bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 21
Job 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 22 →
1
Аюба цунна жоп делира:
2
«Дикка ладогӀалаш ас бохучуьнга, цунах суна шуьгара синхьаам хир бу.
3
Ас къамел дечу юкъана сатохалаш, со аьлла ваьллачул тӀаьхьа сох кхарда а мегар ду шуна.
4
Со адамна арз деш ву? Вац! Со собар доцуш хиларан доккха бахьана ду.
5
Соьга схьа а хьовсий, инзардовла, шайн бета тӀе куьг а дилла.
6
Цунах ас ойла йича, къемато дӀалоцу со, сан дегӀ а дего долало.
7
Ӏесанаш дукха хӀунда беха, къеналле а кхочуш, хьолехь сов а бохуш?
8
Церан бераш царна хьалха дӀахӀиттина хуьлу, церан тӀаьхье церан бӀаьргаш хьалха хьалакхуьу.
9
Церан цӀенош чохь кхерам ца лаьтта, Делан гӀаж а яц царна тӀехь тӀеайина.
10
Церан бугӀанашкахь массо а хенахь ницкъ хуьлу, ткъа церан хьелаша, оста а ца довлуш, эсий а до.
11
Жа санна, арабовлуьйту цара шайн кӀентий, церан кегий бераш дӀасалелхаш ловзу.
12
ЖиргӀанаш а етташ, дечиг-пондарш а лоькхуш, эшарш лоькху цара, зурманан гӀовгӀанехь са а къоьру.
13
Церан шераш беркатехь дӀаоьху, тӀаккха паргӀатонехь эхарте кхочу.
14
Цара Деле боху: „Дита тхо, Хьан некъаш довза тхуна ца лаьа!
15
Мила ву Нуьцкъалниг оха Цунна Ӏамал ян? ХӀун пайда болу доӀанца Цунна тӀе верзарх?“
16
Амма церан беркат церан-шайн куьйгаша кхоьллина дац. Иштта Ӏесачеран хьехамаш тӀеэцар генахь ду суна!
17
Кест-кеста бойий те Ӏесачийн чиркх? Кест-кеста вонаш догӀий те цаьрга? Ша оьгӀазваханчу хенахь кест-кеста Дала баланаш хьовзабой те царна тӀе?
18
Кест-кеста моха еана йолу ча санна бу те уьш, я йилбазмохо дӀахьош йолу кегаш санна бу те?
19
Бохуш ду: „Адамна догӀу таӀзар Дала цуьнан берашна кхоадо“. Амма ас олу: адамна шена дойла Цо таӀзар, иза кхетийта!
20
Цуьнан бӀаьргашна гойла шен хӀаллакьхилар, цо ша молийла Ницкъболчун оьгӀазалла!
21
Иза веллачул тӀаьхьа цуьнан хӀун бала бу шен доьзалан, цуьнан оьмаран беттанаш чекхдевлла хилча?
22
Далла хьехамаш бойла дуй те, Цо лаккхахь Ӏаш болчарна а кхел еш хилча?
23
Цхьаъ шегахь буьззина ницкъ болчу хенахь ле, цхьана а хӀуманан бала а, гӀайгӀа а йоцуш.
24
Цуьнан кийра махьарех буьзна бу, цуьнан даьӀахкаш тӀамарах юьзна ю.
25
Ткъа важа шен дог доьхначохь ле, цкъа а цхьана а дикачух зовкх а ца хьегна.
26
Амма и шиъ цхьабосса лаьтта вуьжу, нӀаьнаша цхьабосса къайла а воккху.
27
Суна шун ойланаш а, хӀилланаш а девза, аш сайна дуьхьал даха кечдина долу.
28
Аша олу: „Мичахь ду къизачу баьччанан цӀа? Мичахь ду Ӏесанаш чохь Ӏийна четар а?“
29
Некъахошка хаттарш ца дина те аша? Церан дийцарийн тидам ца бина те аша?
30
Бала тӀебеанчу дийнахь зуламхо кхоош хуьлу, Делан оьгӀазаллин дийнахь иза кӀелхьарвоккху.
31
Цуьнан лелар юьхь-дуьхьал хьан емалдийр ду? Цо диначух хьан бийр бу цунна бекхам?
32
Иза Ӏожаллин новкъа ваьккхинчул тӀаьхьа, цуьнан кошана улло гӀарол хӀоттадо.
33
ТогӀи чохь кошан латта цунна мерза хуьлу. Массо а стаг цунна тӀаьхьахӀоьттина вогӀу, цунна хьалха йоьду тоба ягарйина а вер вац.
34
Шун эрначу хабарх суна синхьаам муха хир бара? Аша мел динчу жоьпех харцо бен ца юьсу!»
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42