bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 9
Job 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 10 →
1
ТӀаккха Аюба жоп делира:
2
«Бакъ ду, со дика кхета ахь бохучух. Амма Далла хьалха адам нийса муха хир ду?
3
Нагахь цунна Цуьнца къовсавала лаахь, эзар хаттарна юккъера цхьанна а адаме жоп далалур дац.
4
Веза Эла хьекъал долуш а ву, Цуьнгахь ницкъ а бу, Цунна дуьхьал а ваьлла, зен ца хуьлуш виснарг мила ву?
5
ЦӀеххьана Цо лаьмнаш меттахдоху, Шен оьгӀазаллехь уьш харца а до.
6
Цо латта меттах а доккху, цуьнан баххаш дега а до.
7
Цо омра дича, малх а схьакхетар бац, Цуьнан седарчий дӀакъовла а таро ю.
8
Цо цхьаммо стигал дӀасаяржайо, Иза ву хӀордан тулгӀенаш тӀехула лелаш верг.
9
Дала кхоьллина ду Ча а, Орион а, ВорхӀ Седа а, иштта къилбехь долчу седарчийн массо куьцаш а.
10
Цо мел деш дерг кхетам тӀе ца кхочуш ду, Цуьнан тамашийна хӀуманаш дагар а далур дац.
11
Иза уллохула тӀехваьлча, суна гур а вац, Иза гергахула лелча, суна хаалур а вац.
12
Цунна хӀума дӀадаккха лаахь, Иза хьаьнга сацалур ву? Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа иза хӀунда до?“
13
Дала Шен оьгӀазалла сацор яц, хӀордан саьрмик болчу РахӀабан гӀоьнчий а Цуьнан куьйгашна кӀел охьатаӀийра.
14
Ткъа со муха къовсалур ву Цуьнца? Карор дуй суна Цуьнга ала хӀума?
15
Со бехк боцуш хилча а, соьга Цунна дуьхьал дош дахьалур дац. Соьга сан Кхелахочуьнга нийсо яр бен дехалур дац.
16
Ас кхайкхинчул тӀаьхьа Цо суна жоп делча а, со тешар вацара, Цунна со дӀахезна аьлча.
17
Йилбазмох а хьокхуьйтуш, Иза суна тӀекхета, бахьана доцуш сан чевнаш Цо совйоху,
18
соьга доккха са ца доккхуьйту Цо, сан дахар баланех хьаладузу.
19
Ницкъах лаьцна аьлча, Иза уггар Нуьцкъалниг ву. Кхелах лаьцна аьлча, Цо олу: „Со кхеле хьан озор вара?“
20
Со бакъ велахь а, сан матто суна кхел йийр яра. Со бехке вацахь а, Цо со бехке ву эр дара.
21
Со бехке вац! Сан бала бац сайна хӀуъа хир делахь а, хӀунда аьлча суна сайн дахар къахьделла.
22
Аса сайга боху: „Массо а хӀума бен доцуш ду. Бехк боцург а ле, бехк берг санна. Массеран а дахар хадош верг Дела ву“.
23
Еттачу шедо цӀеххьана Ӏожалла еача, бехк боцург дог доьхна хьовзарх кхаьрда Иза.
24
Дуьне Ӏесачеран кара дӀаделла ду, ткъа Цо кхелахойн бӀаьргаш дӀакъовлу. Цо дӀакъовлуш ца хилча, хьан къовлу уьш?
25
Сан денош геланчел а сиха дӀаоьхуш ду, цхьа а дика ца гуш, уьш дӀаоьхуш ду.
26
Уьш, эрзах дина дайн хинкема санна, тӀехдуьйлуш ду, шен ижуна тӀехьаьдда куьйра санна, сиха тӀехлелха уьш.
27
Ас Хьоьга ала тарлора: „Сайн аьрзнаш дицдийр ду ас, сайн юьхь самукъане хилийта“.
28
Амма со керлачу вонех кхоьру, хӀунда аьлча суна хаьа Ахьа бехк суна тӀе буьллур буйла.
29
Со юха а бехке узур хилча, стенна хьега деза аса эрна къа?
30
Лайн хица юьхь аса йилича а, сайн куьйгаш аса цӀенна сабанца цӀандича а,
31
Ахьа со тӀаккха а модашна юккъе вуллур вара. Сан бедаршна а со дегаза хетар вара.
32
Веза Эла со санна долу адам ма дац. Цундела сан аьтто бац Цунна жоп дала а, со Цуьнца цхьаьна кхеле ваха а.
33
Тхуна юкъахь юкъалеларг велахьара, шен куьйгаш тхуна тӀедахка.
34
Шен гӀаж суна тӀера Цо дӀайоккхийла, со Шен къематаца Цо кхера ма войла.
35
ТӀаккха со Цунах ца кхоьруш вист хир вара, хӀунда аьлча хӀинца со сайна чохь кхиниг ву».
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42