bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 8
Genesis 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 9 →
1
Нохьа а, Нохьица хинкеман чохь йолу ерриге акхарой а, дерриге а даьхни а Шена дагахь долу дела, лаьтта тӀе мох бахийтира Дала. ТӀаккха хиш лагӀделира.
2
Гобаьккхина долу лаьтта бухара хьаладуьйлу хиш совцийнера, стигалш дӀа а къовлаелла, догӀучуьра догӀа а сацийнера.
3
Цхьа бӀе шовзткъе итт де даьлча, лаьтта тӀера хи, тӀаьхь-тӀаьхьа шен метта а доьрзуш, лагӀлуш дара.
4
ВорхӀалгӀачу беттан вуьрхӀитталгӀачу дийнахь хинкема Арарат-лаьмнашкахь сецира.
5
Хи тӀедаларан уьтталгӀа бутт болуш хи лагӀлуш лаьтташ дара, ткъа уьтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь лаьмнийн баххьаш гучудевлира.
6
Шовзткъа де даьлча, Нохьас дӀадиллира ша дина хинкеманан кор.
7
ТӀаккха къиг арахийцира цо, иза тӀема а йолуш, юха а йогӀуш лийлира, латта хих дакъадаллалц.
8
Цул тӀаьхьа кхокха ара хийцира цо, лаьтта тӀера хиш лагӀделла даьллий-те хаархьама.
9
Амма кхокханна ца карийра шен когаш тӀебилла екъа меттиг, иза юха беара хинкеман чу, хӀунда аьлча хи хӀинца а долуш дара дерриге а лаьтта тӀехь. Нохьас шен куьг а кховдийна, кхокха схьаийцира хинкеман чу.
10
Кхин а ворхӀ дийнахь собар а дина, Нохьас юха а арахийцира кхокха кеман чуьра.
11
Суьйренца кхокха юхабирзира, шен зӀакар чохь керла зайт-диттан гӀа а дахьаш. ТӀаккха Нохьина хиира хи лаьтта тӀера дӀадаьллий.
12
Кхин а ворхӀ дийнахь хьем а бина, юха а кхокха арахийцира Нохьас, цул тӀаьхьа кхокха юха ца бирзира.
13
ТӀаккха хинкеманан неӀ дӀайиллира Нохьас. ДӀасахьаьжча, латта декъа хилар гира цунна. Иза дара хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь. Нохьин ялх бӀе цхьалгӀа шо дара цу хенахь.
14
ШолгӀачу беттан ткъе ворхӀалгӀачу дийнахь дерриге а латта дакъаделлера.
15
ТӀаккха Дала Нохье элира:
16
«Арадовла хинкеман чуьра хьо а, хьан зуда а, хьан кӀентий а, церан зударий а хьоьца.
17
Массо а дийнаташ арадаха хьайца, массо а тайпана: олхазарш а, даьхни а, ерриге а лаьттан текхаргаш а. ДӀасадовлийла уьш лаьтта тӀехула. Лаьтта тӀехь дебийла уьш, тӀаьхье а луш».
18
Нохьа а, цуьнан кӀентий а, цуьнан зуда а, кӀентийн зударий а арабевлира хинкеман чуьра.
19
Царна тӀаьххье ерриге а акхарой а, массо а боьха хӀуманаш а, дерриге олхазарш а, лаьттахула мел лела са долуш йолу хӀума а араелира цу чуьра.
20
ТӀаккха Везачу Элана лерина сагӀа доккхучу метте тӀулгаш хӀиттийра Нохьас. Шеца долчу даьхнин юкъара а, олхазаршна юкъара а тоьлла а, хьанал а дерш, цхьацца къаста а дина, Далла хьалха уьш дагийра цо.
21
И тамехь йолу хаза хьожа дӀакхечира Далла. ТӀаккха Шен дагахь Везачу Эло элира: «Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неӀалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хӀаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хӀума.
22
ХӀинца дуьйна, латта мел ду, цу тӀехь ялта дӀадер а, хьакхар а, шело а, йовхо а, аьхке а, Ӏа а, де а, буьйса а хийцадалар соцур дац».
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50