bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 38
Genesis 38
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 37
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 39 →
1
Цу хенахь шен вежарий болчуьра дӀа а вахана, Ӏадулам олучу меттера волу Хьира цӀе йолу стаг волчохь Ӏаш вара ЯхӀуд.
2
Цигахь ЯхӀудана ШуӀа цӀе йолчу канаӀанхочун йоӀ евзира. Яла а йина, цунах кхийтира иза.
3
Зудчо кӀант вича, цуьнан цӀе Ӏаьр тиллира.
4
Юха а доьзалхочух а хилла, кӀант вира ЯхӀудан зудчо. КӀентан цӀе Онан тиллира цо.
5
Кезаб олучу меттехь шена кхин цхьа кӀант а вича, цуьнан цӀе Шейла тиллира цо.
6
Шен дуьххьарлерачу кӀантана Ӏаьрана Тамара цӀе йолуш зуда ялийра ЯхӀуда.
7
Амма Шена хьалха Ӏаьр къиношца Ӏарна, Везачу Эло са ийцира цуьнан.
8
ТӀаккха ЯхӀуда элира Онане: «Хьайн вешех йисинчуьнца дӀа а вижна, марвешин декхар кхочушдан деза ахь вешин тӀаьхье хилийта».
9
Амма Онанна хаьара оцу тӀаьхьенан да ша хир воций, цундела хӀоразза а вешин зудчуьнца дӀавижча, бер ца хуьлу агӀо лелайора цо.
10
Везачу Элана хьалха къилахь дара Онана лелош дерг, цундела Цо цуьнан а са дӀаийцира.
11
ТӀаккха оцу шинна хилларг жимаха волчу кӀантана Шейлана хиларна кхоьруш, ЯхӀуда элира шен несе Тамаре: «Сан кӀант Шейла воккха хиллалц, хьайн да волчу дӀа а гӀой, йисина Ӏаш йолу зуда Ӏа ма-еззара Ӏе». Тамара шен ден цӀа дӀаяхара.
12
Дикка хан яьлча, ЯхӀудан зуда, ШуӀин йоӀ, елира. Шен са тийначул тӀаьхьа ЯхӀуд шен уьстагӀий лоргуш болу нах болчу Тамне вахара. Ӏадулам-гӀалара цуьнан доттагӀа Хьира а вахара цуьнца.
13
Тамаре элира: «Хьан марда Тамне уьстагӀий ларга воьдуш ву».
14
Йисина Ӏачу зудчун духар дӀа а даьккхина, юьхь къайлайоккхуш тӀе хӀума а кхоьллина, Тамне боьдучу новкъахь йолчу Ӏенаим-гӀалех чувулучу меттехь охьахиира иза. Цунна гора, Шейла воккха хиллехь а, ша цуьнга маре дӀа ца ялар.
15
Тамара шена гича, цуьнан юьхь дӀакъевлина хиларна цунах нахаца лела зуда таръелира ЯхӀудана.
16
Зудчунна тӀе а вахана, цо элира: «Ялохьа, хьайца дӀавижийтахьа со». Цунна ца хаьара иза шен нус юйла. Зудчо хаьттира: «Ахь хӀун лур ю суна хьо сайца дӀавуьжуьйтург?»
17
ЯхӀуда жоп делира: «Ас сайн жена юкъара буьхьиг йоуьйтур ю хьуна». Зудчо юха а хаьттира: «Закъалтана хӀума лур юй ахь, буьхьиг схьаяийтталц?»
18
ЯхӀуда хаьттира: «ХӀун закъалт ло хьуна?» Зудчо жоп делира: «Хьан мухӀар а, цу тӀера тӀийриг а, хьан карара Ӏаса а оьшу суна». Цо йоьхург дӀа а елла, цуьнца дӀавижира ЯхӀуд. Тамара доьзалхочух хилира цунах.
19
Цигара дӀа а яхана, ша тӀеоьхкина хӀуманаш дӀа а яьхна, йисина Ӏачу зудчун духар тӀедуьйхира цо.
20
Цу хенахь ЯхӀуда шен доттагӀа Ӏадуламхо Хьира вахийтира, буьхьиг а эцна, ша закъалтана елла хӀуманаш цу зудчуьнгара схьаэца. Амма доттагӀчунна и зуда ца карийра.
21
Цо хаьттира цигарчу нахе: «Ӏенаим уллохула болучу некъан йистехь Ӏийна, цӀуйн дуьхьа нахаца лелаш йолу еза зуда мичахь ю?» — аьлла. Цара жоп делира: «Кхузахь-м ца хилла цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда».
22
ЯхӀуд волчу юха а веана, Хьирас элира: «Суна иза ца карий, цигарчу наха: „Кхузахь-м яц цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда“, — боху».
23
ЯхӀуда элира: «Делахь шегахь йисинарг шена юьтур цо, вайх нах белийта ца лаьа суна. Ас цунна буьхьиг яхьийтира, амма хьуна и зуда ца карийна».
24
Кхо бутт баьлча, ЯхӀуде элира: «Нахаца а лелла, доьзалхочух хилла хьан нус Тамара!» ЯхӀуда элира: «Ара а яккхий, ягае иза!»
25
Амма ша дӀаюьгучу хенахь мардена тӀе стаг вахийтира Тамарас: «ХӀара хӀуманаш йолчу стагах доьзалхочух ю со. ДӀахьажал, хьенан ду хаьий хьуна хӀара мухӀар а, тӀийриг а, Ӏаса а», — аьлла.
26
ЯхӀудана евзира и хӀуманаш, цо элира: «Сан болчул а бехк бац цуьнан, хӀунда аьлча ас сайн кӀанте Шейле иза дӀа ца елира». Кхин цуьнца дӀа ца вижира ЯхӀуд.
27
Доьзалхо хуьлу хан тӀекхаьчча, Тамарин кийрахь шала бераш дуйла хиира.
28
Бер хуьлучу хенахь хьалхарчу доьзалхочун куьг гучудаьлча, бер схьаоьцучу зудчо, цуьнан куьйгах цӀен тай а дихкина, элира: «ХӀара хьалхара ву».
29
Амма кӀанта куьг юха а даьккхина, хьалха цуьнан ваша велира дуьнен чу. Бер схьаоьцучу зудчо элира: «Хьо муха чекхвели, Парас?!» Цу кӀентан цӀе Парас тиллира (иза «чекхвалар» бохург ду).
30
Юха куьйга тӀехь цӀен тай дерг а велира гучу. Цуьнан цӀе Зерахь тиллира (иза «сатасар» бохучух тера ду).
← Chapter 37
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 39 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50