bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 28
Job 28
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 29 →
1
Иштта, дети доккху меттиг а ю, деши лалош а, цӀандеш а меттиг а ю.
2
Эчиг лаьтта бухара схьадоккху, ткъа цӀаста, маьӀда хуьлий, лела.
3
Серло а яхьаш, адамо хьехан бода дӀабоккху. Уггар генахь йолчу меттигашкахь лохуш ву иза. КӀоргачу боданехь маьӀда лохуш ву иза.
4
Цо лаьттах маьӀда даккха гӀу йоккху, нах Ӏаш болчунна генахь а йолуш, адаман ког кхачаза йолчу меттигашкахь. Адамашна генахь а волуш, гӀун чохь машшаш тӀехь кхозу иза.
5
Шена тӀехь ялта кхуьуш долу латта, кӀоргенехь цӀарца дагийча санна, аьхкина хуьлу.
6
Оцу меттигехь саппир цӀе йолу тӀулгаш ду, ткъа царна тӀехь дешин чан ю.
7
Цига боьду некъ цхьана а акха олхазарна а ца бевза, и некъ цхьана а лечин бӀаьргана а ца гина.
8
Курачу акхаройн лар а цига ца кхаьчна, иштта цхьа а лом цигахь ца лелла.
9
Адамаша тархийн чӀогӀалла йохош шайна некъаш доху, цара лаьмнаш ораматашна тӀера дуьйна тӀекӀелдоху.
10
Цара тархашна юккъехь шайна некъаш доху, лаьтта бухара бахам гучуболу церан бӀаьргашна хьалха.
11
Цара хиш арадовлу кортош а лоьху, къайлаха долу хӀума гучу а доккху.
12
Амма мичара доккху те хьекъалалла? Кхетамалла йолу меттиг мичахь ю те?
13
Адамна цуьнан мах а ца бевза, дийначийн лаьтта тӀехь а иза карор бац.
14
КӀоргачу хино боху: «Суна чохь иза дац». ХӀордо а боху: «Соьгахь а иза дац».
15
ЦӀеначу деших а иза лур дац, дети а оьзна, цунах а иза эцалур дац.
16
Апаран дешица а иза дусталур дац, я дезачу тӀулгех ониксах а, саппирах а дусталур дац.
17
Я деши а, я цӀена ангали а цуьнца дусталур дац, я цӀеначу деших йолчу пхьегӀех а хийцалур дац.
18
Маржанаш а, чекхсагун тӀулгаш а дийца а ца оьшу, хьекъалалле кхачар массо а жовхӀарел а деза ду.
19
Цуьнца нислур дац Хуша-махкара топаз, цӀеначу деших иза эцалур дац.
20
Мичара долу те хьекъалалла? Мичахь ю те кхетамаллин меттиг?
21
Иза массо а дийначу хӀуманан бӀаьргах къайладаьккхина ду, иштта стигаларчу олхазарех а къайладаьккхина.
22
Талхаран меттиго а, Ӏожалло а боху: «Тхан лере цунах хабар бен ца кхаьчна».
23
Далла бен ца хаьа цунна тӀебоьду некъ, Цунна хаьа иза долу меттиг а,
24
хӀунда аьлча Цунна дуьненан йисте кхаччалц дерриг а гуш ду, стигална бухахь дерг а дерриг а гуш ду.
25
Цо механ ницкъ билгалбаьккхинчу хенахь, хийн барам билгалбаьккхинчу хенахь,
26
иштта догӀанна бакъо лучу хенахь, ткъесана тача лучу хенахь,
27
эццахь хьекъалалла а гина, иза талла а теллина, цуьнан йозалла а йовзийтина, иза дӀахӀоттийра Цо.
28
ТӀаккха аьлла Цо адаме: «Хьалдолчу Эле ларамах вуьзна хилар — иза хьекъалалла ду, ткъа зуламна генавалар — иза кхетамалла ду».
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 29 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42