bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 16
Job 16
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 17 →
1
Аюба цунна дуьхьал жоп делира:
2
«И саннарг суна дуккха а хезна, шун догъэцаро вон бен ца дахьа.
3
Хир юй те пайда боцучу къамелийн чаккхе? Иштта хабар деш хьо иракарахӀоттош дерг хӀун ду?
4
Аса а дуьйцур дара хӀинца аша санна, шу сан метта хилча, соьга а далур дара хаза къамелаш, кхардарца шуна дуьхьал корта а лестош.
5
Аса а сайн маттаца шу чӀагӀдийр дара, сан багахула даьллачо шуна синтем а бийр бара.
6
Со вистхилча а, сан бала дӀа ца болу, вист а ца хуьлуш со Ӏийча а, иза лах ца ло.
7
Дала сан тӀаьххьара гӀора дӀадаьккхина. Сан берриг а доьзал Цо бохийна-кх.
8
Цо со схьа-ма-лаьцна, ткъа иза суна дуьхьал тоьшалла ду. Сан гӀора дайна хилар суна дуьхьалдаьлла, сох бехкаш а дохуш.
9
Делан оьгӀазлоно со цоьсту, Шен цергаш суна хьекха а еш, Цо соьца мостагӀалла леладо. Сан МостагӀчо Шен ира хьажар суна тӀедерзадо.
10
Адамаша шайн баганаш суна дуьхьал гӀаттийна, дов дарца сан беснеш тӀе етта цара, уьш массо а суна дуьхьалбовлу.
11
Дала со вочу адамийн кара дӀавелла, Ӏесачеран буьйна со дӀа а кхоьссина.
12
Со синтеме Ӏаш вара, амма со кагвира Цо. Вортанна тӀера схьа а лаьцна, со войра Цо. Со Шен гӀакх санна вина дӀахӀоттийра Цо.
13
Цуьнан пхерчий массо а маьӀӀера схьадетталуш ду, Цо сан жаннех къа ца хеташ Ӏуьтту, сан стим а лаьтта тӀе охьаӀанийна.
14
Со пен болуш санна, юх-юха со вохош ву Иза. ТӀемало санна, суна тӀеуьду Иза.
15
Аса сайн чкъурана сингаттаман бедарш а тегна, гӀора а дайна, дог доьхна чена юккъе охьа а хиъна.
16
Велхарна сан юьхь цӀийелла, сан бӀаьргаш тӀехь Ӏожаллин ӀиндагӀ ду.
17
Иза иштта делахь а, сан куьйгаша цхьанна а ницкъ ца бина, сан доӀа цӀена ду.
18
Латта! Ма даккхахьа сан цӀий къайла! Ас хьоькху мохь къайлаха дӀахьулбина ма хуьлийла!
19
Делахь а, стигалахь сан Теш ву, лакхахь ву суна ТӀехӀуттуш верг а!
20
Сан юкъалеларг суна доттагӀа хилла дӀахӀоьттина, Деле а хьоьжуш, ас бӀаьрхиш Ӏенадечу хенахь.
21
Стеган дуьхьа цо Деле доьху, адамо шен доттагӀчун дуьхьа ма-деххара.
22
Сан дахаран шераш чекхдовлуш ду, юха ца воьрзучу новкъа волуш ву со».
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 17 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42