bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 10
Job 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 11 →
1
Аюба кхидӀа а элира: [1] «Сан синна сан дахар къахьделла. Сайна чохь сецор бац аса сайн латкъамаш. Ас буьйцур бу сайн даг чохь болу бала.
2
Аса эр ду Деле: „Ма ехьа суна кхел. Дийцахьа суна, стенна тӀехь со бехкево Ахь?
3
Хьуна тамехь ду те суна гӀело яр а, Хьайн куьйгаша виначух кхардар а, ткъа Ӏесачийн ойланех Хьо воьлуш хилар а?
4
Адаман ши бӀаьрг бу те Хьан, я адамна санна са го те Хьуна?
5
Тхан дахар санна доца ду те Хьан дахар? Адаман санна ду те Хьан шераш?
6
Цу бахьаница ас къа латийна хилар Хьо лоьхуш ву те? Цундела ас зулам динийла Хьо леррина толлуш ву те?
7
Со бехк боцуш вуйла Хьайна хуъушехь, Ахь со дӀа ца хоьцу, со Хьан куьйга кӀелхьара ваккха стаг а вац.
8
Хьан куьйгаша кеп йина а, кхоьллина а ма ву со, кхачаме а, цӀенна а, ткъа хӀинца хӀаллак хӀунда во Ахьа со?
9
Дагадаийтахьа, Айхьа со поппарх вина, нисвина хилар. ХӀинца юха а сох чан ян воллу те Хьо?
10
Ахьа со, шура санна, охьавоьттира, ткъа юха, кӀалд санна, вукъвира Ахьа со.
11
Дилха а, чкъор а диллира Ахьа суна тӀе, даьӀахкашца, пхенашца вовшахтесира Ахьа со.
12
Ахьа суна дахар делира, хедар боцу безам а белира, гӀайгӀа барца сан са а лардеш.
13
ХӀара хилла-кх къайлаха Хьан даг чохь дерг, суна хаьа, иза Хьан даг чохь хиллий.
14
Аса къа латийча, Ахь цуьнан тидам бийр бара, аса латийнарг таӀзар доцуш дуьтур а дацара.
15
Со бехке велахь — декъаза хуьлийла со! Со бехке вацахь а, со корта хьалаайа а ваьхьар вац. Эхь хетарх вуьзна ву со, балано со вахийна.
16
Со жимма хьалатаьӀӀашехь, лом санна, тӀаьхьаволу Хьо суна, Хьайн тамашийна ницкъ юха а суна дуьхьалбоккхуш.
17
Ахьа суна дуьхьал керла тешаш боху, Хьайн оьгӀазалла чӀагӀ а еш. Юх-юха а керла тобанаш суна дуьхьалйовлуш ю.
18
ХӀунда ваьккхина Ахьа со сайн ненан кийрара схьа? Цхьана а стеган бӀаьрг кхетале со велла велара!
19
Со цкъа а хилла а ца хиллехьара! Ненан кийрара схьаволлушехь, коша чу виллина со хиллехьара!
20
Сан дахаран денойх кӀезиг бен дисна дац те? ДӀаверзахьа соьгахьара, жимма со воккхавейта,
21
юхавоьрзур воцучу меттиге со дӀакхалхале — бода а, Ӏожаллин ӀиндагӀ а долчу махка,
22
Ӏаьржа бода лаьттачу а, низам ца хуьлучу а махка, серло а боданах тера йолчу махка“».
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42