bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 30
Genesis 30
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 31 →
1
Рахьална гора шен Якъубана дина бер ца хилар. Шен йишех Леэх хьоьгуш, цо элира Якъубе: «Со лийр ю, ахь сан бераш ца хилийтахь!»
2
Якъуба элира, Рахьална оьгӀаз а вахана: «Хьуна бераш ца деллачу Делан метта-м вац со?»
3
ТӀаккха Рахьала элира: «Сан ялхочуьнца Балхьатца дӀавижа. Нагахь санна цо суна бер дахь, сан а цуьнгахула доьзал хир бу».
4
Рахьала шен ялхо Балхьат елира Якъубана, цунах зуда яйта. Якъуб цуьнца дӀавижира.
5
Доьзалхочух а хилла, Якъубана кӀант вира Балхьата.
6
«Сан доӀанаш а хезна, Дала со бакъйина, — элира Рахьала. — Цо суна кӀант велла». Цо кӀентан цӀе Дан тиллира (иза «бакъвина» бохург ду).
7
Юха доьзалхочух хиллачу Рахьалан ялхочо Балхьата шолгӀа кӀант вира Якъубана.
8
«Дала бахьана а хӀоттийна, сайн йишица къовса а елла, толам баьккхи ас», — элира Рахьала. Цу кӀентан цӀе Наптал тиллира цо (иза «къийсам» бохург ду).
9
Шен кхин бер ца хуьлий хиинчу Леас Якъубана шен ялхо Залпаъ елира, цунах зуда яйта.
10
Леин ялхочо Залпаа Якъубана кӀант вира.
11
«Сан аьтто хилла», — элира Леас. Цо кӀентан цӀе Гада (иза «аьтто» бохург ду) тиллира.
12
Леин ялхочо Залпаа Якъубана кхин цхьа кӀант а вира.
13
Леас элира: «Со ирс долуш ю! ХӀинца массо а зударша со ирс долуш ю эр ду!» Цу кӀентан цӀе Ашар тиллира цо (иза «ирс» бохург ду).
14
КӀа хьокхучу хенахь арахула вогӀучу Раабанна дудаъ цӀе йолу орамаш карийра. Цо уьш шен нанна Леина схьадеара. Рахьала элира Леига: «Хьан кӀанта деана дудаъ-орамаш лохьа суна жимма».
15
«Ахь майра а ваьккхина соьгара, — элира Леас, — хӀинца сан кӀанта деана дудаъ-орамаш а деза хьуна?» Амма Рахьала жоп делира: «Нагахь хьайн кӀанта деана орамаш ахь суна лахь, тховссехь Якъубца дӀайижа мегар ду хьуна», — аьлла.
16
Сарахь Якъуб арара цӀа вогӀуш, Леа цунна дуьхьал елира. «Тховса хьо соьца дӀавуьжур ву, — элира цо. — Ас сайн кӀентан дудаъ-орамаш делла хьох». Цу буса Якъуб Леица дӀавижира.
17
ТӀаккха Леин доӀанаш а хезна, Дала юха а доьзалхочух хилийтира иза. Цо Якъубана пхоьалгӀа кӀант вира.
18
Леас элира: «Ас сайн майрачунна ялхо яларна Дала совгӀат дина суна». Цо кӀентан цӀе Иссархан тиллира (иза «совгӀат ду» бохург ду).
19
Юха а доьзалхочух а хилла, Якъубана ялхалгӀа кӀант вира Леас.
20
«Дала тамашийна похӀма делла суна, — бохура Леас. — ХӀинца Якъуба со, билггала, лорур ю, хӀунда аьлча ас ялх кӀант вина цунна». Цо кӀентан цӀе Забул тиллира (иза «ларам» бохучух тера ду).
21
Цул тӀаьхьа Леас йоӀ йира, цуьнан цӀе цо Дина тиллира.
22
Рахьал дагахь а йолуш, цуьнан доӀина жоп а делла, бер хилийта аьтто бира Дала.
23
Доьзалхочух а хилла, кӀант вира Рахьала. Цо бохура: «Дала хӀара эхь дӀадаьккхи суна тӀера».
24
Цо кӀентан цӀе Юсуп тиллира (иза «алсамдалийта» бохург ду). «Везачу Эло кхин а лойла суна кӀант», — бохура цо.
25
Юсуп винчул тӀаьхьа Якъуба элира Лабане: «ДӀавахийтахь со, сайн махка гӀур вара со.
26
Ас хьуна болх бина болу сан зударий а, бераш а схьалохьа, тӀаккха со дӀагӀур ву. Хьуна ма-хаъара, ас хьуна гӀуллакх дика дина».
27
«Нагахь хьо суна резавелахь, ма гӀохьа дӀа, кхузахь Ӏехьа, — жоп делира цунна Лабана. — Пал тесча, суна хиина, хьо бахьана долуш со Везачу Эло декъалвина хилар.
28
Алахьа соьга хьайн мах, ас дӀалур бу хьуна».
29
Якъуба элира: «Хьуна хаьа, ас хьуна болх дика бина: ас Ӏалашдар бахьана долуш хьан даьхни дика хилла.
30
Со хьо волчу веанчу хенахь хьан хьал дукха дацара, ткъа хӀинца хьан иза дуккха а ду. Со варца Везачу Эло декъалвина хьо. ХӀинца сайна оьшург дан лаьа суна. Цкъа мацца дина а сайн цӀийнан гӀуллакх ца дича волий со?»
31
«ХӀун ло ас хьуна?» — хаьттира Лабана. Амма Якъуба элира: «Суна хӀумма а дала ца оьшу. Ас бохург дан лаахь, соьга кхидӀа а хьайн уьстагӀий дажадайта.
32
Пурба ло суна, тахана хьайн жашкахула чекх а ваьлла, дерриг а махарчий йолу а, къорза а уьстагӀий схьаэца, ткъа иштта массо а Ӏаьржа Ӏахар а, махарчий йолу а, къорза а гезарий схьаэца а. Иза суна белла мах хир бу.
33
ТӀейогӀучу хенахь хьуна атта хир ду со зен: сан жашка хьажа веача, махарчий йоцу я томмагӀаш доцу бож хилахь я Ӏаьржа боцу Ӏахар хилахь, хьуна хуур ду, ас иза хьайн лачкъинийла».
34
Лабана жоп делира: «Со реза ву, ахьа ма-бохху дийр ду вай».
35
Амма оццу дийнахь Лабана массо а къорза а, махарчий йолу а гезарий а, Ӏаьржа Ӏахарий а дӀа а лачкъийна, шен кӀенташка уьш ларде элира.
36
Кхаа дийнахь новкъа дӀа а бахана, къорза даьхни кхечу метте дӀалаьллира кӀенташа. Ткъа Якъуб важа даьхни дажош висира.
37
ТӀаккха Якъуба, толлан а, бӀаран а, хьехан а дитташ тӀера гаьннаш а даьхна, цхьацца йолчу меттера царна тӀера чкъор дӀадаьккхира. Гаьннаш тӀехь кӀайн махарчий йисира.
38
Цо и гаьннаш бежанаша хи молучу массо а меттехь охьадохкура. Хи мала деана даьхни циггахь вовшахкхетара.
39
Цу гаьннаш хьалха бежалошца цхьаьнакхеттачу гезарша махарчий йолу а, къорза а, томмагӀаш долу а дохкана лора.
40
И дохкана юьстах а даьккхина, цо важа долу даьхни цхьаьнакхетачу хенахь Лабанан къорза а, Ӏаьржа а даьхни долчу дӀадерзадора. Иштта цуьнан хилира шен даьхни. Лабанан даьхнех дӀа а къастийна, уьш юьстахо латтадора Якъуба.
41
ХӀоразза а жена юкъахь онда даьхни оре деача, цунна хьалха хи молучу нойш чу гаьннаш дохкура Якъуба. Цу гаьннаш хьалха вовшахъэр хуьлура даьхнин.
42
Ткъа даьхни гӀийла хилча, цунна хьалха гаьннаш ца дохкура цо. ГӀийла дохкана Лабанна дуьсура, ткъа онданиг Якъубана хуьлура.
43
ЧӀогӀа хьалдолуш хилира Якъуб, цуьнан даккхий жаш а, дуккха а гӀарбашаш а, ялхой а, эмкалш а, варраш а яра.
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 31 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50