bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 29
Job 29
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 28
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 30 →
1
Аюб кхин а къамел дан волавелира:
2
«Ма лаьар-кх суна дӀадахана беттанаш духадоьрзийла, Дала со ларвеш хилла долу денош духадоьрзийла,
3
Цуьнан къуьда сан коьрта тӀехула богуш а болуш, ткъа со Цуьнан серлонехь боданехь санна лелла хан!
4
Иза дара сан дахаран тоьллачу деношкахь, Делаца йолу тӀекаре сан хӀусамехь йолчу хенахь.
5
Нуьцкъала Дела соьца вара, сан бераш а дара суна уллохь.
6
Шуьрин татолаш дара со лелачу некъаш тӀехь, ткъа тарха тӀера охьаоьхуш зайтдаьтта дара.
7
ГӀалин ков долчу ара а ваьлла, со майданахь сайн метте охьахиъча,
8
кегий нах, сох шайн бӀаьрг кхетча, суна хьалха къайлабовлура, ткъа къаной, хьала а гӀовттий, лаьттара.
9
Баьччанаш, бист а ца хуьлуш, шайн бета тӀе куьг а дуьллий, лаьттара.
10
Ткъа хьалдолчеран аьзнаш дӀасовцура, церан меттанаш стигалх дӀалетара.
11
Со хезаш мел верг со хестош хуьлура, ткъа со гинарш суна хастамаш беш хуьлура,
12
хӀунда аьлча аса гӀо доьху пекъар кӀелхьарвоккхура, гӀо доцуш болчу боберашкахьа гӀо а доккхура.
13
Лечуьра кӀелхьарваьккхинчо со декъал а вора, бисинчу зударийн дегнийн а ас самукъадолуьйтура.
14
Бакъахьа лелар — сан духар санна дара, ткъа нийсо — сан оба а, чалба а санна яра.
15
Со бӀаьрзечунна бӀаьргийн метта вара, ткъа астагӀчунна когийн метта вара.
16
Мискачарна со ден метта вара, хийрачун гӀуллакх а ас къастадора.
17
Зуламхойн моччагӀалш а ас дохадора, церан багара ижу а ас схьайоккхура.
18
Ас олура: „Со сайн бен чохь лийр ву, сан денош, хӀорда йистера гӀум санна, дукха хир ду,
19
сан орамаш хи тӀе кхочу, сан гаьннаш тӀехь бецан тхи а ду буьйса йоккхуш,
20
сан сий а дац тишлуш, сан ницкъ а карлаболуш лаьтта“.
21
Адамаша собарца ладугӀура соьга, дист а ца хуьлуш, сан хьехаме хьожура.
22
Ас аьлларг дийцаре а ца доккхура цара, сан дешнаш, догӀа санна, царна тӀеоьхура.
23
ДогӀане санна, сатуьйсура цара соьга, бӀаьстенан догӀанан тӀадамашна санна, шайн баганаш хьала а гӀиттайора.
24
Уьш ца тешара, со шайна велавелча, сан юьхь тӀера лепаро уьш иракара а хӀиттабора.
25
Ас царна некъ гойтура, со церан баьчча а вара. Шен эскархошна юкъахь Ӏаш волу паччахь санна, вара со царна юкъахь. Дог доьхначарна синхьаам беш верг санна, вара со царна».
← Chapter 28
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 30 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42