bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 18
Genesis 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 19 →
1
Веза Эла юха а ИбрахӀимна дуьхьалхӀоьттира. Мамарин долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь вехаш вара ИбрахӀим. Де дохделлачу хенахь шен четар кӀелахь, араволучу меттехь, Ӏаш вара иза.
2
Хьалахьаьжначу цунна гира гена воццуш хьалха лаьтта кхо стаг. Уьш а гина, дуьхьалведда, лохха царна хьалха охьатаьӀира ИбрахӀим.
3
«Эла! — элира ИбрахӀима, — Хьо суна реза велахь, доьху хьоьга, хьайн ялхо волчохь жимма сацахь.
4
Аса шун когаш била хи а доуьйтур ду, оцу дитта кӀел садаӀа меттиг а ю шуна.
5
Шайн догӀмашкахь гӀора хилийта сан кхачанах кхетахьара шу, юха кхидӀа а некъ бийр бара аша, шайн ялхо волчу шу даьхкина хилча». Цара элира: «Дика ду, ахь ма-бохху дийр ду оха».
6
Юха сихонца четар кӀел а вахана, Сарате элира ИбрахӀима: «Сихо яй, кхо бога тоьллачу демах бод хьакхабай, совсаза долу бепиг де».
7
ТӀаккха, цигара араиккхина, ведда шен даьхни долчу вахара иза. Уггар тоьлла долу эса а хаьржина, ялхочуьнга и дӀа а делла, цунна сихонца урс а хьакхий, жижиг кечде, элира цо.
8
Кечдина жижиг а, шура а, нехча а, схьа а еана, кхаа стагана хьалха хӀоттийра ИбрахӀима, ткъа ша царна уллохь дитта кӀелахь сецира, уьш хӀума юуш болчу юкъана.
9
Цара хаьттира ИбрахӀиме: «Хьан зуда Сарат мичахь ю?» «Кхузахь, четар кӀелахь ю иза», — элира ИбрахӀима.
10
«Со бӀаьста юхавогӀур ву, — элира царах цхьаммо, — цу хенахь хьан зудчун Саратан кӀант хир ву». Царна тӀехьа лаьттачу четарна кӀелахь йолу Сарат ладугӀуш яра церан къамеле.
11
ИбрахӀим а, Сарат а чӀогӀа хенара дара, Сарат бер хуьлучу хенара яьллера.
12
Ела а йоьлуш, ша-шега бохура цо: «Со къена ю, сан майра а ву къена. Оьший-те суна и ирс?»
13
ТӀаккха Везачу Эло элира ИбрахӀиме: «Сарата, ела а йоьлуш, хӀунда боху, шен бер хир дуй-те, ша къена ма ю?
14
Везачу Элана дан хала хӀумма а дуй? ХӀан-хӀа! Айса ма-аллара, Со бӀаьста юхавогӀур ву, цу хенахь Саратан кӀант хир ву».
15
Сарата элира: «Со йоьлуш яцара!» Ша кхераелла дела элира цо иштта. Амма Везачу Эло элира: «ХӀан-хӀа, хьо елаелира».
16
ТӀаккха божарий, хьала а гӀевттина, лакхара чухьаьвсича, Седам-гӀала гун йолчу метте бахара. Уьш новкъабаха тӀаьхьавелира ИбрахӀим.
17
Везачу Эло элира Ша-шега: «Со дан воллург Ас ИбрахӀимах лачкъор дац.
18
ИбрахӀимах доккха а, нуьцкъала а халкъ схьадер ду, дуьнен чуьра дерриг а халкъаш цуьнгахула декъал а хир ду.
19
Аса ИбрахӀим хаьржина, цуьнга весет дайтархьама шен берашка а, тӀаьхьенашка а, Везачу Элана ма-лаъара, нийсонца а, хьанал а даха аьлла. ТӀаккха Везачу Эло Ша дийр ду аьлларг дерриг а дийр ду цунна».
20
Юха Везачу Эло элира: «Седаман а, Ӏаморан а бахархошна дуьхьал аьрзнаш дукха ду, уьш къинойх буьзна бу аьлла.
21
Суна ма-хаззара гӀуллакхаш вон дуй хьожур ву Со, цига а вахана, тӀаккха хьал ма-дарра хуур ду Суна».
22
Божарий Седам-гӀала йолчухьа дӀабуьйлабелира, ткъа ИбрахӀим Везачу Элана хьалха лаьтташ вара.
23
Везачу Элана герга а веана, цо хаьттира: «Веза Эла, Хьайн лаамехь берш а, лаамехь боцучаьрца хӀаллакбан дага-м ца деана Хьуна?
24
ХӀун хаьа, цу гӀалахь шовзткъе итт Хьан лаамехь стаг вуйла? ХӀетте а и гӀала йохор ю Ахьа? Шовзткъе итт Хьан лаамехь волчу стеган дуьхьа цу гӀалех къинхетам бийр бац Ахьа?
25
Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гӀала а йохош, Хьан лаамехь верг хӀаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц — уьш массо а хӀаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?»
26
ТӀаккха Везачу Эло элира: «Нагахь Седам-гӀалахь Суна шовзткъе итт Сайн лаамехь волу стаг каравахь, церан дуьхьа Аса цу ерриг а гӀалех къинхетам бийр бу».
27
ИбрахӀима элира: «Новкъа Ӏуьллу чамхалган меха волу со Хьоьца къамел дан хӀутту, Хьалдолу Эла.
28
Масала, пхиъ тӀе а ца тоьъна, гӀалахь шовзткъе пхиъ бен Хьан лаамехь верг ца хилахь? И пхиъ тӀе ца тоьъна аьлла, ерриг а гӀала йохор ю Ахьа?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Нагахь Суна цигахь шовзткъе пхиъ Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса гӀала йохор яц».
29
Юха а хаьттира ИбрахӀима: «Ткъа Хьайна шовзткъа Хьан лаамехь волу стаг бен ца каравахь, йохор юй Ахьа и гӀала?» «Нагахь Суна шовзткъа Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса йохор яц и гӀала», — жоп делира Хьалдолчу Эло.
30
«Хьалдолу Эла, доьху Хьоьга суна оьгӀаз ца вахар, пурба лохьа Хьайга хатта: нагахь гӀалахь ткъе итт бен Хьан лаамехь стаг ца хилахь, йохор юй Ахьа иза?» — аьлла, хаьттира ИбрахӀима. «Нагахь Суна цигахь ткъе итт Сайн лаамехь стаг каравахь, Аса йохор яц иза», — жоп делира Хьалдолчу Эло.
31
ТӀаккха ИбрахӀима элира: «Волавеллачуьра кхин а хоттур дара аса, Хьалдолу Эла: нагахь гӀалахь Хьан лаамехь ткъа стаг хилахь?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Цу ткъа стеган дуьхьа а йохор яц».
32
Юха а вистхилира ИбрахӀим: «Хьалдолу Эла, оьгӀаз ма гӀахьара Хьо аса кхин цкъа а хаттарна: нагахь Хьуна итт Хьайн лаамехь волу стаг каравахь цу гӀалахь?» Хьалдолчу Эло жоп делира: «Итт стеган дуьхьа а йохор яц».
33
ИбрахӀимца долу къамел чекх а даьккхина, дӀавахара Веза Эла. ИбрахӀим а шен цӀа юхавирзира.
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50