bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 45
Genesis 45
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 44
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 46 →
1
ТӀаккха Юсупа, ялхой болчохь кхин са а ца тохаделла, мохь туьйхира: «ДӀадовла суна гучуьра!» Царах цхьа а чохь вацара, Юсупа ша вежаршна вовзийтича.
2
Иза чӀогӀа вилхира, мисархошна а, пирӀунан цӀенна а хезара цуьнан белхар.
3
Юсупа элира шен вежаршка: «Со Юсуп ву! Дийна вуй сан да?» Амма инзарбевлла а, кхерабелла а болчу вежаршка дуьхьал жоп ца далалора.
4
ТӀаккха Юсупа элира: «Суна тӀедуьйлийша». Уьш тӀебаьхкича, цо элира: «Со аша Мисар-махка воьхкина шун ваша Юсуп ву!
5
Амма дохий а ма хьийза, шайна оьгӀаз а ма эха шаьш со Мисар-махка вохкарна. Адамаш кӀелхьардахархьама, шул хьалха со кхачийтира Дала кхуза.
6
Ши шо ду кху махкахь мацалла йолу, кхин пхеа шарахь а хир дац ялта дуьйш а, дерзош а.
7
Амма Дала ваийтина со шул хьалха, кху лаьтта тӀехь шун тӀаьхье хилийта а, шун дахар инзаре кӀелхьардаккха а.
8
Аша ца ваийтина со кхуза, Дала ваийтина. Цо сох пирӀунан да вина, цуьнан цӀийна тӀехь эла а, берриг а Мисар-махка тӀехь куьйгалхо а вина.
9
Сихо яй, сан дена тӀе а кхачий, ала цуьнга: „Хьан кӀанта Юсупа хабар доуьйту хьоьга: ‘Дала со Мисар-махкахь куьйгалхо вина. Со волчу схьавола, хан ца йолуьйтуш.
10
ГӀашан цӀе йолчу меттехь Ӏийр ву хьо, суна уллохь. Хьан бераш а, берийн бераш а, берриг а бахам а, дерриг а даьхни а схьадаладе.
11
ГӀашанехь хьо а, хьан доьзал а кхобур бу ас, хӀунда аьлча тӀедогӀуш мацаллин пхи шо ду. Иза ца дахь, хьо а, хьан цӀа а, хьан долахь дерг дерриг а эшамехь хир ду’“.
12
Шуна а, сан вешина Бен-Яманна а шайн бӀаьргашна гуш ду шайца къамел дийриг со хилар.
13
Сан дега со Мисар-махкахь сийлахь хилар а, шайна кхузахь мел гинарг а дийца. Иза сиха кхуза схьа а валаве».
14
Шен ваша Бен-Яман, мара а воьллина, вилхира иза, Бен-Яман а вилхира цуьнца.
15
Массо а ваша мара а вуллуш, царна барташ а дохуш, воьлхура Юсуп. Цул тӀаьхьа вежарша цуьнца къамел дира.
16
Юсупан вежарий баьхкина аьлла, хабар пирӀунна тӀекхечира. ПирӀун а, цунна уллорнаш а хазахеташ бара.
17
ПирӀуно Юсупе элира: «ДӀаала хьайн вежаршка, шайна оьшшучул даа хӀума КанаӀан-махка дӀа а хьо.
18
Шайн да а, доьзалш а кхуза схьа а балабе. Ас Мисарахь тоьлла долу латта лур ду шуна, цунах схьадаьллачух дехар ду шу, алий».
19
Кхин а элира пирӀуно: «Хьуна тӀедуьллу ас, Юсуп, хьайн вежаршка дӀаалар: „Мисар-махкара гӀудалкхаш йига шайн бераш а, зударий а схьабало, шайн да а валош, шаьш а схьадуьйла.
20
Шайн салпална са ма гатде, Мисарахь тоьлла дерг шун хир ду“».
21
Исраилан кӀенташа цо ма-бохху дира. ПирӀуно деллачу омрица Юсупа царна гӀудалкхаш а, некъана кхача а белира.
22
ХӀоранна а керла духар делира, ткъа Бен-Яманна кхо бӀе шекхал дети а, пхеа тайпана тӀеюху хӀуманаш а елира.
23
Юсупа шен дена а дахьийтира совгӀаташ: Мисар-махкара тоьлла долу хӀума тӀехь долуш итт вир а яра, кӀа а, бепиг а, некъана лерина тайп-тайпана даарш тӀехь долуш итт виркхел а яра.
24
Цул тӀаьхьа, вежарий новкъа а баьхна, уьш дӀабоьлхуш, цо элира: «Новкъахь девнаш ма дахалаш!»
25
Мисарара ара а бевлла, шайн да Якъуб волчу КанаӀан-махка баьхкира уьш.
26
Цара элира цуьнга: «Юсуп дийна ву! Юсуп берриг а Мисар-мехкан куьйгалхо ву!» Якъуб хӀун эр ду а ца хууш висира, цкъа хьалха иза ца тийшира царах.
27
Амма Юсупа даийтина хабар а хезча, цо шена яийтина гӀудалкхаш а гича, Якъубан дог хазахетта тохаделира.
28
Исраила элира: «Тоьар ду! Сан кӀант Юсуп дийна ву. Со валале и ган гӀур ву со».
← Chapter 44
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 46 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50