bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 6
Job 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 7 →
1
Аюба иштта жоп делира:
2
«Сан гӀайгӀа озалур елахьара! Сан бала терзанна тӀе буьллур белахьара!
3
Иза хӀордан йистера гӀамарал а беза хир бара. Цундела ду сан къамел сел доьхна!
4
Нуьцкъалчу Делан пхерчий ду сан дегӀах дохкуш. Сан синна хаало церан дӀовш, Делан къематаш ду суна тӀедерзийна.
5
Акхачу виро мохь хьоькхий баца тӀехь? Сту Ӏоьхий шен хьаьвданна тӀехь?
6
Чаьмза хӀума йоий туьха доцуш? Чам буй хӀоьан кӀайчу декъан?
7
Бац! Аса и тайпа яа хӀума юур яц! И кхачанаш суна дегаза хета!
8
Сан дехар кхочушдийр делахьара! Ас сатуьйсург Дала лур делахьара!
9
Со дӀахьаша Дела реза хилахьара! Куьг дӀа а хецна, Цо со хӀаллаквийр велахьара!
10
Дала со вийча, сан дагна синтем хир бара, хӀара инзаре бала аса хьоьгучу хенахь а, воккхаверна со ирхлелхаш хир вара, Везачу Делан дешнаш аса дӀатеттина ца хиларна.
11
Сан гӀора дӀадаьлла, со вехар ву аьлла, сатуьйсийла а яц, кхидӀа сайна хиндерг со хууш а вац, садетта кхин бахьана а дац.
12
Сан ницкъ тӀулг санна бу те? Сан дегӀ цӀастанах дина ду те?
13
Буй те соьгахь сайна гӀо дан ницкъ, буй те сан тӀетовжа меттиг?
14
Дог доьхначу доттагӀчунна тешаме воцу стаг велахь, иза Нуьцкъалчу Далла хьалха ларамах вуьзна вац.
15
Амма шу тешаме дац, сан вежарий. Сиха йоьдучу хин Ӏоврех болччул бен тешам бац шух,
16
шайна чохь дешаш долу ло а, шен гӀорзанаш а хиларна Ӏаржъелла йолчу.
17
Йохъелча, уьш къайлайовлу, йовхонан чилла йоьлча, шайн меттигашкахь якъало.
18
Церан некъан хершнаш хьийза, ткъа яьссачу аренга шаьш кхаьчча, яйна дӀайовлу.
19
Тейма-махкара эмкалийн къепалша а хи лоьху, Шеба-махкара богӀуш берш а сатийсамца дӀасахьоьжу.
20
Шайна хи карор хиларх шек а ца бовлура уьш, амма цига кхаьчча, дог доьхна дӀахӀуьтту уьш.
21
ХӀинца шу а ду иштта: шайна вон гича, кхера а лой, дӀахӀуьтту шу.
22
Аса шуьга бехирий: „Суна а лойша“, я „Шайн хьолах сох кхаъ лойша“,
23
я „МостагӀийн карара со паргӀатваккхийша“, я „Къизачу нахах кӀелхьарваккхийша“?
24
Соьгара даьлларг дийцийша суна. Схьагайтийша, со стенна тӀехь харц ву. ТӀаккха со дӀатийна хир ву.
25
Ма боккха ницкъ бу-кх догцӀеначу дешнашкахь! Ткъа аша бохучо стенна тоьшалла до?
26
Ас дина къамел тӀехтоха дагахь ду шуна? Дог доьхначун дешнаш, мох санна, хуьлу моьтту шуна?
27
Байлахь дисинчу берах а кхаж тосур бара аша, шайн доттагӀа дикачу мехах дӀавухкур вара аша.
28
Ткъа хӀинца, аса доьху шуьга, схьахьовсийша соьга, дуьйцур дарий аса шуна хьалхахь харцдерг?
29
Хийцийша шаьш йина йолу кхел, ма дейша харцдерг. Метта а дуьйла, со бехказаваккха везаш ву.
30
Аса шуна харцдерг ца дуьйцу. Сан матте бохамаш къасталур бац ткъа?»
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42