bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Genesis 24
Genesis 24
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 25 →
1
ИбрахӀим къанвеллера, дуккха а шераш дара цуьнан. Везачу Эло къобалвора иза массо а цуьнан гӀуллакхаш тӀехь.
2
ИбрахӀиман долахь долчунна тӀехь Ӏуналла деш цхьа тешаме ялхо вара. Иза схьа а кхайкхина, ИбрахӀима элира: «Сан кога кӀел куьг а диллий,
3
стигалан а, Лаьттан а Дела волчу Везачу Элана хьалха суна чӀагӀо е, КанаӀан-махкара цхьа а йоӀ сан кӀанте ялайойтур яц алий. Вай кху халкъана юкъахь Ӏаш ду, амма канаӀанхо ма ялаяйталахь цуьнга.
4
Сан махка, сан гергарчу нахана тӀе а гӀой, цигахь Исхьакхана зуда а лахий, иза а ялош схьавола».
5
Ялхочо хаьттира цуьнга: «Оцу зудчунна соьца кху махка ян ца лаахь, хьан кӀант хьо схьаваьллачу махка дӀавига везий ас?»
6
«ХӀан-хӀа! И дан мегар дац! — элира ИбрахӀима. — Ма вига сан кӀант цига.
7
Стигаларчу Дала, Везачу Эло валийна со сайн ден цӀийнера, со винчу махкара кху лаьтта тӀе. ХӀара латта сан доьзалан хир ду аьлла, чӀагӀо йинчу Везачу Эло Шен малик дохуьйтур ду хьуна хьалха даьккхина, хьоьга сан кӀантана цигара йолу зуда харжийта.
8
Нагахь йоӀ хьуна тӀаьхьа схьаян реза ца хилахь, айхьа суна йинчу чӀагӀонах паргӀат ву хьо, амма сан кӀант цига дӀа ма вига».
9
Ялхочо, шен эла волчу ИбрахӀиман кога кӀел шен куьг а диллина, чӀагӀо йира тӀедиллинарг кхочушдан.
10
ИбрахӀиман итт эмкал схьа а эцна, дуккха а тайп-тайпана цуьнгара долу деза совгӀаташ а кечдина, Арам-НахӀарайм-махкахь йолчу Нахьир Ӏийначу гӀала вахара ялхо.
11
Суьйранна, зударий хи тӀе боьлхучу хенахь, гӀалина арахьа, шовданан йистехь эмкалш голаш тӀе охьайийшийра цо.
12
«Веза Дела, — аьлла, дийхира ялхочо, — Хьо сан элан ИбрахӀиман Дела ву, цунах къинхетам а бай, таханлерачу дийнахь цуьнан кӀантана зуда каро аьтто бехьа сан!
13
ХӀокху шовданна йистехь лаьтташ ву со. ГӀалара мехкарий богӀу кхуза хи эца.
14
Исхьакхана леринарг муьлха ю хьоьжуш, цхьана билгалоне сатуьйсуш Ӏа со. Ас эр ду йоӀе: „Хьайн кхаба охьаерзаехьа, хи мер дара ас“. Нагахь цо: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“, — алахь, суна хуур ду, иза цунна леринарг юйла а, Хьо сан элах къинхетам беш вуйла а».
15
Цуьнан къамел чекх ца даьллера, ИбрахӀиман вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а кӀентан Бетаалан йоӀ Ребикха, белш тӀе йиллина кхаба а яхьаш, шовданна тӀе еача.
16
Иза, чӀогӀа хаза а йолуш, боьрша стаг шех кхетаза йоӀстаг яра. Шовда долчу чу а йоьссина, шен кхаба хьала а юьзна, юхаеара иза.
17
Цунна тӀе а вахана, ялхочо элира: «Хьайн кхаби чуьра хи малийтахьа соьга», — аьлла.
18
Ребикхас, цу сохьта шен белша тӀера кхаба охьа а яьккхина, хи малийтира цуьнга: «Мала хьайна», — аьлла.
19
Иза хи мелла ваьлча, йоӀа элира: «Ас тоъал хьан эмкалшна а малор ду хи».
20
Шен кхаби чуьра дерриг а хи эмкалшна дӀа а доьттина, юха, едда яхана, кхин а хи а деана, массо а эмкална хи малийра цо.
21
Ялхо, вист а ца хуьлуш, хьоьжура цуьнга, шен доӀина Везачу Эло жоп а делла, ша арабаьккхина некъ кхочушхиллий хаа лууш.
22
Эмкалш хи мелла евлча, цо Ребикхина ах шекхал йолу, мерах юллу дашо чӀуг а, куьйгех буллу йозаллина итт шекхал болу дашо ши хӀоз а белира.
23
Юха цо йоӀе хаьттира: «Хьо хьенан ю? Хьан ден хӀусамехь тхуна буьйса яккха меттиг хир ярий?» — аьлла.
24
«Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоӀ ю со», — аьлла, жоп делира Ребикхас.
25
Юха тӀетуьйхира: «Хьан эмкалшна ча а ду тхоьгахь, шуна буьйса яккха меттиг а хир ю».
26
Везачу Элана хастам беш, лохха охьатаьӀира ялхо.
27
Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, сан элан ИбрахӀиман Далла, цуьнца тешаме а, дика а волу. Цо валийна со сан элан доьзалера йолчу йоӀана тӀе».
28
Сихха дӀа а яхана, Ребикхас шен цӀахь болчаьрга дийцира хиллачух лаьцна.
29
29-30 Ребикхин Лабан цӀе йолуш ваша вара. ЙоьӀан дешнаш а хезна, цуьнан карахь чӀуг а, ши хӀоз а гина, араиккхина, шовда долчу дӀахьаьдира иза. И стаг шен эмкалшна уллохь гӀу йолчохь лаьтташ вара.
30
***
31
Лабана элира: «Марша вогӀийла тхо долчу, Везачу Эло декъалвинарг! Хьо хӀунда лаьтта кхузахь, арахь? Ас хьуна чоь а, хьан эмкалшна меттиг а кечйина».
32
ИбрахӀиман ялхо цӀа чу велира. Лабана гӀо дира цунна эмкалш дӀаӀалашъеш, царна ча а, баа хӀоъ а белира. Ялхочунна а, цуьнца болчу нахана а когаш била хи а делира цо.
33
Цул тӀаьхьа Лабана царна яа хӀума елира, амма ялхочо ца йиира: «Ас юур яц айса деанарг дӀадийццалц», — аьлла. «Дийцахьа», — элира Лабана.
34
«Со ИбрахӀиман ялхо ву, — элира ялхочо. —
35
Везачу Эло массо а хӀуманна тӀехь декъалвина ву сан эла, цундела иза хьалдолу стаг а хилла дӀахӀоьттина. Везачу Эло ИбрахӀимна дуккха а жа а, бежанаш а, деши а, дети а, ялхой а, гӀарбашаш а, эмкалш а, варраш а елла.
36
Сан элан зудчо Сарата, ханна йоккха йоллушехь, кӀант вира. Шен долахь мел дерг оцу кӀантана дӀаделла сан эло.
37
Цо соьга чӀагӀо яйтира: „Сан кӀанте канаӀанхо ма ялаяйталахь. Суна ца лаьа цо канаӀанхочун йоӀ яло, вай царна юккъехь Ӏаш делахь а.
38
ЧӀагӀо е суна, сан ден махка, сан доьзална тӀе а вахана, сан кӀантана айхьа зуда хоржур ю алий“.
39
Ас элира цуьнга: „Цу зудчунна соьца схьаян ца лаа а мега“, — аьлла.
40
Амма эло соьга элира: „Со Шена хьалха лелачу Везачу Эло Шен малик доуьйтур ду хьан аьтто бан, тӀаккха сан кӀантана сан ден гергарчу нахана юкъара зуда карор ю хьуна.
41
Сан ден гергара нах болчу хьо веача, сан кӀантана зуда яла уьш реза ца хилахь, айхьа йинчу чӀагӀонах паргӀат а хир ву хьо“.
42
Тахана цу шовданна тӀе а веана, ас элира: „Веза Эла, сан элан ИбрахӀиман Дела, ас арабаьккхина некъ кхочушхилийтахьара Ахь.
43
Со, шовданна улло а хӀоьттина, лаьттар ву. Хи дан йоӀ еача, ас эр ду: ‘Соьга хьайн кхаби чуьра хи малийтахьа’, — аьлла.
44
Соьга: ‘Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи’, — аьлла, жоп делла йоӀ Везачу Эло сан элан кӀантана хаьржина зуда хилийталахь“.
45
Со доӀа дина валале шовданна тӀе хи дан еара Ребикха. Цуьнан белша тӀехь кхаба яра. Цо, шовда долчу чу а йоьссина, хи схьаийцира. Ас цуьнга хи дийхира.
46
Сиха, кхаба охьа а яьккхина, цо суна хи делира, юха элира: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“. Ас хи мелира, цо сан эмкалшна а малийра хи.
47
Ас цуьнга хаьттира: „Хьо хьенан ю?“ Цо жоп делира: „Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоӀ ю со“. ТӀаккха ас цунна мерах чӀуг а оьллира, пхьаьрсаш тӀе ши хӀоз а боьллира.
48
Юха, корта охьа а таӀийна, Везачу Элана, сайн элан ИбрахӀиман Далла, хастам бира ас. Цо нийсачу новкъа кхуза схьавалийна со, сан элан вешин кӀентан йоӀ сан элан кӀантана ялорхьама.
49
Ткъа хӀинца алийша соьга, сан элах къинхетам а бина, цуьнца нийсо а лелийна, шайн йоӀ схьаяла реза хир дуй шу? Алийша, суна дан дезарг хаийтархьама».
50
ТӀаккха Лабана а, Бетаала а элира: «Тхуна го и гӀуллакх Везачу Элера хилар, цундела оха хӀун эр ду цунна дуьхьал?
51
ХӀара Ребикха ю хьуна, иза, схьа а эций, дӀайига. Хьан элан кӀанте маре гӀор иза, Везачу Элана лууш ма-хиллара».
52
И дешнаш хезча, ИбрахӀиман ялхо лаьтта охьакхаччалц Везачу Элана охьатаьӀира.
53
Цо Ребикхина ша деана совгӀаташ: хаза духарш, дашо а, дато а хӀуманаш дӀаелира. Иштта цуьнан нанна а, вешина а совгӀаташ делира.
54
Цул тӀаьхьа ялхо а, цуьнца болу нах а дууш а, молуш а Ӏийна, цигахь буьйса йоккхуш севцира. ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀевттина, цара элира: «ХӀинца тхайн эла волчу дӀадаха деза тхо».
55
Ребикхин нанас а, вашас а элира: «Ребикха иттех дийнахь тхоьца йита, тӀаккха дӀагӀор шу».
56
Амма ялхочо элира: «Со сеца ма вейша. Везачу Элана сан некъ кхочушхила лиъна, сайн эла волчу дӀавахийтийша со».
57
Цара элира: «Ребикхе схьа а кхайкхина, цунна хӀун лаьа хоттур вай».
58
Ребикхе, схьа а кхайкхина, хаьттира цара: «Хьуна хӀокху стагаца хӀинцца дӀаяха лаьий?» «ХӀаъ, лаьа», — аьлла, жоп делира цо.
59
Цара ИбрахӀиман ялхочуьнца а, цуьнан нахаца а дӀаяха пурба делира шайн йишина Ребикхина. Цуьнца цхьаьна иза кхаьбна йолу ялхо а яхара.
60
Ребикха дӀайоьдуш цуьнга элира: «Тхан йиша, эзарнаш а, эзарнаш а адамаш схьадовлийла хьох, хьан тӀаьхьенаша шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохийла!»
61
Ребикха а, цуьнан ялхой а, эмкалш тӀе а хевшина, ИбрахӀиман ялхочунна тӀаьхьа дӀабахара. Ребикха схьа а эцна, юханехьа новкъавелира ялхо.
62
Цу хенахь Беар-лахьай-рои цӀе йолчу меттера дӀа а вахана, НегӀабехь Ӏаш вара Исхьакх.
63
Цкъа сарахь, ойла а еш, волавала аравелира Исхьакх. Корта хьалаайича, цунна геннахь йогӀу эмкалш гира.
64
ДӀахьаьжча, Исхьакх а гина, эмкал тӀера чуиккхира Ребикха.
65
Цо ялхочуьнга хаьттира: «Аренгахула вайна дуьхьалвогӀу жима стаг мила ву?» «Иза сан элан кӀант ву», — жоп делира ялхочо. Ребикхас, шен кортали схьа а эцна, юьхь къайлаяьккхира.
66
Ялхочо дерриге а ша диначух лаьцна Исхьакхана дийцира.
67
Исхьакха шен ненан четар кӀел дӀайигира Ребикха. Цунах Исхьакхан зуда хилира. Исхьакхана иза чӀогӀа езаелира, шен еллачу ненах болу сингаттам а байбелира цунна.
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 25 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50