bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 22
Job 22
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 23 →
1
Теманхо волчу Элипаза, жоп а луш, элира:
2
«Далла хӀун пайда бу адамах? Ур-атталла хьекъал долчух хӀун пайда бу Цунна?
3
ХӀун синкъерам бу Нуьцкъалчунна хьо бакъ хиларх? ХӀун пайда хир бара Цунна хьан некъаш цӀена хиларх?
4
Цунна хьалха хьо ларамах вуьзна хилар дуй те хьуна Ӏиттарш еш а, хьо кхеле вуьгуш а Иза лелар?
5
Бакъду, хьан вонаш дукха ду, хьан къинош доза доцуш ду.
6
Бахьана доцуш вежаршкара закъалташ ийдина ахьа, царна тӀера бедарш а яьхна, уьш беркъа а бохуш.
7
ГӀелвеллачунна мала хи а ца лора ахьа, мацвеллачуьнга бепиг а ца кховдадора.
8
Ницкъ болчуьнга ахьа латта схьалоцуьйтура, цӀеяхана верг цигахь ваха а хоуьйтура.
9
Бисина Ӏаш болу зударий даьссачу куьйгашца ахьа дӀабохуьйтура, ахьа байшкахь болу ницкъ а хӀаллакбора.
10
Цундела ду хьуна гонах хӀиттийна гураш, цундела хьо цӀеххьана къемато Ӏадийна ву.
11
Цундела хьуна хӀумма а ца галлал бода тӀебеана, цундела хи тӀедаларо хьо къайлавоккхуш ву.
12
Дела лекхачу стигалшкахь Ӏаш вац ткъа? Хьалахьажал седарчашка, мел лекха ду уьш!
13
Ткъа ахьа боху: „ХӀун хаьа Далла? Цуьнга адамна кхел ялур юй те юькъачу мархашна юкъара схьа?“
14
Мархаша хӀума ган Цунна новкъарло йо, Иза стигалан Ӏаьршашкахула лелачу хенахь.
15
Ткъа гӀур вуй те хьо кхидӀа а ширачу а, зуламхоша баьккхинчу а новкъа?
16
Уьш шайн хан а кхачале хӀаллакьхилла, ткъа церан цӀенош хино дӀадаьхьна.
17
Цара Деле баьхна: „ДӀавала тхуна уллора! ХӀун дийр ду тхуна Ницкъболчо?“
18
Ткъа Цо церан цӀенош хьолах хьаладузура. Амма ас церан хьехамаш тӀеоьцур бац!
19
Амма бакъахьа леларг, цаьрга а хьоьжуш, церан дакъазадийлар а гуш, сакъералуш хир ву, цӀена верг царах воьлуш а хир ву:
20
„ХӀаллакьхилла тхан мостагӀий, ткъа царах диснарг цӀаро хӀаллакдина“.
21
Делаца тайна хилахьа а, Цуьнца барт болуш вахахьа. Иштта хиларца хьуна тӀе дика догӀур ду.
22
Цуьнгара схьаболу хьехам дӀаэца, Цуьнан дош хьайн даг чу дӀадилла.
23
Нуьцкъалчунна тӀе верзахь, хьо юхаметтахӀоттийна хир ву. Нагахь санна хьайн хӀусамера къинош ахь дӀалахкахь,
24
нагахь хьайн деши ахь ченашка дӀакхоссахь, Апаран деши — Ӏаннийн тӀулгашка,
25
тӀаккха Нуьцкъала Дела хьан деши хилла дӀахӀуттур ву, Иза иштта къегаш долу дети санна хьуна хир ву.
26
ТӀаккха хьо Нуьцкъалчунах воккхавер ву, хьайн юьхь Далла дуьхьал а ерзор ю ахьа.
27
Ахьа доӀа дича, Цунна дӀахезар ду, тӀаккха кхочушдийр ду ахьа хьайн нигаташ.
28
Ахьа дагалаьцнарг дерриг а кхочушхир ду, хьан некъаш тӀехь серло хир ю лепаш.
29
Адамаш охьатаӀийна делахь, ахь эр ду: „Хьалаайина хила“, ткъа корта охьабахийтинарг Дала кӀелхьарвоккхур ву.
30
Бехк берг а Дала кӀелхьарвоккхур ву, цуьнан кӀелхьарвалар хьан цӀена куьйгаш бахьана долуш хир ду».
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 23 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42