bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Job 11
Job 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 12 →
1
ТӀаккха наӀматхо волу Цупар Аюбе вистхилира:
2
«Дуккха а дийцинчу дешнашна дуьхьал дала жоп дац те? Дукха къамелаш деш верг бакъ ву ткъа?
3
Хьан даьссачу къамелаша тхо дист ца хуьлуш сацор ду моьтту хьуна? Кхаьрдаш волу хьо цхьаммо а юьхьӀаьржачу хӀоттор вац моьтту хьуна?
4
Ахьа Деле боху: „Сайн хьехамехь со бакъ ву, Хьан бӀаьргашна хьалха со цӀена ву“.
5
Суна луур дара, Аюб, Дела хьоьга вистхила, хьуна дуьхьал Цо Шен бага схьаелла.
6
Шен хьекъалаллин къайленаш Дала хьуна йовзуьйтур елахьара, бакъйолчу хьекъалаллин цхьа агӀо хилла ца Ӏарна. Суна луур дара хьуна хаийта, Далла хьан къинойх цхьадерш дицдалийтина хилар.
7
Делан кӀоргачу къайленашка хьо билггал кхачало те? Нуьцкъалчу Делан бухбоцучу бакъдолчух хьан кхета ницкъ кхочий те?
8
Иза стигалел лекха ду — муьлха адам цига кхачалур ду? Иза эхартал кӀорга ду — муьлхачу стагана иза хаалур ду?
9
Цуьнан барам лаьттал беха бу, иштта иза хӀордал шуьйра бу.
10
Цо, схьа а веана, милла а набахти чу а воьллина, иза кхеле озийча, Цунна дуьхьал мила вер ву?
11
Цунна харцонаш лелориг вевза. Нагахь санна Цунна зулам гахь, Цо иза дагахь латтор дац?
12
Хьекъал доцург хьекъале верзийча, виркхело йинчу вирах адам хир дара.
13
Хьан дог чӀогӀа Далла тӀетевжаш хила деза, Цуьнга дӀакховдо деза ахьа хьайн ши куьг а.
14
Хьайн куьйгашна тӀе вониг латийнехь, хьайгара генна дӀакхосса деза ахьа, ткъа хьайн четар чохь зулам а ма Ӏайта.
15
ТӀаккха хьанна а нийса бӀаьргаш чу хьажалур ву хьо, цхьаннах а ийза ца луш лелар ву хьо, цхьаннах а кхоьрур а вац хьо.
16
ТӀаккха хьайн гӀайгӀа билггал бицбийр бу ахьа, дӀадахана хи санна бен, иза дага ца лоцуш.
17
Хьан дахар делкъенан малхал къегар дара, боданах Ӏуьйренан серло хир яра.
18
Хьайн сатуьйсийла йолу дела, хьо маьрша хир вара. Дала лар а веш, хьо кхерамбоцуш наб кхеташ хир вара.
19
Цхьаммо а кхера а ца веш, хьо дӀавуьжур вара, дукхахберш хьуна хьалха хьесталуш а хир бара.
20
Ӏесачеран бӀаьргашна са кӀезиг гур ду, шаьш кӀелхьарбовла церан йиш хир яц. ТӀаьххьара а, садалар бен, церан сатуьйсийла хир яц».
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42