ур-атталла диттан а сатуьйсийла ю: схьахадийча а, иза денлур ду, иза керла патар ца долуш а дуьсур дац.
8
Лаьттахь цуьнан орам къанлуш белахь а, цуьнан юьхк бухахь яла йоллуш лаьттахь а,
9
цхьажимма цунна хи тосалушшехь, керлачу орамато санна, зӀийдагаш дӀахоьцу цо.
10
Амма адам делча, иза телхий, дӀадолу. ТӀаьхьара са дӀа а долий, адам кхин ца хуьлу.
11
Ӏам чуьра хи къайладалар санна а, хи дӀа а дахана, Ӏовраш якъалуш хилар санна а,
12
иштта стаг дӀа а вуьжу, кхин хьала а ца гӀотту. Стигалш мел юьсу, адам ден а лур дац, шен даларан набарх сама а доккхур дац.
13
Эхартехь со къайлавоккхуш велара Хьо. ОьгӀазвахар дӀадаллалц со хьулвеш велара Хьо. Цигахь Ӏен хан суна билгал а яьккхина, цул тӀаьхьа со дагавогӀуш велара Хьуна.
14
Веллачул тӀаьхьа вехар вуй те стаг? Сайн къахьегаран дерриг а деношкахь со паргӀатваккхаре хьоьжуш Ӏийр вара со.
15
Хьо кхойкхур вара, ас Хьуна жоп а лур дара, Хьайн куьйгаша кхоьллинчу сох хьоьгуш хир вара Хьо.
16
Ас мел боккху ког Ахьа багарбийр бара, амма сан къинош Хьуна дагадогӀур дацара.
17
Соьгара даьлла зулам Ахьа тӀоьрмаг чу дӀадуьллур дара, айса летийна къинош Ахь дӀахьулдийр дара.
18
Охьабужу лам боьхна дӀабалар санна а, тарх шен меттера меттахъялар санна а,
19
хино тӀулгаш жимдар санна а, хин Ӏовраша латта дӀадахьар санна а, йохайо Ахьа адаман сатуьйсийла а.
20
Стагана тӀехь Ахь кхоччуш толам боккху, тӀаккха иза дӀакхелха. Ӏожаллехь цуьнан юьхь а хуьйций, Ахьа иза дӀа а хьажаво.
21
Шен бераш сий долуш хилча а, цунна ца хаьа, церан сий дайча а, цунна ца го.
22
Шен лазар бен ца хьоьгу цуьнан дегӀо, шен гӀайгӀа еш бен дац цуьнан са».
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42