bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 21
Genesis 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 22 →
1
Везачу Эло Сарат декъалйира, цуьнга Ша аьлларг кхочуш а дина.
2
ИбрахӀим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кӀант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира.
3
Сарата винчу кӀентан цӀе Исхьакх (иза Ӏебархойн маттахь «диэлар» бохург ду) тиллира ИбрахӀима.
4
Исхьакхан бархӀ де кхаьчча, ИбрахӀима иза сунтвира, Дала шена тӀе ма-диллара.
5
ИбрахӀиман бӀе шо дара, цунна Исхьакх вича.
6
Сарата элира: «Дала суна елар делла, хӀора а, кхунах лаьцна хезнарг, соьца воьлуш хир ву».
7
Кхин а цо элира: «Хьан эр дара ИбрахӀиме: „Сарата бер дакхор ду“, — аьлла? Амма ас ИбрахӀимна, иза къена воллушехь, кӀант вина».
8
Исхьакх воккха хуьлуш вара. Иза вакхочуьра дӀавоккху хан тӀекхаьчча, ИбрахӀима доккха той хӀоттийра.
9
Саратна арахь, ца вешаш, воьлуш ИсмаьӀал гира. Иза гӀарбаш йолчу мисархочо ХӀажара ИбрахӀимна вина кӀант вара.
10
Сарата элира ИбрахӀиме: «Эккхае и гӀарбаш а, цуьнан кӀант а, хӀунда аьлча гӀарбашо винчу кӀанта сан кӀантаца Исхьакхаца тӀаьхьадисинарг доькъур дац!»
11
ИбрахӀим дог доьхна вара, шен кӀантана ИсмаьӀална сагатдеш.
12
Амма Дала элира цуьнга: «Са ма гатде хьайн кӀантана а, гӀарбашна а! Саратна мел луъург де! Хьан тӀаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю,
13
амма Ас оцу гӀарбашан кӀантах а халкъ схьадолуьйтур ду, иза хьан кӀант волу дела».
14
Ӏуьйранна гӀаьттинчу ИбрахӀима, бепиг а, пӀаьлдиг чохь хи а делла, кӀантаца ХӀажар дӀахьажийра. ДӀайоьдуш, Беар-ШабаӀ цӀе йолчу яьссачу арахь тилаелира иза.
15
Кестта хи кхачийра. Цхьана кулла кӀел кӀант охьахаийра ХӀажара.
16
Ӏодан чӀу кхуссучул гена а яьлла, сецна, охьахиира иза. Хи а доцуш висина шен кӀант леш ган ца лаьара цунна, цундела, охьа а хиина, йоьлхуш Ӏара иза.
17
Далла хезира кӀант ша Ӏуьллучохь воьлхуш. Делан малико стигалара элира ХӀажаре: «ХӀун хилла, ХӀажар! Ма кхера! Везачу Элана хезна кӀант воьлхуш.
18
Яха а гӀой, куьг а лаций, дӀавига иза. Ас доккхачу халкъан да вийр ву цунах».
19
Дала ХӀажаран бӀаьргаш схьадиллира, тӀаккха цунна чохь хи долу гӀу гира. Цо, тӀеяхана, пӀаьлдиг хьала а буьзна, кӀантана хи делира.
20
КӀант воккха хуьлуш вара, цуьнца Дела вара. Яьссачу арахь Ӏаш волу ИсмаьӀал, говза Ӏад лелош волу таллархо хилира.
21
Нанас цунна Мисар-махкара зуда ялийра. Паран цӀе йолчу яьссачу арахь Ӏаш бара уьш.
22
Абу-Малика а, цуьнан тӀеман хьаькам волчу Пихала а элира ИбрахӀиме: «Ахь дечу массо а хӀуманна тӀехь хьоьца Дела ву.
23
Далла хьалха суна чӀагӀо е, хьо соьца а, сан берашца а, сан тӀаьхьенца а ямартло лелош хир вац алий. Со хьайца ма-хиллара, хьо соьца а, хӀокху хьо тӀевеанчу махкаца а къинхетаме хир ву алий».
24
ИбрахӀима жоп делира: «ЧӀагӀо йо ас».
25
ТӀаккха ИбрахӀима Абу-Малике бехк баьккхира, цуьнан ялхоша хи чохь долу гӀу дӀалаьцна аьлла.
26
Абу-Малика элира: «Ахь соьга иза ца аьлла, ткъа таханлера де тӀекхаччалц суна и ца хезна!»
27
ТӀаккха ИбрахӀима, уьстагӀий а, бежанаш а далийна, Абу-Маликана делира. Иштта ИбрахӀима а, Абу-Малика а барт бира.
28
Кхин ворхӀ жий жа юкъара дӀакъастийра цо.
29
«ВорхӀ жий дӀакъасторан хӀун маьӀна ду хьан?» — аьлла, хаьттира Абу-Малика.
30
ИбрахӀима жоп делира: «Нагахь ахь хӀара ворхӀ уьстагӀ дӀаэцахь, ас и гӀу яккхаран тоьшалла хир ду иза».
31
Цундела тиллина цу гӀунан цӀе Беар-ШабаӀ («чӀагӀонан гӀу» бохург ду иза) аьлла, цу шиммо оцу меттехь шайна юкъахь чӀагӀо йина дела.
32
Беар-ШабаӀна уллохь барт бина чул тӀаьхьа, Абу-Малик а, цуьнан тӀеман хьаькам Пихал а ПӀелаштам-махка юхавеара.
33
Беар-ШабаӀна гена доццуш тамариск цӀе йолу дитт а доьгӀна, цу меттигана уллохь Везачу Эле, гуттар а волчу Деле кхайкхира ИбрахӀима.
34
ПӀелаштам-махкахь, тӀевеана стаг а хилла, дуккха а йолчу хенахь Ӏийра иза.
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50