bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 12
Genesis 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 13 →
1
Везачу Эло элира Ибраме: «Хьайн мохк а, халкъ а, ден цӀа а дӀа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дӀагӀо.
2
Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду, хьо декъал а вийр ву, хьан цӀе а ойур ю, наха а хьан цӀарца вовшийн декъалбийр бу.
3
Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неӀалт а эр ду хьуна неӀалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду».
4
Везачу Элан лаам кхочушбеш, ХӀаран-гӀалара дӀавахара Ибрам. Цуьнца ЛутӀа а вахара. Ибраман цу хенахь кхузткъе пхийтта шо дара.
5
Цо шен зуда Сарет а, вешин кӀант ЛутӀа а вигира шеца. ХӀаранехь ша да мел волу хӀума схьаийцира цо. Шен долахь болу леш а дӀабигира цо. Ибрам а, цуьнца берш а, ХӀаран-гӀала дӀа а тесна, КанаӀан цӀе йолчу махка баьхкира.
6
Цу махкахула дӀа а вахана, Шехем цӀе йолу гӀала йолчу а, МорахӀ цӀе йолу ножан деза дитт долчу а кхечира Ибрам. Цу лаьтта тӀехь Ӏаш бара канаӀанхой.
7
Ибрамна хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ХӀара латта Ас хьан тӀаьхьенна дӀалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагӀа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь.
8
Цигара дӀа а вахана, Бетал-гӀалина малхбалехьа долчу лаьмнашка велира Ибрам. Цигахь цо шен четар дӀахӀоттийра. И волчуьра малхбузехьа лаьтташ Бетал-гӀала яра, малхбалехьа ГӀай-гӀала яра. Цу меттехь кхин а цхьа сагӀа доккху меттиг а кечйина, Ибрам Везачу Эле кхайкхира.
9
Юха, новкъаваьлла, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арехьа кхидӀа а вахара иза.
10
ЧӀогӀа мацалла хӀоьттира цу махкахь, цундела Ибрам ваха Мисар-махка дӀавахара.
11
Шаьш Мисар-махка дӀакхочуш, цо элира шен зудчуьнга Сарете: «Суна хаьа хьо хаза зуда юйла.
12
Мисархошна хьо гича, цара эр ду: „Иза цуьнан зуда ю“. Цара со вуьйр ву, хьо шайна йитархьама.
13
Хьо сан йиша ю ала цаьрга, тӀаккха цара со вуьйр вац. Со хьан ваша ву моьттуш, уьш соьца дика хир бу, ткъа ахь сан са кӀелхьардоккхур ду».
14
Иштта хила а хилира иза. Ибрам Мисар-махка веача, мисархошна Саретан хазалла гира.
15
ПирӀунна гонах болчу элашна а гира Сарет. Цара пирӀуне элира, иза исбаьхьа зуда ю аьлла. ПирӀуно иза шен цӀийне схьаялаяйтира.
16
Ибрам Саретан ваша ву моьттуш, пирӀун цуьнца дика вара. Цо Ибрамна дуккха а даьхни а, уьстагӀий а, варраш а, эмкалш а, ялхой-божарий а, ялхой-зударий а белира.
17
Амма Ибраман зуда Сарет дӀайигар бахьана долуш, Везачу Эло хала цамгарш яхкийтира пирӀунна а, цуьнан чохь болчарна а тӀе.
18
ТӀаккха, Ибрам схьа а кхайкхина, элира пирӀуно: «ХӀара хӀун ду ахь суна динарг? Сарет хьайн зуда ю хӀунда ца элира ахь?
19
Иза хьайн йиша ю ахь аьлча, сайна йига дагахь хиллера со. ХӀара ю хьуна хьан зуда, иза, схьа а эций, дӀагӀо кхузара!» — аьлла.
20
Шен ялхошка, Ибрам Мисарара араваккха аьлла, омра дира пирӀуно. Цара Ибрам, шен зуда а, дерриг а шен долахь дерг а эцна, дӀахьажийра цигара.
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50