bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 32
Job 32
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 33 →
1
ТӀаккха Аюбан кхо доттагӀа цунна дуьхьал хӀумма а ца олуш сецира, хӀунда аьлча иза ша бакъ хиларх тешна вара.
2
Эццахь бузихойх волу Барахиалан кӀант ЭлихӀу оьгӀазвахара. Иза ша Раман доьзалера вара. ЭлихӀу Аюбана оьгӀазвахара, цо ша Делал а чӀогӀа бакъвар бахьана долуш.
3
Иштта Аюбан кхаа доттагӀчунна а оьгӀазвахара ЭлихӀу, хӀунда аьлча цара, Аюбана дала жоп ца карийнехь а, цунна бехк биллира.
4
ЭлихӀу Аюб вистхилла валлалц собар деш вара, хӀунда аьлча къамел деш берш берриш а цул баккхий бара.
5
Амма, важа кхоъ кхин хӀумма а ца олуш сецча, иза оьгӀазвахара.
6
Бузихо волчу Барахиалан кӀанта ЭлихӀус элира: «Шерашца дуьстича, со шул жима ву, ткъа шу сол даккхий ду. Цундела озавелла, сайна хетарг ца олуш Ӏаш вара со.
7
Ас сайга бохура: „Хан яьлларш бист хуьлуьйтур бу ас, воккханиг ву хьекъалалла дала дезаш верг“.
8
Амма адамна хьекъал лург Делан Са ду, Нуьцкъалчун Ӏаьнаро цунна кхетам ло.
9
Бакъ дац хан яьлла волчун бен хьекъал дац бохург, къоначарна а го нийсонца дерг.
10
Цундела ас боху: „ЛадогӀа соьга, со а сайна хууш дерг ала воллу“.
11
Ас собарца ладуьйгӀира шун къамелашка, леррина ладуьйгӀира шун хьекъалечу дешнашка, шаьш ала дезарг аша лоьхучу хенахь.
12
Дикка хьоьжуш вара со шуьга, амма шух цхьаммо а Аюб къар а ца вира, цо аьллачунна дуьхьал жоп а ца делира.
13
Аша баха ца оьшу: „Аюбана чохь хьекъалалла карийна тхуна“. Аюб къарвийриг Дела хир ву, адам хир дац.
14
Аюб соьга луьйш вацара, цундела ас цунна жоп аша санна лур дац.
15
Уьш дог доьхна лаьтта, кхин хӀумма а алалуш а боцуш. Церан хӀумма а ала ца дисна, уьш дӀасецна.
16
Со мел хьежарх а, уьш бист хуьлуш бац, кхин хӀумма а ца олуш, дӀасецна уьш.
17
Цундела ас сайгара жоп лур ду, сайна хууш дерг а эр ду,
18
хӀунда аьлча дешнех хьалавуьзна ву со, ткъа сан кийрахь долчу сино Ӏаткъам бо суна.
19
Сан кийра садеӀалуш доцу керла чагӀар санна бу, иза эккха боллуш болу пӀаьлдиг санна бу.
20
Соьга алийта, суна атта хилийтархьама. Сан балдаш дӀаделлийта, соьга жоп далийтархьама.
21
Цхьаьнгге а ас озабезам бийр бац, цхьана а адамна хьеста а лур вац со.
22
Суна хьеставала ца хаьа, амма иза иштта ца хилча, со Кхоьллинчо со сихха дӀавоккхур вара».
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 33 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42