bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 14
Genesis 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 15 →
1
Амрапал ШанӀар-мехкан паччахь вара, Арихан Эласар-мехкан паччахь вара, Кедирал-Ӏумар Ӏейлам-мехкан паччахь вара, ткъа Тида-Ӏела Гойим цӀе йолчу къоман паччахь вара.
2
И массо а паччахьаш тӀамца дуьхьалбахара Седам-гӀалин паччахьна БераӀна а, Ӏамор-гӀалин паччахьна БиршаӀна а, Удам-гӀалин паччахьна Шани-Абуна а, ЦӀабайма-гӀалин паччахьна Шима-Ибарина а, БулаӀ-гӀалин (хӀинца ЦӀоӀар-гӀала цӀе йолчу) паччахьна а.
3
Кхара шайн эскарш цхьаьнатуьйхира Сидим цӀе йолчу тогӀи чохь, хӀинца Дуьра хӀорд лаьттачохь.
4
Шийтта шарахь Кедирал-Ӏумар цӀе йолчу паччахьан куьйга кӀелахь бара уьш, кхойтталгӀачу шарахь цунна дуьхьал гӀевттира и паччахьаш.
5
ДейтталгӀачу шарахь Кедирал-Ӏумар а, цуьнца болу паччахьаш а тӀамца царна дуьхьал а бевлла, Ӏаштерот-Кхарнаимехь репаш цӀе йолу къам а, Хьамехь зузамхой а, Шаве-Кхиръятимехь эймимахой а,
6
СеӀир-лаьмнашкахь Ӏаш болу хьорихой а, яьссачу аренца доза долчу Эл-Парана тӀекхаччалц долу къаьмнаш эшийра.
7
Цул тӀаьхьа Кедирал-Ӏумара, къилбаседехьа юха а вирзина, Ӏейн-Мишпате (хӀинца Кхадеш олучу метте) а веана, Ӏамалекхахой олучу къомана тӀехь толам баьккхира, цул сов, Хьаццон-Тамарехь Ӏаш болу эмархой эшийра.
8
Седаман а, Ӏаморан а, Удаман а, ЦӀабаймин а, (хӀинца шех ЦӀоӀар олучу) БулаӀан а паччахьаш цхьаьна а кхетта, шайн мостагӀашца тӀом бан Сидим олучу тогӀи чу биссира.
9
Уьш тӀом беш бара Ӏейламарчу паччахьца Кедирал-Ӏумарца а, гойимхойн паччахьца Тида-Ӏелица а, ШанӀар-махкарчу паччахьца Амрапалаца а, Эласар-махкарчу паччахьца Ариханца а. Виъ пхеанна дуьхьал.
10
Сидим-тогӀи чохь дуккха а оьрнаш дара шайна чохь силам долуш. Седамера а, Ӏаморера а паччахьаш бевдча, дуккха а тӀемалой цу оьрнаш чу ийгира, вуьш лаьмнашкахь къайлабевлира.
11
ТӀаккха Седамера а, Ӏаморера а бахархойн долахь дерг а, тӀаьхьалонна дӀадиллинарг а — дерриг а, схьа а эцна, дӀабахара мостагӀий.
12
Ибраман вешин кӀант ЛутӀа Седамехь Ӏаш вара. Иза йийсаре вигира, цуьнан берриг а бахам мостагӀаша дӀабаьхьира.
13
КӀелхьарваьллачу цхьаммо вахана Ӏебаран тӀаьхьенах волчу Ибраме дийцира хиллачух лаьцна. Цу хенахь Ибрам Мамарин долахь долу ножан деза дитташ долчохь Ӏаш вара. Эмархо волчу Мамарис а, цуьнан вежарша Ашкула а, Ӏанурис а барт бинера шайна юкъахь а, Ибрамца а, вовшийн гӀо дийр ду аьлла.
14
ЛутӀа дӀалаьцна ву аьлла хезча, шен хӀусамехь кхиъна волу кхо бӀе берхӀитта ялхо герзашца кеч а вина, Дан-гӀали тӀекхаччалц мостагӀа эккхийна вахара Ибрам.
15
Бекъа а белла, цу буссехь мостагӀашна тӀе а летта, уьш лаьхкина Дамасакх-гӀалина къилбаседехьа йолчу, Хьоба цӀе йолчу метте кхаччалц дӀабигира цара.
16
МостагӀаша дӀабаьккхина хилла болу бахам а, зударий а, ялхой а, шен бахамца цхьаьна ЛутӀа а — дерриг а юхадерзийра Ибрама.
17
Кедирал-Ӏумар а, цуьнца болу паччахьаш а эшийна, цӀа вирзира Ибрам. Шех хӀинца Паччахьан тогӀи олучу, Шаву цӀе йолчу тогӀи чохь цунна дуьхьалвеара Седаман паччахь.
18
Веза Воккхачу Делан динан да волу Шалейм-гӀалин паччахь Малки-ЦӀадакъа велира, бепиг а, чагӀар а эцна, Ибрамна дуьхьал.
19
Ибрам декъал а веш, цо элира: «Ибрам! Стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Дала декъалвойла хьо.
20
Хьан мостагӀий эшо хьуна гӀо динчу Веза Воккхачу Далла хастам бер вай». ТӀамехь даьккхинчух уьтталгӀа дакъа Малки-ЦӀадакъина дӀаделира Ибрама.
21
ТӀаккха Седаман паччахьо элира Ибраме: «Даьккхина хьал хьайна а дитий, мостагӀчо дӀалаьцна хилла болу сан нах схьалохьа».
22
Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дӀакховдийначу куьйгаца чӀагӀо йо ас,
23
хьан долахь долчух цхьа хӀума, ур-атталла тай я мачин бахтар а схьаоьцур дац аьлла. Суна ца лаьа хьоьга алийта: „Аса Ибрам ваха хаийна“.
24
Ас схьаоьцун берг сан кегийрхоша биина кхача бу, амма соьца хиллачу нахана догӀу дакъа дӀадала деза ахьа. Ӏанурина а, Мамарина а, Ашкуланна а догӀург дӀало».
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50