bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 30
Job 30
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 31 →
1
Аюба кхидӀа а элира: [1] «ХӀинца сол жимах берш сох буьйлуш бу. Церан дай ас сайн жа лардеш долчу жӀаьлешна улло а буьтур бацара.
2
Суна хӀун пайда бара куьйгашкахь болчу ницкъах, оцу дайн гӀора цаьргара дӀадаьхьна хилча?
3
Къоьллех а, мацаллех а гӀелбелла, буьйсанна яьссачу аренгахь декъа орамаш доура цара.
4
Коьллашна юкъара сорам боккхура цара, ткъа чаьмза жолам-колл царна кхачанна яра.
5
Адамашна юкъара дӀалоьхкура уьш, къушна тӀе санна, царна тӀе мохь хьоькхура.
6
Церан Ӏойла дакъаделлачу хин Ӏаннаш чохь ду, лаьттах долчу оьрнашна а, тархашна а юкъахь.
7
Коканийн коьллашна юкъахь, варраш санна, Ӏоьхура уьш, нитташна юкъахь шаьш дӀахьулбора.
8
ЦӀе йоцу, пайда боцу, махкара лаьллина лелош йолу арданг!
9
Цара сох хӀинца кхардаран йиш лоькху, сох лаьцна цара масалш а даладо.
10
Царна со дегаза а хета, уьш сох къехка а къехка, со шайна гушшехь, туйнаш а кхуьссу цара.
11
Сан секхаӀодан зӀенар дӀа а яьстина, Дала со гӀел а вина, суна гӀело а йина. Цундела суна дуьхьал дуьрста йоцуш бу уьш.
12
Аьтто агӀор суна тӀелета и арданг, сан когаш тӀера со бертал ветта цара, со верхьама шайна некъ а боккхуш.
13
Цара сан кӀелхьарваларан некъ бохийна, со дакъазаваккхарна аьтто бо цара, цхьа а шайна гӀо деш воцуш.
14
Пенах даьккхинчу доккхачу Ӏуьргах санна, чулелха уьш суна. Пенан дакъош охьадужучу хенахь суна тӀебеттало уьш.
15
Ӏадош долу къематаш догӀу суна тӀе, сан юьхькӀам, мохо санна, дӀасабаржабо, со кӀелхьарваларан йиш, марха санна, йов.
16
Сан са дӀадолуш доллу, баланийн денош тӀекхаьчна суна.
17
Буьйсанна сан даьӀахкаш лозу, сан лазар а дац цкъа а соцуш.
18
Боккхачу ницкъаца сан бедар хьийза а еш, Дала сан барзакъан кач дӀалоцу.
19
Цо со хоттана юккъе кхуссу, хӀинца со чан а, овкъарш а санна ву.
20
Со Хьоьга кхойкху, амма Ахьа суна жоп ца ло, со Хьуна хьалха лаьтташ ву, амма Хьо соьга схьа ца хьожу.
21
Нуьцкъала Дела, ма къиза ву-кх Хьо соьца, Хьайн нуьцкъала куьг суна дуьхьал даьккхи-кх Ахьа.
22
Со хьала а айина, сихачу мохе хьовзавайти Ахьа, чӀогӀа хьоькхучу мохаца со дӀаса а ветта Ахьа.
23
Суна хууш ду, Ахьа со Ӏожалле вуьгуш вуйла, дуьнен чохь вехаш волу массо а стаг кхочур волчу метте.
24
Декъазачунна тӀе куьг айдеш хуьлу, орца а дохуш, цунна тӀехь хала киртиг хилча?
25
Хала дахар долчунах воьлхуш вацара те со? Къечунах къинхетам ца бора те ас?
26
Ас диканах сатуьйсучу хенахь, бала кхечи соьга, ас серлоне сатесча, бода тӀебеа.
27
Сан кийрара цӀе дӀа ца йолу, баланийн денош ду суна тӀедаьхкина.
28
Сан чкъор Ӏаржделла, амма иза малхо Ӏарждина дац. Адамийн гуламна хьалха дӀа а хӀоьттина, ас гӀо доьху.
29
Со хӀинца чангӀалкхийн ваша а, страусийн доттагӀа а хилла.
30
Ӏаржделла сан чкъор охьадужу, дерриг а сан дегӀ дагаро дӀалаьцна.
31
Сан мерз-пондар а бу боьлхуш, тийжаш ю сан зурма а».
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 31 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42