bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 31
Genesis 31
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 30
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 32 →
1
Якъубана хезира Лабанан кӀенташа олуш: «Вайн ден долахь дерг дӀа а эцна, шена бахам гулбина Якъуба».
2
Цул тӀаьхьа Якъуба тидам бира Лабан шеца хьалха санна ца хилар.
3
Везачу Эло элира Якъубе: «Хьайн дайн лаьтта тӀе, хьайн гергарнаш болчу юхаверза. Со хьоьца хир ву».
4
Якъуба Рахьале а, Леига а алийтира, шен жаш долчу араяла аьлла.
5
Цо элира цаьрга: «Суна го шун да хьалха санна сайца ца хилар, амма сан ден Дела соьца ву.
6
Шуна хаьа, ас сайн ницкъ ма-кхоччу шун дена болх бинийла,
7
амма цо левора со, иттазза суна бала беза мах хуьйцуш. Делахь а, Дала Ӏалашвора со цо лелочу вочу хӀуманех.
8
Нагахь Лабана: „Хьуна луш болу мах къорза даьхни хир ду“, — аьлча, дерриг а дохкана къорза хуьлура, ткъа нагахь цо: „Хьан мах махарчий йолу даьхни хир ду“, — аьлча, дерриг а дохкана махарчий йолуш хуьлура.
9
Иштта Дала шун дегара даьхни, схьа а даьккхина, суна схьаделира.
10
Цкъа даьхни вовшахкхетачу хенахь суна гӀан гира: гезарий оре лаьцна бежалой къорза а, махарчий я томмагӀаш долуш а яра.
11
Делан малико элира соьга гӀенах: „Якъуб“. Ас жоп делира: „Со кхузахь ву“, — аьлла.
12
Цо элира: „ДӀахьажал: гезаршца цхьаьнакхетта ерриг а бежалой къорза а, махарчий я томмагӀаш долуш а ю, хӀунда аьлча Суна гина Лабана хьуна бина тешнабехк.
13
Со Беталахь хьуна дуьхьал хӀоьттина волу Дела ву, ахьа тӀулга тӀе даьтта а доьттина, Суна чӀагӀо йинчу меттигехь. ХӀара латта Ӏадда а дитий, хьо винчу махка сиха дӀагӀо“».
14
Рахьала а, Леас а элира: «Тхан ден бахамехь тхуна дакъа дан а дуй?
15
Гуш дац цунна тхо хийра хетар? Тхо дохка а доьхкина, тхох даьккхинарг дайина ваьлла иза.
16
Дала тхан дегара схьабаьккхина бахам вайн а, вайн берийн а бу, цундела Дала хьайга ма-бохху де ахь».
17
Бераш а, зударий а эмкалш тӀе а ховшийна,
18
дерриг а даьхни хьалха а лаьллина, Падан-Арамехь вовшахтоьхна бахам схьа а эцна, шен да Исхьакх волчу, КанаӀан-махка дӀаваха новкъа велира Якъуб.
19
Лабан уьстагӀий ларга вахача, Рахьала цуьнан цӀахь болу цӀуш лачкъийра.
20
Якъуба левира арамхо Лабан, ша дӀавоьдий а ца хаийтина.
21
Иза ведира, шен долахь дерг схьа а эцна. Эпрат-хил дехьа а ваьлла, ГалӀад-лам болчухьа дӀавахара иза.
22
КхозлагӀчу дийнахь Лабане хаийтира, Якъуб ведда аьлла.
23
Шеца гергара нах а эцна, Якъубана тӀаьхьавелира иза. ВорхӀ де даьлча, ГалӀад-лома тӀехь иза цунна тӀекхечира.
24
ГӀенах веанчу Дала арамхочуьнга Лабане элира: «Ларлолахь, айхьа Якъубе олург, ойла а еш, алалахь».
25
Лабан Якъубана тӀаьхьакхиира. ГалӀад-ломахь шен четарш дӀахӀиттийнера Якъуба, Лабан а сецира цигахь шен гергарчу нахаца.
26
Лабана элира Якъубе: «И хӀун ду ахь динарг? Со ле а вина, сан йоӀарий, йийсархой санна, дӀа ма биги ахь.
27
Хьо хӀунда ведда къайлаха? Соьга хӀунда ца элира ахь? Ас самукъанечу эшаршца, вотанашца, дечиг-пондаршца новкъа воккхур ма вара хьо.
28
ДӀасакъаьсташ, йоӀаршна а, церан берашна а барт баккха аьтто а ца хилийти ахь. Ойла ца еш дина ахь и хӀума.
29
Сан ницкъ бара хьуна вон болх бан, амма сийсара буьйсанна хьан ден Дала аьлла соьга: „Ларлолахь, айхьа Якъубе олург, ойла а еш, алалахь“.
30
Хьо хьайн ден цӀа кхача сихвелла дела дӀавахана хуьлуьйтур вай, амма сан цӀуш хӀунда лачкъийна ахь?»
31
Якъуба жоп делира Лабанна: «Со ведира, хӀунда аьлча со кхоьрура, ахь нуьцкъала хьайн йоӀарий сайгара дӀабахарна.
32
Нагахь хьуна кхузахь цхьаьнгахь хьайн цӀуш карабахь, иза вехар вац. Хьайн гергарчу нахана а гуш хьажа, хьан долахь йолу хӀума юй соьгахь. Нагахь елахь, юханехьа дӀаэца». Якъубана ца хаьара Рахьала цӀуш лачкъийнийла.
33
Якъубан а, Леин а, шина ялхочун а четарш кӀелахь Лабанна хӀумма а ца карийра. Юха Рахьалан четар кӀел веара иза.
34
Рахьал, цӀуш эмкалан нуьйра кӀел дӀа а лачкъийна, царна тӀе хиънера. Четар кӀелахь леррина лехча, хӀумма а ца карийра Лабанна.
35
Рахьала элира шен дега: «ОьгӀаз ма гӀолахь, дада, хьуна хьалха со хьала ца гӀаттарна, зударийн лазар долуш ю со». Мел чӀогӀа лехарх Лабанна ца карийра цӀуш.
36
ОьгӀазвахана волу Якъуб Лабанна тӀевирзира: «ХӀун ду соьгара даьлларг? Хьо суна тӀаьхьавала сан хӀун бехк бу?
37
Сан долахь дерг дерриг а кегий ахь, хьайн салпалах хӀумма а карийн хьуна? Хьайна карийнарг хьан а, сан а гергарчу нахана хьалха охьадилла, цаьрга кхел йойтур ю вайшиммо.
38
Ткъа шарахь хьо волчохь Ӏийна со. Цу хенахь хьан уьстагӀий а, гезарий а оста а ца евлла, хьан жаш юкъара кой а ца диъна ас.
39
Акхароша цистина даьхни хьуна тӀе ца деана ас, зен сайна хилийтина. Ткъа ахь соьга дийнахь а, буса а лачкъийначунна тӀера мах токхуьйтура.
40
Дийнахь малхо воттуш, буьйсанна шелонна бала хьоьгуш, наб а яйна лелла со.
41
Иштта ткъа шарахь Ӏийна со хьан хӀусамехь. Дейтта шарахь хьан шина йоӀах а, ялх шарахь даьхнех а болх бина ас, ткъа ахь суна луш болу мах иттазза хийцира.
42
Нагахь санна соьца Исхьакх шех кхоьруш волу, сан деден ИбрахӀиман Дела а ца хиллехь, ахь со хӀумма а ца луш дӀавохуьйтур вара. Амма Далла гина сан халонаш а, ас хьегна къа а, сийсара буса Цо бехказваьккхина со».
43
Лабана Якъубана жоп делира: «ХӀара зударий сан йоӀарий бу, церан бераш а сан ду. Хьуна гуш долу даьхни а, бахам а сан бу. Амма хӀун дийр ду ас сайн йоӀаршна а, цара динчу берашна а?
44
Барт бан беза вайшиммо, иза вайна юкъахь тоьшалла хилла дӀахӀуттур бу».
45
Шайн хилла барт дагахь латто, схьа а эцна, цхьа тӀулг дӀахӀоттийра Якъуба.
46
Шен гергарчаьрга а элира цо: «ТӀулгаш гулде». Цара, тӀулгаш а гулдина, йоккха оьла йира. Юха цу оьланна улло хӀума яа охьахевшира уьш.
47
Лабана цу меттиган цӀе ЕгӀар-СахӀадута тиллира, ткъа Якъуба цунах ГалӀад элира.
48
Лабана элира: «ХӀара тӀулгийн оьла тахана вайшинна юкъахь болчу бертан теш ю». Цундела аьлла цунах ГалӀад (иза «тоьшаллин оьла» бохург ду).
49
«Вай барт бинчул тӀаьхьа дӀасадевлча, Везачу Эло терго йойла вайна тӀехь», — элира Лабана. Иштта цу меттигах МицӀпа аьлла, цӀе тиллира цо (иза «терго» бохург ду).
50
«Нагахь санна хьо сан йоӀаршца вон хилахь я ахь царна тӀе зударий балабахь, вайна юкъахь цхьа а вацахь а, хаалахь: Дела Теш ву хьуна а, суна а юкъахь».
51
Кхин а элира Лабана Якъубе: «ХӀара тӀулгийн оьла а, хӀара боккха тӀулг а бу ас вайшинна юкъахь хӀоттийна.
52
И тӀулгийн оьла а, и боккха тӀулг а тоьшалла ду со оцу тӀулгел дехьа — хьан агӀор вериг ца хилар хьуна зен дан. Хьо а вер вац цу тӀулгел сехьа суна зен дан.
53
ИбрахӀиман а, Нахьиран а, церан ден а Дала кхел йойла вайна». Шен дас Исхьакха ма-аллара, Кхерамечу Делах чӀагӀо йира Якъуба.
54
Цу лам тӀехь сагӀа а даьккхина, массо а гергара стаг хӀума яа кхайкхира цо. Кхачанах а кхетта, цигахь буьйса яьккхира цара.
55
Ӏуьйранна хьалххе йоӀарийн берашна а, йоӀаршна а барташ а даьхна, уьш декъал а бина, цӀа вахара Лабан.
← Chapter 30
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 32 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50