bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 46
Genesis 46
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 45
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 47 →
1
Исраил, шен долахь дерг дерриг схьа а эцна, новкъа велира. ВогӀуш, Беар-ШабаӀе ша кхаьчча, шен ден Исхьакхан Далла лерина сагӀанаш дехира цо.
2
Буьйсанна самах веанчу Дала Исраиле элира: «Якъуб!» «Со кхузахь ву», — жоп делира Якъуба.
3
Дала элира: «Со Дела ву, хьан ден Дела. Кхера а ца кхоьруш, Мисар-махка гӀо, цигахь Ас хьох доккха халкъ схьадолуьйтур ду.
4
Со хьоьца Мисар-махка дӀа а вогӀур ву, цигара Ас хьо юха а валор ву. Хьан ши бӀаьрг Юсупа дӀакъовлур бу».
5
Беар-ШабаӀера кхин дӀа а вахара Якъуб. Исраилан кӀенташа шайн да а, бераш а, зударий а пирӀуно яийтинчу гӀудалкхаш чу ховшийра цига дӀабига.
6
КанаӀан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тӀаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб.
7
Цо шеца шен бераш а, берийн бераш а — ерриг а тӀаьхье дӀайигира.
8
ХӀорш ю Мисар-махка баьхкинчу Исраилан кӀентийн цӀераш (Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а): Якъубан хьалхара кӀант Раабан.
9
Раабанан кӀентий: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.
10
ШимӀин кӀентий: Емуал, Ямин, АхӀад, Якин, ЦӀохьар, канаӀанхочо вина Шаул а.
11
Левин кӀентий: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.
12
ЯхӀудан кӀентий: Ӏаьр, Онан, Шейла, Парас, Зерахь. (Ӏаьр а, Онан а КанаӀан-махкахь кхелхинера). Парасан кӀентий: Хьацрани, Хьамал.
13
Иссарханан кӀентий: ТовлаӀ, Пува, Яшаб, Шимрон.
14
Забулан кӀентий: Серад, Элон, Яхьлаал.
15
Уьш Леас Якъубана Падан-Арамехь бина кӀентий бара. Цо йина Дина цӀе йолуш йоӀ а яра. Дерриг а кӀант а, йоӀ а ткъе кхойтта дара.
16
Гадин кӀентий: Цепон, Хьаги, Шуни, Эцбон, Ӏера, Ароди, Ариэли.
17
Ашаран кӀентий: Имани, Ишва, Ишви, БериӀ. Серахь цӀе йолуш йиша а яра церан. БериӀан кӀентий: Хьебар а, Малкиал а.
18
Лабана шен йоӀана Леина еллачу ялхочо Залпаа Якъубана дина бераш дара уьш, верриг а ялхитта стаг.
19
Якъубан зудчо Рахьала бина кӀентий бара: Юсуп а, Бен-Яман а.
20
Мисар-махкахь Ана цӀе йолчу гӀалин динан да волчу ПатипараӀан йоӀа Асната Юсупна ши кӀант вира. Церан цӀераш яра Маннаш а, Эпрам а.
21
Бен-Яманан кӀентий бара: БулаӀ, Бахри, Ашбели, Гери, НаӀаман, Аьхьи, Рош, Мупим, Хьупим, Арди.
22
Рахьала Якъубана бина кӀентий бара уьш, верриг а вейтта стаг.
23
Данан кӀант вара: Хьушим.
24
Напталан кӀентий: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шилам.
25
Лабана шен йоӀана Рахьална еллачу ялхочо Балхьата бина кӀентий бара уьш, верриг а ворхӀ стаг.
26
Якъубца Мисар-махка веанарг цуьнан тӀаьхьенах верг, кӀентийн зударий ца лерича, кхузткъе ялх стаг вара.
27
Мисарахь Юсупна вина ши кӀант а цхьаьна верриг а Якъубан доьзалх Мисарахь ваха охьахиънарг кхузткъе итт стаг вара.
28
Юсуп волчу воьдуш, шел хьалха ЯхӀуд вахийтира Якъуба, ГӀашане боьду некъ хаархьама. Уьш цига дӀакхаьчча,
29
Юсуп, шен гӀудалкх дӀа а йожийтина, ГӀашане шен дена Исраилна дуьхьал веара. Исраил ган ма-гинна, тӀеведда, иза мара а воьллина, вехха вилхира иза.
30
Исраила элира Юсупе: «ХӀинца-м вала а хала дацара, хӀунда аьлча сайн бӀаьргашца хьо дийна хилар гина суна».
31
Юсупа вежаршка а, шен ден цӀийнах болчу нахе а элира: «Ас, вахана, пирӀуне эр ду: „КанаӀан-махкахь Ӏийна сан вежарий а, ден цӀийнах берш а со волчу схьабаьхкина.
32
И нах жаӀуй бу. Цара даьхни леладо. Шайца кегий а, даккхий, а даьхни а, шайн долахь долу хӀума дерриг а схьадеана цара“.
33
ПирӀуно, тӀе а кхайкхина, шайга хаттахь: „Шун хӀун корматалла ю?“
34
аш ала деза: „Тхайн дайша санна, кегий долуш дуьйна даьхни лелош ду тхо!“ ТӀаккха ГӀашан цӀе йолчу махкахь даха охьаховша бакъо лур ю шуна, хӀунда аьлча мисархошна Ӏуй ца беза».
← Chapter 45
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 47 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50