bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 20
Job 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 21 →
1
Иштта жоп делира наӀматхо волчу Цупара:
2
«Сан ойланаша соьга жоп долуьйту, цундела вистхила сихвелла со.
3
Со сийсазвоккхуш тӀехбеттамаш суна хезаш хилча, сан кхетамо со иракарахӀоттаво царна жоп дала.
4
Хьуна хууш дац, тоххара дуьйна схьа, лаьтта тӀехь адам кхоьллинчу хенахь дуьйна,
5
харцволчун синкъерам кӀеззигчу ханна буйла, Ӏесачун самукъадалар йоццачу ханна бен доцийла а?
6
Цуьнан куралла стигала кхаччалц лакхаяьлча а, цуьнан корта мархех хьекхалуш хилча а,
7
иза шен боьхалла санна, массо а ханна дӀавер ву, ткъа иза хьалха гина болчара: „Мичахь ву иза?“ — бохуш, хоьттур ду.
8
ГӀан санна, карор воцучу тайпана къайлавер ву иза, буьйсанан сурт санна, гучуьра дӀавоккхур ву иза.
9
Иза гина болчу бӀаьргашна кхин гур вац и, ваьхначу меттигашна а кхин гур вац иза.
10
Цуьнан кӀентий сагӀадоьхучарна хьалха а хьесталуш лелар бу, цо гулдина хьал цара юхадала дезаш ду.
11
Цуьнан дегӀ дузийна хилла къоналлин ницкъ цуьнца цхьаьна кошан ченала буьжур бу.
12
Вон цуьнан багахь мерза делахь а, цо маттана бухахь иза дӀалачкъадахь а,
13
иза лардеш, охьа а ца кхуссуш, шен багахь, стигална буьххьехь латтадо цо.
14
И санна кхача гай чохь муьста хир бу, цуьнан кийрахь лаьхьанан дӀовш хилла дӀахӀуттур бу.
15
Цо дӀакхаьллина болу дуьненан бахам схьаӀеттор бу, Дала цуьнга иза цуьнан кийрара схьатосуьйтур бу.
16
Цо цӀубдеш дерг лаьхьанан дӀовш ду, лаьхьанан матто иза вуьйр ву.
17
Цо зовкх хьоьгур дац татолех а, мазах а, кӀалдах а дуьзна долчу хих а.
18
Къахьегарца ша гулдинарг, дӀа а ца кхоллуш, юхадала деза цо, йохкаэцарх ша яьккхинчу санах цо зовкх хьоьгур дац,
19
хӀунда аьлча цо нах бацийна, ца вешаш, ша дина доцу церан цӀенош схьа а даьхна.
20
Цуьнан сутаралла бух боцуш яра, цуьнан лаамийн доза а дацара.
21
Цхьа а хӀума цо дӀакхаллаза дисна дац, цундела цуьнан беркат дукха лаьттар дац.
22
Шен совбаьллачу бахамна юкъахь цунна готта хир ду, цуьнан синан бала массо а ницкъаца цунна тӀе охьабужур бу.
23
Шен тӀингар цо эккха йоллуш юзош хилча, Делан оьгӀазалла юссур ю цунна тӀе, догӀа санна, цунна тӀе таӀзарш а доуьйтур ду.
24
Шаьлтанах кӀелхьарвалар цуьнан хилахь а, цӀестан секхаӀодан пха цунах кхетар бу.
25
И пха схьабаккха иза хӀоттахь, цуьнан стима юккъера къегаш иза схьабалахь, эццахь евзар ю цунна Ӏожаллин инзаралла!
26
Ӏаьржа бода бу иза ларвеш цуьнга хьоьжуш. Цхьаммо а серлайоккхуш йоцучу цӀаро дӀакхоллур ву иза, цуьнан четар чохь мел хилла долу хӀума а хӀаллакьхир ду.
27
Стигало цуьнан харц хилар дӀадоьллур ду, латта а цунна дуьхьалдер ду.
28
Цуьнан цӀера цо мел гулдинарг дӀадер ду, хи санна, дӀагӀур ду Делан оьгӀазаллин дийнахь.
29
Иштта хир ду Ӏесачун Делера долу дакъа, иштта Делера кхел а хир ю цунна».
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42