bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 43
Genesis 43
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 42
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 44 →
1
Луьра мацалла яра цу махкахь.
2
Мисарара деана дерриг а кӀа шаьш диъча, дас кӀенташка элира: «Даха а гӀой, кхин а ялта эца вайна».
3
Амма ЯхӀуда элира цуьнга: «Цу стага тхоьга буьрса схьахьедина: „Шуна сан юьхь гур яц, нагахь шуьца схьавеана шун ваша ца хилахь“.
4
Нагахь ахь тхоьца ваша ваийтахь, оха, дахана, хьуна юург оьцур ю.
5
Амма ахь иза ца ваийтахь, тхо гӀур дац, хӀунда аьлча цу стага аьлла тхоьга: „Шуна сан юьхь гур яц, шуьца шун ваша ца хилахь“».
6
«И бала хӀунда беана аш суна тӀе, шайн кхин цхьа ваша ву а аьлла?» — хаьттира Исраила.
7
Цара жоп делира: «Цу стага тхох а, вайн доьзалх а лаьцна дерриг а хоьттура тхоьга: „Шун да хӀинца а дийна вуй? Кхин цхьа ваша вуй шун?“ Оха цуьнан хаттаршна жоп лора. Хьанна хаьара, цо эр дуй: „Схьавалаве кхуза шайн ваша“, — аьлла?»
8
ЯхӀуда элира шен дега Исраиле: «Ахь кӀант соьца ваийтича, тхо оцу сохьта дӀагӀур дара, тхо а, вайн бераш а лечуьра кӀелхьардаха.
9
Ас жоп лур ду Бен-Яманах, соьгара хоттур ахь цунах дерг. Нагахь санна ас, схьа а валийна, кӀант хьоьга дӀа ца лахь, хьуна хьалха со хир ву бехке велла дӀаваллалц.
10
Вай сихо йина хиллехьара, тхо, шозза дӀа а дахана, юхадаьхкина хир дара».
11
ТӀаккха церан дас Исраила элира: «Нагахь гӀуллакх иштта делахь, хӀокху вайн лаьтто луш долу тоьлла сурсаташ оцу стагана дӀахьо: дарбане хьакхар а, моз а, хаза хьожа йогӀу бецаш а, деза даьтта а, тайп-тайпана бӀараш а. Царах шайн некъан мохь кечбе.
12
ХӀинца доьлхуш шозза сов дато ахча хьо, хьалха шаьш цӀа деанарг а юха дӀахьо: иза цхьана гӀалатца галдаьлла хила мега.
13
Шайн ваша схьа а эций, сихонца цу стагана тӀегӀо.
14
Нуьцкъалчу Дала гӀо дойла шуна, мехкан куьйгалхочунна хьалха шу хӀиттича, шун вукху вешина а, Бен-Яманна а шуьца цӀа ван пурба лойла Цо. Нагахь санна берех вала суна доьгӀнехь, царах волийла со».
15
СовгӀаташ а, хьалхачул шозза сов дети а, Бен-Яман а схьа а эцна, сиха Мисар-махка дӀабахара вежарий. Уьш, дӀа а кхаьчна, Юсупна хьалха хӀиттира.
16
Цаьрца веана Бен-Яман гича, Юсупа шен цӀийнан куьйгалхочуьнга элира: «ХӀара нах сан цӀа дӀа а бигий, бежана а дей, яа хӀума кечъе. Делкъахенахь соьца хӀума юур ю кхара».
17
Цу стага шена тӀедиллинарг кхочуш а дина, уьш Юсупан цӀа бигира.
18
Вежарий кхерабелира, шаьш цуьнан цӀийне балийча. Царна дагадеара: «Дуьххьара даьхкича, вайн галеш чу дети кхачар бахьана долуш далийна вай кхуза. ТӀелетта, вай эша а дина, вайх леш а бина, вайн варраш дӀаяха гӀерта и стаг».
19
ТӀе а бахана, Юсупан цӀийнан куьйгалхочуьнга элира цара хӀусаман неӀарехь:
20
«ЛадогӀахь, эла! Тхо цкъа даьхкинера кхуза ялта эца.
21
Амма буьйса яккха севцначохь, оха галеш схьадаьстича, тхешан дато ахча ма-дарра карийра тхуна. Цундела хӀинца оха иза юхадеана.
22
Кхин а деана оха ялта эца дети. Тхуна ца хаьа тхешан галеш чу ахча хьан диллина».
23
Ялхочо жоп делира: «Шу кхера оьшуш хӀумма а дац. Шун а, шун ден а Дала делла шуна галеш чохь карийна ахча, ткъа ас шуьгара дато ахча хьалха шу даьхкича схьаийцира». Цул тӀаьхьа цо уьш болчу ШимӀа схьавалийра.
24
ЦӀийнан куьйгалхочо вежарий Юсупан цӀа чу бигира. Царна когаш била хи а, церан варрашна хӀоъ а белира цо.
25
Юсуп схьавале вежарша совгӀаташ кечдира, хӀунда аьлча цаьрга аьллера, цигахь хӀума юур ю аьлла.
26
Юсуп цӀа веача, совгӀаташ дӀа а делла, лаьтта кхаччалц цунна хьалха охьатаьӀира уьш.
27
Цаьрга маршалла а хаьттина, Юсупа элира: «Аш хьалха соьга вийцина шун къена да муха ву? Дийна вуй иза?»
28
Цара жоп делира: «Хьан ялхо, тхан да, дийна а, могуш а ву». Юсупе болчу ларамна лохха охьатаьӀира уьш.
29
ДӀасахьаьжначу цунна шен нанас вина ваша Бен-Яман гира. Цо хаьттира: «ХӀара аш вийцина, шун жимаха волу ваша вуй? Делан дика болх хуьлда хьуна, сан кӀант».
30
Шен веше йолу марзо лачкъорхьама, сихха ара а ваьлла, цхьа а воцучу меттехь вилхира иза.
31
Юха шен юьхь а йилина, схьавеана, собаре а хилла, цо элира: «Яа хӀума схьая!»
32
Цунна къастийна елира яа хӀума, вежаршна а, мисархошна а къастийна елира, хӀунда аьлча мисархошна хьарам хетара Ӏебархошца хӀума яар.
33
Вежарий Юсупна дуьхьал ховшийнера, вокх-воккханиг хьалха а хаош. Уьш, цец а бевлла, хьоьжура вовшашка.
34
Юсупан стоьла тӀера яа хӀума елира царна, Бен-Яманна луш ерг вукхарна лучул пхоьазза сов яра. Юсупца самукъадаллалц молуш Ӏийра уьш.
← Chapter 42
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 44 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50